ТIекхочийла долу линкаш

Европерчу кхечу пачхьалкхашкахьчул а ледара цIе яьржина вайнехан Австрехь. Цигахь нохчий сих-сиха бийцаре бо радикалхой а, зуламаш лелорхой а санна. И кхачамбацар дIадаккха дагахь бу хIинца Австрера вайнах.


„Австрин нохчийн проблема“. „Юй Австрехь нохчийн проблема“. „Мел шога ю Австрехь нохчийн проблема“ - иштта ю тIаьхьарчу беттанашкахь Австрехь арадуьйлучу газетийн артиклийн цIераш. Цу юхькIам боцучу могIарехь тIаьххьарлераниг, мелла а нохчийн цIе цIанйан гIортар шеца дерг ю хьастагIа меттигерчу Ньюс журналехь араяьлларг – нохчийн репутаци сел ирча хIунда ю бохург къастон лаарца язйина йолу.

Амма ур-атталла и артикал йолалуш ю багарбина го „нохчи“ бохучу дашца Австрехь боьзна болу синхьаамаш - „Бандийн криминалитет, летарш, герз лелор - цхьа а кхин
къам дац Австрехь нохчийн санна ирча имидж йолуш. ХIун ду цуьнан
бахьана?“ аьлла дIайолалуш ю и артикл.

Алпийн республикехь бехачу нохчашна шаьшна а хаа вуно дика, шайн цIе цу махкахь мел эвхьаза яьлла а, шаьш мел во дуьйцу а. Нагахь санна
цхьаццаболчара массо а хIуманна нохчех лаьцна во хIумнаш яздеш болу
журналисташ бехке а беш, и хIума шайна атта долчу агIор тудахь, бу
иштта кхинарш а – шайн масаллашца, дела дийнахь шайна мел хала делахь а къахьегарца нохчийн васт тодан гIерташ а, нохчех лаьцна Европехь, уггаре а хьалха Австрехь кхоллаелла йолу ирча клишеш йохон гIерташ а болу.

Вуно дукха бу царна юккъехь зударий а, юкъараллехь жигара а болуш, цхьацца пачхьалкхан институцешкахь а, хьукматашкахь а белхаш беш а болуш. Зударий бара хьастагIа Европехь нохчийн кегирхой сел вочу агIор бийцарюкъахдаккхарехь керла мехала гIулч яккха дагадеанарш а.

Церан идея – Австрерчу университеташкахь а, институташкахь а доьшуш болу нохчийн студенташ вовшахтоха, цаьрца цхьаьнакхетаран суьйре дIаяхьа. Цигга, цу суьйрене, цкъачунна ишколашкахь доьшуш болу кхиазхой а кхайкха, царна шайл баккхийха болчарех, лакхарчу дешаршка дIатасбеллачарех масалаэцийта.

Цигга, цу суьйрене, иштта меттигера журналисташ а кхайкха, царна гайта, кху махкахь талорш лелош болу нохчийн кегирхой хилла ца Iайла, мелхо а, алсамох кхузахь доьшуш а, болх беш а, юкъараллина пайда бохьуша болу нохчийн кегирхой буйла.

Венерчу интеграцех йолчу магистратан гIоьнца Нохчийн Зударийн Кафе
олучу тобанан цIарах дIахьон долу и студентийн цхьаьнакхетар вовшахтоха дагдеанчех а, иза кечдечех а цхьаъ ю социалан белхахо Мержоева Эльза. Маршо радионе цо иштта дийцира шаьш долийначух лаьцна.

Мержоева: „Зударша вовшахкхеттачохь аьллера и вайн нохчийн
студенташ вовшахтоха безара вай. Царна вовший бовзар а хир дара. Деша баха кечбала хан тIекхочучарна цаьргара информаци а кхочура яра. Деша ца луучарна цу вайн студентийн кхиамех цхьа мотиваци а хир яра аьлла. Вайн берашна юккъехь во лелаш дерш кIезгох дуйла, хаза шайн гIуллакх деш дерш дукхох дуйла дIа а гойтуш иштта и Iалашо яра-кх уьш вовшахтоха дагдаран“.

Австрерчу нохчийн-гIалгIайн кхеташонан тховкIелахь кхоьллинчу зударийн кхеташонан куьйгалхо ю Мержоева Эльза. Ша кегирхошца белхаш беш хиларх терра дуккха а къона зудбераш а, кегий нах а бевза цунна, университеташкахь а, кхечу дешарийлашкахь а доьшуш. Шена ца бевзаш берш кхин а дукхах бу боху Эльзас.

Мержоева: „Нохчийн студенташ кхузахь вуно дукха бу, церан шайн
цхьа тоба а ю ватсапехь кхоьллина. Суна вевзаш ву 40 сов студент, ткъа
цу тобанна юккъехь боцуш а, суна ца бевзаш а кхин дуккхаъ бу. Вайчара
доьшуш дерш тайп-тайпана дешарш ду. Дуккхаъ бу царна юккъехь медицина Iамош а, юристийн дешар Iамош а, информатика Iамош а“.

Европехь нохчаша хIинцале а яьккхинчу йоцачу хенахь хазнесанна баккхий кхиамаш бохуш схьабогIуш дуккха а вайн къоман векалш бу Малхбузехь. Изза студенташ схьаэцар а ду цхьа доккха дика масала, нохчийн къоман потенциал гойтуш долу. Амма хIетте а сел вочу агIор Австрехь нохчийн цIе дIасаяьржар стенца доьзна хета хьуна бохучу хаттарна иштта жоп ло Мержоева Эльзас.

Мержоева: „Суна хетарехь и вайн имидж иштта ледара хилар вай
хIинца-хIинца бен кхузахь дIатасделла, интеграци ян дуьйладелла ца
хиларца доьзна хила мега. Мотт Iамо а, дIатарвала а цхьа хан ма оьши.
Вайн берашна а га ма гора, шайн дай-наной шаьш лайначу тIамо синошна чевнаш йина дуйла, царна а ницкъ хуьлура цунах.

ТIехула тIе цхьаццаболчу ницкъашна вайн кегирхошца долу дика хIумнаш ца гуш, цаьргара долуш долу ледар хIумнаш гуш хуьлу. И цхьа дIогара сийдоцу зуламаш вайн къомахчу кегирхоша лелош а дац. Царна бале долуш дерг и цIахь дуьйна вайна юккъехь даьржина долу латарш ду, шаьш цхьа онда гайта лаар. Ткъа иза кхечу къаьмнийн кегирхошца а хуьлу“.

Австрерчу нохчийн студентийн цхьанакхетар зазадоккху беттан 3I-чохь
Венехь дIахьур долуш ду. Цига бахка кхойкху и цхьаьнакхетар вовшахтухуш болчара цу махкахь бехаш болу вайнехан массо а студенташ – гуламан оргкомитетерачарна ца бевзаш бисинарш а.

XS
SM
MD
LG