ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нехан неIарш йохийна Нохчийчуьра коллекторийн тоба жоьпе озийна Петарбухахь


Кху беттан 25-чохь Петарбухарчу Невский кIоштарчу цхьана яхархочун декхар схьадаккха бахначу коллекторийн «Терек» агенталлерчу белхахоша, Маршо Радионо довзийтина ма-хиллара, 20 петаран неIаран догIанаш къевлира гIишлошъеш лелочу чопанца.

Меттигерчу талламчаша бехктакхаман дов айдина оцу коллекторшна дуьхьал, хаамбо «Телеграфо» Петарбухарчу талламан комитетан пресс-гIоьнчаллина тIе а тевжаш.

100 эзар сом цхьанна декхаре хилла Виктория цIе йолу зуда лохуш баьхкина хилла Нохчийчуьрчу «Терек» агенталлин коллекторш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG