ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу дешархошна кхузаманахьлера турпалхо хета… Бузова


Бузова Оьлга.
Бузова Оьлга.

Нохчийчохь Грозненскийн кIоштарчу Правобережни юьртахь шайн таллам беш бу N2 йолчу школера дешархой, хаам бо life.ru сайто. Йийцаре йиллинарг Бузова Ольгин феномен ю.

Хьехархочо билгалъяьккхинчу темин цIе хилла «Бузова Ольга кхузаманахьлерчу Оьрсийчоьнан културан турпалхо санна" (Ольга Бузова как герой массовой культуры современной России) аьлла.

«Вай массара а дийцарш кхуллу (школехь доьшуш) юкъараллин шуьйра културах я кегийрхойн културах лаьцна. Цхьана хенахь оха рок-артистех, тIаккха бевзачу рэперех лаьцна яздинера, ткъа селхана Бузова Ольгех лаьцна яздира.

Зорбанан гIирсаш а, телевидени а бахьана долуш, цу нахах турпалхой хуьлу. Иза коьрта чулацам бара ас берашна тIедиллинчун», - даладо life.ru сайто хьехархочо аьлларг.

Хьехархочо жамI до, дукхах болчу дешархошна Бузова кхузаманахьлера турпалхо хета аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG