ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

please wait

No media source currently available

0:00 0:07:24 0:00
Линкана тIе

ТIаьххьара Нохчийчохь хилла тIемаш бахьана долуш дуьне мел ду баьржина бу нохчий, хууш ма-хиллара. ДогIа санна Нохчийчоьнна тIеIенаш хIоъ-молха а долуш, нохчий шайн берийн синош довдийна, цхьана юьртана тIееттачу хенахь вукху юьрта дIахьаьлхаш, лелачу хенахь нохчашна тайп-тайпана цIераш тоьхкуш жигара болх бара хаамийн хьостанаша дIахьош.

Оцу балхо доллучу дуьненна хьалхахь нохчех кхоьллина долчу харц васто тахана а тIеIаткъам бо дуьне мел ду баьржина болчу нохчашна. Къаьсттина басарш серладовлу цу харц вастан Европехь, я кхечахьа бехачу нохчашкара цхьа ледарло яьлча. Амма и харц васт хIуп-лоппаг санна дIа а дов спортехь, дешар тIехь я дахаран кхечу тIегIанаш тIехь нохчаша кхиамаш бохуш, царгара диканиг даьлча.

Спортехь къаьсттина баккхий кхиамаш бу Европера а, кхечу мехкашкара а вайнехаг берийн. Амма берийн дегIан аьттонаш кхиабина а ца Iаш, царна ненан мотт а, дин а Iамош, церан кхетам кхиош болх а бо вайнехан берашца цхьаболчу церан куьйгалхоша. Даима ца хуьлу белхан гIирсаш, амма бераш дукхадезаш, Даймахках а хаьдда хьалакхуьуш долчу цу керлачу чкъурах дог лозучарна дан хIума карадо боцучу аьттонашна.

Дукха хенахь дуьйна вайнехан берашна лата Iамош а, царна гIиллакх-гIуллакх, мотт Iамош а къахьоьгуш ву Ичкерин парламентан депутат хилла волу Хонкарахь веха Амагов Докка.

Шен къомах а, хийрачу махкахь кхуьучу берех а дог лозуш, 2012-чу шарахь дуьйна вайнеха берашца болх беш ву иза: "Уггаре халаниг тхуна хIун дара аьлча, чуваха меттиг яцара тхан. Цундела аьхка арахь йора оха тренировкаш, ткъа шийлачу хенахь мукъаяьллачу цхьана хIусамехь, вукху хIусамехь, цхьанхьа доьлхуш, вукхузхьа доьлхуш лийлира тхо. Бухатаса хIума а тхан яцара, спорт еш тIедуху духар а дацара, цхьанна а спортан организацешца юкъаметтигаш а яцара.

Стохка Iедална а, туркошна а гIарадевлира шаьш боху Амаговс: "Цхьана дийнахь Iедалера бахка а баьхкина, тхан хьолах цец а бевлла, цара тхуна спортан зал а елира. Берриге спортан гIирс а белира, иштта тIейоха а, когайоха а. Тахана тхо Хонкаран спортан Федераци юкъадогIуш а ду, цара тхан хьашташ шайна тIелаьцна. Бахар-бахкар а, лоьрашца дерг а дерриге а церан чоьтах ду. СадаIа а дуьгу цара нохчийн бераш. Тхан дуьхьа са а гатдо цара, тхан кхиамаш хилийта а лаьа царна.

Берийн кхиамех реза хиларца дуьйцу Аамаговс: "Бераш дерриш а 40-х ду. Церан кхиамаш а бу. Суна берашца беш болу болх дика а хета. Царна дIахьеха деза, дог-ойла чIагIъян еза. Спорто беран куц хаздо, церан уьйраш чIагIйо. Цхьа доьзал санна команда ю тхан. Таро а, аьттонаш а хилча, ас нохчийн дехьара а, сехьара а Европера бераш а дахкийна цхьа спартакиада йийр яра церан уьйр-марзонаш чIагIъялийта. Цхьаболу таронаш-аьттонаш тхайна тIе а лоцур бара оха."

Хьахийна ма-хиллара, беккъа цхьа дегIан ницкъ кхиорна тIехь чекхболуш бац Доккас берашца беш болу болх. Нохчийчохь ишколан директор а, "Орга" журналан редакцехь а болх бина волу Амагов, ша математикахо ву.

Берашна математика а, нохчийн мотт а, гIиллакх-гIуллакх а хьоьху цо: "Стамбулехь долуш, дикка хьалха ду иза, цхьа класс яра ас схьайиллина. Оцу классехь ас ненан мотт а хьоьхура, математика а, физика а хьоьхура. Со физикахо-математикахо ву. Нохчийн маттахь ас царна кIезиг-мезиг сайна хуучу говзаллица хIума хьоьху."

Берриге Туркойн махкахь а нохчийн дика цIе яккхийтина Доккас шен спортан клубехь Iамош долчу бераша. Шайна арахь карийна цхьаннан байна болу ахчанан тIоьрмиг Iедале дIабелла цара. Цунах лаьцна яздина Хонкарара газеташ тIехь а.

И муха хилла дуьйцу Амаговс: "Дукха хан йоццуш, гIала юккъедахча хIокху берашна 40 эзар туркойн ахча карийна, 12 эзар доллар. Иза дайъинарг цхьа пекъар хилла, дIаладоьгIча. Иза цо банкера эцна кредит хилла. И тIоьрмиг цуьнан охьабоьжна хилла. ХIокху бераша и ахча полице дIа а даьхьна дIаделла. Да а схьакаравина. Туркой цецбевллера, цунах газеташ тIехь а яздира, нохчаша иштта хIума дина, нохчий чIогIа дика бу, бохуш."

Иштта лата Iамор а, берийн кхетам кхиоран болх а цхьана дIахьош волу берийн куьйгалхо атта хуьлуш вац. Тахана дуьне мел ду даьржина вайн къам делахь а, иштта масаллаш гича, тешам чIагIло вайга къоман сибат ларлург хиларх.

Мотт ца тохарна таIзар дан оьшу аьлла хетий шуна?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG