ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Нохчийчоьнан дог» толийта шайн ницкъ а, нехан киса а ца кхоадо Нохчийчура Iедалхоша


Нохчийчоь -- Соьлж-ГIалара коьрта маьждиг.
Нохчийчоь -- Соьлж-ГIалара коьрта маьждиг.

Уггаре а маьIне а, тоьлла а хIоллам-гIишло къастош Оьрсийчохь дIахьочу къовсадаларехь жигара дакъалоцуш бу Нохчийчура бахархой. Цуьнан бахьана ду къовсадаларехь дакъалоцуш Соьлж-ГIалара коьрта маьждиг хилар.

«Нохчийоьнан дог» олу и маьждиг Оьрсийчоьнан коьрта симбол хила мега бохучух тешаш бу къаьсттина республикан Iедалан дай. Иза хилийта шайн ницкъ а, неха киса а ца кхоадо цара.

Оьрсийчохь географин юкъаралло, даладелла, уггаре а куьце, маьIне хIоллам-гIишло къастош дIахьучу конкурс къовсадаларехь Нохчийчуьра «Нохчийоьнан дог» цIе тиллинчу маьждиге хьалхара меттиг яккхийта, бахархой цец а бохуш, Iаламат жигара хьийзаш ду меттигера Iедал.

Соьлж-ГIаларчу маьждиго толам баьккхича хIун дика болх хуьлу махкана? Iедалехь болчарна даккхий совгIаташ лур ду бохург бакъ дуй те? Оццул дегаза, бертахь а, бертаза а нахе кхаьжнаш тийсийтина, харцонца хьалхадаккха тарлуш ду те Делан цIа? Иштта хIума муха могуьйту шайна Iедалдайша? Герггарчу барамехь иштта чулацам болчу а, кхечу а хеттарша садуу хуьлчух кхуьуш боцучу бахархойн.

Уьш цакхетарг ду, ца лаахь лууш санна, динна хьукхмат урхаллашка уьттаза, бIозза, эзарза Соьлжа-гIаларчу маьждигехьа кхаьжнаш тийсийтар. Цу Iалашонца, леррина зIенехула кхаьжнаш тийсийта, шайн лаамехь баьхкина сурт а хIиттош, мосуьйттоза а гIала дIагулбина хьехархой, лоьраш, Iедалан белхахой.

Мехкадаьттан полк олучу ницкъаллин структурин декъашхой, Гуьмсан кIоштан Джалка-эвла дIа а гулбина, масийтта сохьтехь «шайн лаамехь» кхаьжнаш тийсийтина. Кху тIаьхьарчу хенахь дешаран а,Iилманан а, културан а министараллаш цхьаьна а кхетта, шозлагIа а синкъерамаш бина нохчийн школашкахь, тIаьххьарниг кху беттан 26-чу дийнахь а беш.

Адам алсам хилийта цига дIабоьху шина-кхаа юьртара кегийрхой а, кхиазхой а. Iалашо ю оцу маьждигехьа кхаьжнаш тийсийтар. Синкъераме гулбелларш ир-кара хIиттош кхоккха соьмаш ца кхоош, масал гойтуш, кхаьжнаш туьйсу хьехархоша а, юьртдай биста кхаччалц, жигархой хилла хьийзачу, Iедалан массо тIегIанан белхоша а.

Махкана а хууш ду 14миллион сов тесна кхаж а болуш «Нохчийоьнан дог» маьждиг хьалхарчу меттехь дуй а, и кхаьжнаш муха вовшахкхетта а. Баккъалла а тамаше а хеташ бахархоша тIеоьцург ду, хи бухара хьалабевлча санна цхьаболчу Iедалдайша «хьовсийша доккха хIума дац иза, оццул бала а кхочуш, дог а лозуш кхаьжнаш туьйсийца наха» бохуш телевизионехь деш долу къамелаш.

Къамелаш до оццу нахана, шаьш и кхаьжнаш мел бертахь, мел доггаха, муха, хIун дагахь туьйсу ца хууш санна. «Нохчийоьнан дог» маьждигана тIаьхьакхиина, 14 миллион гергга аз долуш йогIуш йолу «Коломенский кремл».

Дика, тоьлла, маьIне хIоллам-гIишло къастош Оьрсийчохь дIахьочу къовсадаларех Iедалдай мел жигара хьийзахь а, «Коломенский кремл» хьалхарчу меттехь юьсур ю аьлла хеташ бу аса къамелдина болу нах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG