ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Валлалц набахте чохь хан яккха кхел йина нохчо тоьлла Евро кхелехь


Нохчийчоь -- Оьрсийчоьнан полици
Нохчийчоь -- Оьрсийчоьнан полици

Адамийн бакъонашкахула евро кхело даредина Нохчийчоьнан вахархочунна Мукаев Арсан бакъонаш талхийна хилар. Евро кхело Оьрсийчоьнна тIедожийна, шайн Iуналлехь волчу хенахь низамхоша цунна гIелойина хиларна, 50 эзар евро Арсанна далар.

2007-чу шарахь Оьрсийчоьнан кхело Мукаев бехке лернера нах байарна а, герза лелочу тобанан декъехь хиларна а, талорш дарна а, низамхой байа гIорторна а, бакъо йоцуш герз дохкарна а. Цул сов, иза бехке вора 2001-чу шарахь гIалан прокуроран гIовс Соьлжа-ГIаларчу “Титаник” кафе чохь верна.

Казахстанехь лечкъаш хилла Мукаев Оьрсийчоьне дIавелира 2006-чу шарахь. Мукаева билгалдаьккхира, ша 13 cтаг вийна аьлла бехк тIеийцира шена низамхоша гIелояр бахьанехь. Цо дийцарехь, цуна йиттина ца Iаш, Соьлжа-ГIаларчу полицин цIентIехь гIело а йора тоькца а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG