ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Нохчийн мафи" бехказъяьккхина Венерчу кхело


Венера кхел. Архивера сурт.
Венера кхел. Архивера сурт.

Венерчу кхелехь дирзина бархI нохчочун дов хаттар. Даханчу аьхка иттанаш герзах боьттинчу полисхоша петаршкахь лехамаш а беш, йоккхачу гIовгIанца лийцина хиллачу церан хьокъехь Австрин чоьхьарчу министро Соботка Волфгангс леринчу пресс-конференцехь шен куьйгакIеларчу Iедалхоша "нохчийна мафина" дуьхьал боккха толам баьккхина аьлла дIахьедар динера.

Криминале тоба а кхоьллина, нахера кхерамаш тийсарца а, шантаж ярца а ахчанаш дахарна а, наркотикаш лелорна а, йохкарна а, легале доцу герз лелорна а бехке беш бара уьш.

ГIура-беттан хьалхарчу деношкахь дIайолаеллачу кхелехь амма хьалхарчу дийнахь дуьйна гуш дара, царна дуьхьал тоьттуш долу бехкаш бух боцуш, хетарехь а, еккъа цхьа шеконашна тIехь кхоьллина а хилар. Цкъа делахь, и бехкаш тIечIагIбан тешаш ца карийнера Iедалхошна.

Ткъа карийнарг а, цхьа меттигера нохчо, ша а вац Iедална гергахь цIена. Иза еари дийнахь лийцинчарна тIекхайкха кхел дIахьочу зала чу валош куьйгах буржалш а дихкина, полисхоша лаца а лаьцна валийра. Бахьана – иза баханчу Стигалкъекъа-баттахь дуьйна лаьцна, набахтехь воллуш ву.

Шемара иллегале мухIажарш шен машенахь мехах Венгрехула Австре схьакхийларна а, Iедалан хеттамашкахь харц тоьшаллаш дарна а бехке а вина, ши шой, ах шой хан тоьхна чувоьллина ву иза.

Лийцинчу бархI нохчочунна дуьхьал прокуратурин коьрта теш санна билгалваьккхина вар и стаг, царна массарна а шаьш лацале вевзаш хилла волу а, царех цхьаццаболчара кхелехь дийцарца, Iедалан къайлахчу сервисашна болх беш ша хиларна царна дуьхьал питана а дина, уьш лийцарна бехке а волу.

Мухха делахь, и тайпа биографи йолчу стаго деш долу тоьшаллаш тидаме эца ца тикира процессан куьйгалла деш волу кхелахо Боьм Андреас. "Цо мел дуьйцург тешам болуш дац», - элира цо, цуьнга хеттамаш бинчул тIаьхьа.

Цул совнаха, прокуратурано чIагIдарца, лийцинчара шантажца ахчанаш даьхна бохуш волу цхьа Iарбойн къомах Венера лор а ву иштта иллегале наркотикийн могIарера молхнаш яздарна а, дохкарна а бехке а вина, лаьцна. Цуо лийцинчарна дуьхьал деш долу тоьшаллаш а вуно шеконе хилар гайта хала ца хилира бехкебечийн адвокаташна.

Цу кепара шеконечу тоьшаллашна тIехь кхоьллинчу бехкашца нах набахте бохка йиш яц бакъонийн пачхьалкхехь – иштта бух балийра кхелахочуо Боьмс ша вердикт йовзуьйтучу хенахь. Цо сацам бира лаьцна волу бархI нохчо царна дуьхьал теттинчу бехкех маьрша баха а, уьш дIахецийта а.

БархIаннах цхьанна арахь баккха кхо бутт хан кхайкхира кхело, цуьнан петарахь лехамаш бечу хенахь Австрехь иллегале герз лоруш йолу кастет карор бахьана долуш.

Аьхка дуьйна талламаш баран набахтехь хиллачу бархI нохчочух виъ еари дийнахьехь маьрша нах санна цIаваха йиш хилира. Ткъа вукху веанна дуьхьал болийна болу цхьа кхин бехктакхаман гIуллакх дIадерзалца кхин дIа а набахтехь вита сацам бира прокуратурано.

И виъ бехку веш ву Венина гена йоцучу Корнойбург гIалахь цхьаьна пицца ечу ресторанан долахочуьнца барт а бина, и ресторан ягорна – страховкица цунах дала декхар долу 250 эзар евро долахочуьнца декъархьама.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG