ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

please wait

No media source currently available

0:00 0:03:01 0:00
Линкана тIе

Кху тIаьхьарчу 10 шарахь ца хиллачу кепара лахара хилла Оьрсийчохь дIадаханчу шарахь бераш дуьненчу довлар. 2016-чу шарца дуьстича, Росстато далочу терахьашца, 2017-чу шеран Дечкен-баттахь дуьйна ГIура-батте кхаччалц лаьрча, бераш дар лахделла махкахь 10,9%.

Стохка Оьрсийчохь дина 1 миллион 700 эзар сов бер. И терахь 203 эзарна лахара ду 2016-чу шарахь хиллачул. Бераш дар лахдалар гуш ду Оьрсийчоьнан Федерацин ерриг а регионашкахь, цхьа Нохчийчоь йоцучехь, хаам бо РБК агенталло. Цигахь бераш дуьненчу довларан терахь 2016-чу шарахь хилларг ду ала мегар ду. (2007-чу шарахь - 29 890. 2016-чу шарахь - 29 893).

Официалан статистикица а догIуш, карарчу хенахь Оьрсийчохь вехаш ву нохчий мотт хууш волу 1 354 705 вахархо. Царах 1 миллион 322 эзар 159 стаг нохчо ву. Нохчийн мотт хуучу кхечу къомах болчу нахана юкъахь уггаре дукха бу оьрсий – 5 143. ШолгIачу меттехь бу гIуьнкий – 3 664, кхоалгIачу меттехь гIалгIай бу – 3 410, царна жимма тIаьхьабусуш бу суьйлий – 3 316.

ХIиришна юкъахь, масала, нохчий мотт буьйцуш ву 109 стаг. Нохчийн мотт хаьа бIаьннашна ногIашна а, гIезалошна а, лакхошна а, даьргIахошна а. Иттаннаш гуьржий а, лезгой а, гIебартлой а, украинахой а, казахаш а, азербайджанхой а бу нохчийн мотт хууш.

Нохчийн мотт буьйцу коми къомах волчу 7 стага а, 6 якуто а, 5 удмурто а, шина корелхочо а, ткъа ишшта цхаьана бурято а.

Ткъа хIун бахьана ду Оьрсийчохь цхьа нохчийн къам бен стохка дебна ца хиларан? Цу хаттарна иштта жоп делла республикан къоман политикехула а, арахьарчу уьйрашкахула а, зорбанан а, хаамийн а министро Умаров Джамбулата НСН олучу хаамийн агенталлана: "Бераш даран бахьана ду регионан бахархой, социум кхана догIучу денах тешаш хилар". Iедалхочо дийцарехь, "нохчий тешаш бу шайн лидерах Кадыров Рамзанах а, цуьнан тобанах а, Нохчийн республикан кханенах а".

Нохчийчуьрчу бахархойн терахь дукха хенахь дуьйна шеконца хьехош ду социалогаша а, цуьнца бала болчу Оьрсийчуьрчу бахархоша а. 2002-чу шарахь Оьрсийчохь хиллачу ларарехь Нохчийчоьно гайтина терахь демографин Iаламат-м дац-те бохуш, хеттара цигара хьал дика девзачу "Мемориал" баъонашларъярхойн центро. РБК агенталло дийцарехь, 2008 - 2015-чу шерашкахь махкахваьлла 150 эзар гергга нохчо.

Ткъа Нохчийчохь шолгIа тIом болабаларца Нохчийчуьра арабевллачу нахан терахь дара 200 эзар гергга, яздо "Кавказ.Реалиино". Царах дукхахберш (90% гергга) бахахевшина Европерчу пачхьалкхашкахь.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

Нохчийн мотт безийтархьама, ларийтархьама Iедало шен ницкъ кхочург дой?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG