ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Доьхна те, дицдина те, дитина те?..


Нохчийчоь – Сталинан Iедало махкахбаьхначу нохчашна хьажийна хилла мемориал, Соьлж-ГIала, 29Стиг2008
Нохчийчоь – Сталинан Iедало махкахбаьхначу нохчашна хьажийна хилла мемориал, Соьлж-ГIала, 29Стиг2008

ХIун бахьанаш ду ца хаа, амма Нохчийчохь сталинан Iедалера Iазап лайначеран дагалецаман де, билгалдоккхуш доцу дикка хан ю. Стохка а, я лурчах а, я хьалхарчу шерашкахь а иза терго а ца еш дIадахийтира. Тахана, цхьадолчу лараршца, 150 эзар сов стаг ву махкахь, репрессеш лайначарах дийна висина. Церан терахь хIора шарахь лахлуш ду.

Оцу нехан дагалецамаш цхьана низамийн бухе а дуьллуш, шуьйра бина болх бац. Наггахь цхьацца юккъаралхой бовлу, шаьш шайн лаамца, оцу гIуллакхан саготта болун дела, и бакхий нах дIаязбеш. Амма цара беш болу и болх а, айми чуьра цхьа тIадам санна бен бац

Царах цхьаъ ву «Казахстанера бераш» цIе йолчу юкъараллан куьйгалхо Айсханов Аслан. Цо, шена ца го боху, репрессеш йинчу нахан, Iедал дуьхьал дар а, я церан гIуллакхе иза хьажар а.

Айсханов Аслан: «Политикан репресси олуш долу дош-бехк-гуьнах а доцуш, цхьа а тайпа, бехк хилар къастийна а доцуш, нах хIаллак бар ду. Тахана а, цхьана а куьйгалхочо а, я министралло а, оцу нахе бехк ма билла аьлла а дац, я эр ду аьлла меттиг а яц. Дерринг а 122 низамо доха а дина, пайда боцучу а даьккхина, дIадаькхина ду».

Айсханов Аслана кхоьллинчу цхьаьнатохаралло, масех шо хьалха, Казахстанан президентан Назарбаев Нурсултанан Нобел цIарах долу совгIат ло аьлла кхайкхинера. Иза нохчашкара казахашна баркаллийн кеп хир яра аьлла, хеташ ву иза. Ткъа тахана, нохчийн юкъараллан кхин мехаллаш хьалха хилар халахетарца билгалдоккху цо.

Айсханов Аслан: «Бехк церан шай бу. ХIунда бу? Хаза, цхьана а кхетта, тхо бехк боцуш хIаллак динехь, тхуна хьалха бехказ а довла, ала деза. Таханлера юкъараллан, оцу хIуманна бала болчух тера а дац. Ша дерг гайне дирзина. Ахча хиллачхьана, ша мьарша ву аьлла хета.

Хан дIаяьлла, архиваш а ягийна, истори а дIаер ю, вай буьйцуш болу и Iазап лайна нах дIабевлача. Вайна тIехь тIейогIучу тIаьхье, шайна луучу агIора дIа а, схьа а тетта йиш йолуш, цунна юккъаралла кечъеш йолуш санна хеташ ву-кх со. Суна хIокху йоккхачу Оьрсийчохь, цуьнца бала болуш стаг ца карийна-кх, историкашна а, я политологашна а юккъахь а».

Оьрсийчоьнан исторехь, Iедалийн, шаьш динчу гIалаташна бехказадаларан гIиллакх дацахь а, оцу хIумане тахана а сатуьйсуш дукха нохчий бу боху, Айсханов Аслана. Бехк-гуьнахь доцуш, дерриге а къоман бехйина йолу цIе хIинца а цIанъянза лаьтташ ю аьлла, хета цунна.

Айсханов Аслан: «Мухха а далахь а, къам зе хилла хилча а, и бала лайначаьрга хатта дезара, уьш стенна реза хира дара аьлла. И хаьттича, тIаккха Iедална хуура дара, хIун дан деза. Уггаре а хьалха дан дезарг-тхуна тIехь боцуш болу бехк дIабаккхар дара. 60 сов шо ду вайна тIехь, и хьост ду ямартхой хилла аьлла. Иза дIа ца йолу, низам тIеэцарх.

Коьртехь волчу стага, бехк ма билла ала деза. Римерачу папас, керста килсано динчу вуочу хIуманех кIинтIера бовлар дихира. Иза цо аларна, иза веза лоруш ву. Коль Гельмутс, Израилехь, велхаран пена хьлалхахь гора а хоьттина, ас кIинтIера довлар доьху, фашизмо динчуьнах, аьллера. Иза а нехан дагчуваьллера, и хIума бахьанехь. Ткъа, и ала, Оьрсийчохь, куьйгалхойх цхьа а стаг ваьлла вац-кх».

Сталинан Iедало, репрессии йинчу къаьмнийн боккха гулам дIабаьхьара 11 шо хьалха ГIалгIайн махкахь. Цига дакъалаца баьхкинера нохчийн а, гIалгIайн а, балкхархойн а, корейхойн а, немцойн а, туркойн а къаьмнийн векалш. Цара оцу хенахь билгалдаьккхира, 1991 шарахь «Репрессеш лайначу къаьмнехь» долу низам кхочуш деш дац аьлла.

Тахана, ГIалгIайчохь, оцу хаттаре юхберза аьтто бац. Юккъараллийн-политикан хьал дика дац цигахь. Меттигерачу оппозицино вовшахтоьхначу «Мехк-кхел» цIе йолчу юккъараллин цхьанатохараллийн декъашхоша, республикан куьйгалхо даржера дIаваккха бохуш мацаллийн акции дIакхайхкинера Несар-гIалахь.

Цу юккъера уггаре а жигара волу массийта декъашхо полицино дIа а лаьцна ханна чу воьллина. Оппозицийн боламан хьостанера болчу хаамашца, цу чохь а, цара мацаллийн акци сацийн яц.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG