ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн къам кхоччуш декъна шийла де


Нохчийчоь -- Ичкерин агIончаш, 1994
Нохчийчоь -- Ичкерин агIончаш, 1994

18 шо хьалха 1994-чу шарахь, Лахьан-беттан 26-чу дийнахь, Оьрсийчоьнан эскархоша гIо а деш, Соьлж-ГIалана тIелатар дира Дудаев ЖовхIаран Iедална дуьхьал болчу оппозицин ницкъаша. Цхьаболчарна хетарехь, цу хиламо бух биллира кхин а кхо кIира даьлча болабеллачу тIаманна.

Дудаевн агIора оцу дийнахь жигара декъашхой хилла дукхах берш тахана дийна бац. Оппозици ю бохуш, хIета Оьрсийчоьнан Iедалша герзашца кечбина хилларш, цхьаберш, хIинца а, кесста-кесста гучубовлу, цхьацца, дуьненах а, политикех а, шай болу хьежамаш буьйцуш. Амма, дегнаш чохь церан а хила там бу, «ваннах, ма боккхачу буохаман бахьан даьккхира оха, оцу дийнахь»,-бохуш.

ХIета Нохчийчоьнан президент хиллачу Дудаев Джохаре, цуьнан гуонна юккъерачу цхьаболчу наха, хьехамаш буора, ТIеркйистехь куп тоьхна, дела денна чIагIлуш йолу оппозици хIаллак ейта бохуш. Амма, вукхо, и сацам ца бира, цуьнан тIаьхьалонаш муха хира ю а хууш.

Тесина ала мегар долуш дитинчу оцу гIуллаккхан, нохчий даиманна кхийринарг хилира. Лахьанан бетан 26 дийнахь, къоман доккхохчу декъо къобал вечу Дудаеван Iедал харцо Iалашо йолуш, йолийра операции. Оцу гIуллакхан лерина оьрсийн эскархоша, беракеманаш а, танкаш а, БТРаш а, муьлха а герз а деллера оппозицига.

Хьалхайоьвлачу танкаш тIаьхь хIиттинера оппозицийн декъашхой бу боху нах. Кхаа агIорара чу еънера уьш. ХIаваIера царна Iуналла деш, дар оьрсийн беркеманаш, оьрсийн пилоташ чохь а болуш. Танкаш чохь берш а, оьрсий эскархой бара.

ГIала чу боххучу хенахь, царна доьхьало ца йинера, амма, юккъе кхача уьш герга бахча, кхин ала дош ца карадо, ша вахьаьттера бохург ца алахь. Шинна агIорара байина нах бара, тIелеттарш дукхах а болуш.

ГIала чу еана мел хилла йолу танкаш ягийнера, ян лелхийтинера.Бехха латтийра, гIала юккъахь рескоман гIишлонна гена доцуш, цхьан танкан тIера эчкийн корт. Танк эккхийтича, масех тонн язалла йолу иза, айелла хIаваэхь, цхьа бIе метар дIа а яхан, асфальт а йохош ах лаьттах чу яхнера.
Иза доккха къаьхь де дара бохуш, шен даглецамаш буьйцу историк волчу Нашхоев Мурада.

Нашхоев Мурад: « Цу дийнахь, арахь а, урамашкахь а, моьттура дара, и даьндаргаш а суна Iте етта. Зорбан цIийна хьалхахь а адамийн декъий дара Iоьхкуш, чоьххьарчу гIуллакхийн министрална хьалхахь а декъий дара Iоьхкуш. ТIом беш бара.Кесст-кесста хезаш дара «Джаллай кIентий» бохуш. ТIом бийра бац, иза буолабийра бац бохург бакъ дацара».

Цхьаболчу тергамхоша хIинаа а дуьйцу, и штурм эшийта лууш дара, махкахь шуьйра тIом баккха луучу ницкъашна бохуш. Цуьнах лаьцна Маршо радиога дийцира, нохчийн бакъонашларъярхочо, оцу хиламийн теш хилчу Бадалов Руслана.

Бадалов Руслан: «Ельцина воцучу массара а къобал а веш, цуьнгара лелош ма дара ша дерг. Нохчийочхь тIом а боцуш дIадоьрзура ду бохуш, дог-ойланаш яра, барт кара а бина, юкъметтиг нийса йийра ю бохуш. Сан а яра иштта ойланаш.

Амма, иштта бакхий тIемаш а хуьлуш, иштта бакхий сингаттамаш а буьйлуш, хIума хира ду аьлла ца хетара. ТIом цхьанна а оьшуш дацара. Оппозиции боху хIума, Москохара а, Кремлера а, кечйина а йолуш, вайна юккъахь иштта питан хилча, тIом кечбинчарна боккха аьтто белира-кх».

Иттанашкахь бара штурм ян баьхкинчу оппозиционерийн могIаршлахь, оьрсйин эскархой. Иттанашкахь уьш карабахара нохчийн эскархошна. Халла бен Оьрсийчоьно уьш шай бу аьлла тIе а ца ийцира. Кхин дIа а дуьйцу Бадалов Руслана.

Бадалов Руслан: « Оппозиции ю бохуш, танкашна тIехь дуккха а эскархой чу уьйзира цара кху чу. Хууш ма хиллара, оцу танкаш чохь мел хилларш дIалаьцнера. Юха уьш гайта а гойтуш, пачхьалкхан думера бахкинчу депутаташна дIабелира уьш. Хьалхарчу муьрехь шай бац уьш бохуш дийцинехь а, уьш дерриге а дуьненна дIа ма гайтича кхийтира.Дуккха а нах байа а бойуш доккха зулам делира».

Оьрсийчоьнан президент Ельцин Борис демократ ву, цо, тIом буолабийра бац аьлла шеко йолуш, тIаккха а дукха нах бацара Нохчийчохь. Амма, буьттуш болу аьшпаш а, нохчийн къоманна цхьацца йогIуш йоцу цIераш техкар а, дуоладелча, къаьстира, хьал, кхин меттиг а боцуш кIоршме дала мегаш ду аьлла. Иза дукха сиха нахана кхийтира, аьлла тидам бира Бадалов Руслана.

Бадалов Руслан: « Оцу агIора некъ хаьржина хилча, дукха наха а, политикаш а, кхийтира, тIом бала мегаш сурт дIа хIоьттинарг аьлла. шаьш Оьрсийчоьнан Iедало, дуьтура доцийла гуш дара, шайтIанца шай эскаршца уьш иштта чубохура буйла, иштта билгало гайтира-кх цара оцу дийнахь».

Оппозицин штурм йохначулла тIаьхь, масех де далле, демократ ву бохучу Ельцинан Iедало сацам бира, Нохчийчу эскарш чу дига. Иза а, шина сахьтехь цхьана десантийн полкца нохчий къарлура бу аьлла къамел дина волу Грачев Павел а хIокху дуьненахь воцуш ву. Амма, цара меттахдаьккхина долу зулам хIинца а, дерзаз лаьтташ ду, тIеман цIаргахь адамийн синиош дIа а хьош.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG