ТIекхочийла долу линкаш

Муьлш бу Кадыровна улле гIертарш?


(АьрроагIорхьара) Джабраилов Рамазан, Алханов Руслан, Эдилов Рамзан, кхиберш. ТIехьа лаьттачарна юкъахь - "Патриот"

Нохчийчуьра "элита" баккъалла а юкъаозалуш ю Iедал а, рицкъ а къийсарна.

Малхбузехь дика вевза къона яздархо, лаххара а 18 матте яьккхинчу (LesBienveillantes) «Къинхетаме мехкарий» романан автор, Гонкуран совгIат делла волу Литтелл Джонатан «Мацаллана духьал болам» цIе йолчу вовхатохараллан цIарах болх бина ву Нохчийчохь, хьалхара тIом боьдуш. 2009-чу шарахь иза хилира хIинца Кремло урхалла дечу Нохчийн Республикехь.

Литтелла 8 шо хьалха Соьлж-ГIалахь кхаьчна хиллера «ГIишлошъярхочун де» даздеш болчу нохчийн хьакамашна юккъе. Цхьа йоццу кийсак ялор вай Литтел язйинчу репортажана юкъара.

Соьлж-ГIаларчу театрехь вовшахтоьхначу цу даздаран суьйренехь дакъалаьцначу нехан цIераш а, церан духар а, лелар а хьахадой, яздархочо дуьйцу: "Цхьацца гIулчаш йохуш юкъараллехь ша дIалоцу меттиг гайта гIерташ нах болчу меттигехь, хетало, стага лакхара дарж дIалоцуш мел хуьлу а, цуьнан аьтто бу шен лаамехь лела, цунна оьшуш дац ша гайта гIерта олий.

Хьаькамийн гIаролхой а цхьаьна хуьлу цунах ловзуш. Президентан кхерамазаллан сервисехь гIуллакх деш болу нах массо а Iаьржа барзакъ лелош бу, кучамана тIе яздина «Антитеррор» а, наггахь Кадыров вехачу эвлан цIе йолу «Центорой» а долуш. Ша Кадыров дIасахьийзаш ву джинсаш йоьхна, хаьнтIахь тапча а, куьйгах дихкина шайн байркахан сурт тIехь долу дашо сахьт а долуш.

Цу нехан ишарш ю инзаре: уьш ю дIадаханчу шерашкахь хиллачу нохчийн гIаттамхойн ма хиллара, церан марабеттабаларан, беларан, хабар дийцаран кеп, цхьанна уллера вукхунна улле шершар - дика кечйинчу, амма формалан йоцучу балетехь – чулацам болуш ду.

Цара боху, мел дукха шаьш Оьрсийчоьно хIоттийначу Iедалехь болх барх, Оьрсийчоьнан бюрократин дакъа шаьш хиларх, амма кхузахь Оьрсийчоь яц, кхузахь гулбелларш оьрсий бац, нохчий бу.

Гонахбевлла гIаролхой а, сакъера баьхкина накъостий а болуш, Кадыров театран чоьхьаваьлча, берриг нах тIараш детта буьлало хьала а лелхий, ткъа суьйре дIакхоьхьучо микрофона чу мохь туху: «Нохчийн Республикан президент, Оьрсийчоьнан турпалхо – Рамзан Ахмадович Кадыров!»

Оьрсийчоьнан турпалхо охьахаарца, бакъо хуьлу спектакл дIайоло».

Тахана, 9 шо даьлча, хьаькамийн цIераш жимма хийца еллехь а, хийца ца елла цу хьаькамийн Iалашонаш. Нохчийчуьра цхьацца кланаш вовшашца къийсам дIахьош ю, Кадыровна гонаха шайн позицеш чIагIъян гIерташ.

Гезгмашин-баттахь Нохчийчохь дIахIиттийна полицин дакъойн керла хьаькамаш. Иштта, Соьлж-ГIалан Ленинан кIоштахь Делимханов Асланбек хийцира лакхарчу лейтенанто Бисаев Анзора. Старопромыслан кIоштахь подполковник волчу Эдилов Рамзанан метта хIоттийра оццу чинехь волу оццу полицин декъехь криминалан талламан декъан хьаькам волу Джабраилов Рамазан.

Старопромыслан РОВД-н хьаькам дIахIотточу хиламехь дакъалоцуш вара Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министр инарла-лейтенант Алханов Руслан.

Бина хийцамаш шайна тIе тидам бохуьйтуш бу, масийтта бахьана долуш. Цкъа делахь, Шема ваха дагахь хилла аьлла тIаьхьо чувоьллинчу Тазбиев Джамалайн а, Тарамов Мохьмадан а гергарчарна таIзар дина полицин декъан хьаькам ву хийцинарг. Цигахь хилларг шуьйра дийцаре дира Оьрсийчьрчу а, дуьненерчу а зорбанан гIирсаша.

Старопромыслан кIоштан полицехь адамашна таIзар деш дакъалоцуш вара республикан парламентан спикер Даудов Мохьмад (Лорд). Цо а, полицин декъан куьйгалло а, Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министран хьалхарчу когаметто Алаудинов Аптис а Iаткъам а бина, шен болх битира Тазбиевн а, Тарамовн а адвокато.

Ткъа Оьрсийчоьнан инарлан-прокуроре цу шина жимачу стагана кхел еш нийсо яр доьхуш латкъам бинчу Турбинехь бехачу нахе, Соьж-ГIалана юккъехь гул а бина, Iедал къинтIера даккхийтира, шаьш харц хилар даре деш.

ШолгIа делахь, керла полицин хьакамаш дIахIитточу церемонехь дакъалоцуш вара СОБР "Терек" УФСВНГ РФ Висмурадов Абузайд (Патриот) а, Соьлж-ГIалан полицин хьаькам Висмурадов Абушайх а, Нохчийчуьрчу ППСП хьаькам Ирасханов Аслан а, Нохчийчоьнан ОМОН-ан хьаькам Цакаев Алихан а, Нохчийчоьнан куьйгахочун «команда» олучу тобанан кхин болу декъашхой а.

Хууш ма хиллара, Висмурадов (Патриот) Кадыровн гIаролхойн хьаькам ву. Иза цига ваахаран бахьана кхеташ дац. Цу кепехь цуьнан ницкъ а, иза доьналла долуш а стаг хилар гайтар хила мега иза.

Шена тIе тидам бохуьйтуш дара цу хиламашкахь дакъалоцуш Алаудинов Апти цахилар. И стаг Патриотан тобан юкъахь вац. Алаудинов, коьртачу декъана, улле вьлла лелаш хуьлу Нохчийн республикан парламентан гIантдена Даудовна

Кавказ.Реалиин хаьстанаша чIагIдарехь, Алаудинов воцург Даудовн юххера нах бу Нохчийчоьнан прокурор Абдул-Кадыров Шарпудди а, дукха хан йоцуш респпубликан Лаккхарчуу кхелан гIантда хIоттийна волу Гардалоев Iалавди а.

Делахь а билггала хууш дац «Лордан» а, «Патриотан» а кланаш вовшашца кIийсалуш ю я яц. Амма Нохчийчуьра "элита" тIаьхьарчу хенахь баккъалла а юкъаозалуш ю Iедал а, рицкъ а къийсарна.

XS
SM
MD
LG