ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Австрерчу набахташкахь нохчий дукха бац, амма уьш къаьсташ бу


Австри. Нохчийн кешийрхой латто набахте.
Австри. Нохчийн кешийрхой латто набахте.

ХьастагIа Австрин чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин векало меттигерчу телевизионехь элира, цу махкахь бехачу 30 эзар сов нохчех 10 процент цхьаццачу талорийн я зуламийн декъа хиларца билгалбевлла бу, аьлла. И терахь вуно лакхара а ду элира цо.

Бакъду, полисхойн векало элира иштта, доккхачу декъехь летарший, пайдабочу зуламаш дарций Iедалца проблемаш хилла бу и нах, деза зуламаш дина бац, аьлла. Доккхачу декъехь кхиина бевлла, 25 шарера 40 шаре кхаччалца хенаш йолу божарий бу элира цо харцахь лелаш берш я зуламаш деш берш.

Мича бахьанашца гIарбуьйлу Iедалан криминалан статистикехь билгалбохуш болу а, хIора денна аьлча санна хаамийн гIирсийн агIонашкахь талорхой санна буьйцуш болу а нохчийн къомах нах? Иза талла гIоьртича гучудолу, уьш доккхачу декъехь шина тайпана зуламийн декъа хуьлуш хилар.

Хьалхарниг – радикалечу исламхойн хьежамаш берш. Шема бахана, я цигара юхабирзина, я цига баха гIоьртинчохь гучубевлла нах бу уьш. Цаьрца цхьаьна хьахон мегар ду Iедало йихкина йолу ДАIИШ-ан символика а, церан леламийн пропаганда а еш гучубевлларш.

ШозлагIа дакъа я цхьа пайдабоцучу хIумана тIехула цхьаннах летта я цхьанна кхерамаш тийсина берш а, кегийра куталш динарш бу. Уггаре а шуьйра даьржина кутал – меттигерчу кегирхошкара еза мобилан телефонаш схьаяхарий, газеташ духкучу киоскашна къоланаш дарий хуьлу. Доккхачу декъехь къаьркъа молий я корта бахон молхнаш а молий лелош а хуьлу уьш.

Нисло амма кест-кеста нохчийн кхиазхой я ур-атталла бераллера а довланза долу 10-12 шо долу божаберш баккхийрах болчу божарша харцахь леларна юккъе озош.

Маршо Радиога ишттачех цхьана кхиазхочо дийцира, хийлаза паркехь воккхах волу шен къомах стаг тIе а веана, схьавол кхуза, хIара тIоьрмиг цхьа хьенех волчу дIахьол, хIара ду хьуна адрес аьлча, ша иза иштта кхочуш дича ша боккъал а нохчийн гIиллакхехь нийса хIума до моьттуш, иллегале хIумнаш чохь йолу тIоьрмиг дIасабаьхьна ша а, шен накъосташа а, бохуш.

Набахтехь чохь бохкучу нохчийн кхиазхошца Маршо Радионо бинчу талламаша гойту, уьш доккхачу декъехь шаьш харцахьа кхеточу сийна а, сонталлина а тIехула а зуламашна юккъехь нислуш буйла.

Герасдорферчу кхиазхойн набахтехь нохчийн божаберш дукха дацахь а, амма уьш цу чохь уггаре а проблемечу къоман тобанах ларалуш бу, хIунда аьлча, царна дола хета, шайга набахтин хехоша а, куьйгалхоша а аьлларг дан. Цундела цу набахтин куьйгалло масех шо хьалха йолийна цу кегирхошца кхетошкхиоран болх баран проект, лерина нохчийн социалан белхахой а кхайкхина.

Цу проектин Iуналла деш йолчу набахтин белхахочо Петерлин Александрас дийцира Маршо Радионе шаьш нохчийн къомахчу кхиазхошца бечу белхан чулацамах: "Жоьпалле хилар, пунктуале хилар а Iамадо. Нохчо хилар –иза хIун ду? Муха хила веза нохчо бохург а дуьйцу. Дин а дуьйцу. Авторитеташца долу хIума а вуно проблеме ду цу кегирхошна, интенсиве дийцаре до оха иза а.

Култура а, доьзалшкара юкъаметтигаш а, кхечарна ницкъ барх лаьцна а дуьйцу. Цул совнаха, эвхьаза, къийла а ца луш шаьш динчу зуламех а, церан тIаьхьлонех а дийца йиш хуьлу кегирхойн. Иштта нахаца ларам хилар а, набахтерчу Iедалхошца ларам хила безаш хилар а".

Нохчийн къомах нах австрихойн набахтешкахь кхечу къомахчарел алсамох бу бохург бух боцуш ду. Оццу Герасдорфехь 8-10, уггаре а дукха болчу хенахь 12 нохчо хуьлу чохь валлаш. Царел алсамох бу цу чохь туркой а, овхIанхой а, Балканашкара орамаш дерш а. ХIетте а, даима а цхьаьна леларца, шайн башха амалш хиларца а гIарбевлларш нохчи хуьлу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG