ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iаьржа Хожа майрачу турпалхочух къасто хаар мехала ду жима волуш дуьйна


please wait

No media source currently available

0:00 0:05:18 0:00
Линкана тIе

ДагадогIу бераллехь сайна бабас дийцина туьйранаш, цу туьйранашкара дика а, вон а турпалхой. ХIеттехь Iемира суна Iаьржа Хожа иза нахана зуламе верг вуйла а, ткъа кхо корта болу саьрмик а бийна, нахана зуламе волчу Iаьржа Хожина дуьхьалаваьлла майра турпалхо, бабин кIант - иза диканиг вуйла а.

Таханалерчу, компьютерийн, телефонийн, массо тайпа электронан ловзарийн заманахь

дукха бац хIинцалерчу наношна юккъехь берашна, уьш дIадийшош, нохчийн маттахь туьйра а дуьйцуш, ненан матте а, къоман барта кхолларалле а безам бохуьйтуш берш.

Берана ненан маттахь туьйра дийцар хьалхалерчу нанойн хаза ламаст а хилла, яхначу хенехь диса тарлуш хIума ду.

Наноша, бер дижош, цуннна туьйра дийцаран хаза ламаст вайна юккъера дIадалахь, тIекхуьучу чкъурана цунах мел эшам хир бу аьлла хета хьуна, боху хаттар дира Маршо-Радионо Норвегехь вехачу нохчийн яздархочуьнга Эльдин Микаиле. Цуьнга иза хаттаран а шен бахьана ду: цхьана хенахь Микаил Нохчийчохь "СтелаIад" цIе йолу берийн журналехь болх бина хилар:

"Нохчийн наноша нохчийн берашна туьйранаш дийцар юккъера дIадаларх хуьлуш долу зулам дийцале, цкъа хьалха, сайн кхетамехь, нохчо мила ву ала лаьара суна. Нохчийн мотт хаар а, нохчийн гIиллакхаш хаар а - нохчаллин бIогIам бу. Эрдан бIогIам эр ду вай цунах. Ткъа фольклор хаар цу нохчаллин тхов бу, цу цIийнан тхов. Эрдан бIогIам ца хилча, тхов а лаьттар бац.

Тхов ца хилча, эрдан бIогIамах а дан хIума дац . Ненан озаца, дийцарца, юьхь-эшарца дерриге а схьалоцу беро, ненан уггаре гергара адам ду и. Мотт кхеттал ца хилча а чудуьжу и берана. Иза ас бохуш а дац, иза дуьненан гIарбевллачу психологаша а, Iилманчаша а аьлла ду. Цундела, суна доккха зулам хета берана туьйранаш дийцар юккъера дIадалар. Иза мел доккха зулам ду хиъча, цхьанна а дас-нанас тесна дуьтур дацара, аьлла а хета суна и."

Берана мотт шарбаларна пайдехьа хилла а ца Iаш, цуьнан дахарах болу кхетам кхиорехь а боккха пайда бахьа бер дижош цунна туьйра дийцаро. ХIунда аьлча, туьйранашкара турпалхойх диканиш а, вониш а къастон хааро дахарехь диканиг вониг къастон а Iамадо бер. Вай ца дуьйцу таханлерчу мультфильмашкара Барби а, суперман а.

Вай буьцурш нохчийн барта кхоллараллера турпалхой бу: Маьлха-Аьзни а, Iаьржа Хожа а, Бабин дог-майра кIант а, кхо корта болу сийна саьрмик а. Ткъа тахана компьютершна а, телефонашна а тIемарзделлачу вайн берашна мичара хаа деза нахана зуламе волу Iаьржа Хожа мила ву а, нахана маршо лаха араваьлла майра къонаха мила ву а? "Къонах" боху хIума царна мичара довза деза дийнахь сарралца ишколехь а, компьютеран ловзарш тIехь а хьалакхуьуш болчу, туьйранашкара мукъне а ца хиъча?

Диканиг ду нохчийн берийн спортан клубаш хилар а, уьш сих-сихха къийсадаларшка эхар а, цара толамаш бахар а. Амма вай юьйцург нанас берана дуьйцучу туьйранца цунна гойтуш йолу нохчийн меттан хазалла а, цу беран кхетам кхиор а ду.

Кхин дIа а берана туьйра дийцар мел мехала ду дуьйцу Эльдин Микаила: "Беро, дуьненчу даьлча, ша адам хилар а, дикий-вой а, хазий-ирчий а, беламе-белхаме къастор а туьйранашкахула оьцуш ду. Мотт мел оьшуш бу а, гIиллакхаш лелон дезийла а, уьш схьаллаццал кхетам бац цуьнан ша жима долуш. Туьйранашкахула го цунна дерриге а, дуьне довзар а, дика-вон а, хаза-ирча а.

Нохчийн туьйранаш ца дийцинчу бераша кхечу къаьмнийн туьйранаш Iамадо (мультфильмаш хуьлда уьш...). ТIаккха нохчийн мотт а хууш, гIиллакхаш а хууш, эрдан бIогIам а болуш, амма тIехь тхов а боцуш цIа хуьлу цунах. Цундела суна мотт цахаарца, гIиллакхаш цахаарца нийсса зулам хета вайн берашна туьйранаш дийцар совцор."

Нохчийн шира кица ду: "Ма кхера шена тIаьхьа бIаьсте йогIун йолчу Iаьнах, кхера шена тIаьхьа Iа догIун долчу гуьйренах"- аьлла.

Тахханехь хиндолчуьн вай са ца гатдича, муха хир ю те тIекхуьучу чкъуран кхане..?

ГIебартойн-Балкхаройчуьрчу девнна юкъагIерта оьший нохчий?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG