ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Банкир Джабраилов ведда. ...Муха?


Массех бутт бара, Москох а хевшина, Нохчийчуьрчу Сбербанкехула Соьлж-ГIала а хьийсош, цкъа махкарчу хьехархойн цIарх, юха – бен-башха а доцуш, бахархошна тIеяздинчу кехаташца даккхий ахчанаш цхьана наха доладоху.

Леца карош бацара буозбунчаш – йоццачу ханна ехкинчу компанеша лелайора и афера.

Стохка «Индег-Групп», «Строй-Плаза», «Мега Строй», «Потокстрой», «Интерстрой-88», «Эрна», «Стройпроф», «Ротор», «Олимпстрой-76», «Ультрастрой», «Строй Маркет», «Бизнес Строй-100», «Премиум», «Умар-2016» цIерш йолчу фирманаша, бина а боцу белхаш тIе а язбеш, миллиард сов соьманна къоланаш дира.

Къуй лохуш низамхой хьийзачу юкъанна спикеро Даудов Мохьмада Нохчийчуьрчу Сбербанкан декъан куьйгалхо Джабраилов Сайд-Мохьмад 30 миллион сом доьхуш хьийзаво, аьлла баьржира хенаца мелла а тIаьхьабисина хаам.

Цул тIаьхьа делира, Iедало лаца кхайкхийна Джабраилов, ткъа иза балхах садаIа юкъахволучуха, махкара а, Оьрсийчуьра а ведда, аьлла.

Лечкъийна ахча лохуш 34 бехктакхаман дов айдина боху полицино. Ткъа цкъачунна, куьг бехке а веш, веккъа цхьа Джабраилов вуьйцу.

…Оьрсийн «таьлсех а, набахтех а маьрша ву ма ала» боху кица бакъ нисделла. Кхо кIира а дац Джабраилов Сайд-Мохьмада махкахь ипотека эца бахархошна мел пайде дуьйцуш, «Нохчийчоь-Тахана» портална интервью елла… Амма хIинца иза лохуш ву.

«Джабраилов декъахь а волуш иккхинчу скандало тIечIагIйо Нохчийчоьнна тиллина цIе – Оьрсийчоьнан экономикан «Iаьржа ор», яздо прессехь.

Мила ву Джабараилов, муха кхачийтина хилла хьанг-хьаьнга а луш доцчу дарже?

Москох Плехановн экономикан академи "цIечу мидалца" чекхъяьккхина цо 1994-чу шарахь.

2006-2009 шерашкахь «Нохчийчоь меттахIотторан белхийн дирекцин» декъан куьйгалхо вара.

2010-2014 шераш – «Атланта XXI» олучу къевлинчу акционерийн юкъараллан инарла директор.

2014-2015 шерашкахь – Нохчийчуьрчу Сбербанкан декъан куьйгалхочун гIоьнча (жоп луш хилла «арахьарчу бозбуанчаллах хьукмат Iалашъярх» - ишта ду яздина белхан досье тIехь!)

Цхьацца хенашкахь Джабраиловс кхоьллира цхьаъ вукхунах профилца аьттехьа а йогIуш йоцу фирманаш - «Хьалал 21 бIешо», «Iамеркан кинопроекташ», «Джонс», кхиерш.

Сбербанко 2015-чу шарахь Нохчийчуьрчу шен декъан куьйгалле хIоттийра иза.

…Тергамчаша тахана кеп-кепара дуьйцу.

ТIехIоьттинчу хьолехь Нохчийчохь гайта ца мегачу хьесапехь гайтина ша Джабраилов Сайд-Мохьмада. Нагахь баккъал а 1 миллиард соьман да ша ваьллехь, бухадуьсучуьнга хьаьжча, Даудовс доьху 30 миллион «хIумма а йоцург яра, и ахча дIаделлехь тоьлура!

…Амма, полицино бохург бакъ делахь, иза ведда. Нохчийчуьра! Стенна? Муха?

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG