ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Парижера Итум-Кхаьлла хьажа-хIотта


Нохчийчоь -- Нохчийчоьнан коьрта меттиг Соьлж-ГIала, 29Охан2013
Нохчийчоь -- Нохчийчоьнан коьрта меттиг Соьлж-ГIала, 29Охан2013

Аьхке тIекхачарца алсам бовлу Нохчийчу Малхбузера Европера а, кхечу пачхьалкхашкара цIаоьхуш болу нохчий. Ши-кхо бутт а боккхий, юха боьрзу уьш, шаьш дIатерделлачу пачхьалкхашка. Дуккха а ойла ян хIуманаш хьо цара шайца дIа.

Нохчийчоьнан Iедалш, цхьа юкъана жигара политика йолийнера, пачхьалкхан дозаналла арахь бехаш болу мухьажараш цIа берзо. Амма, хIокху Iедална тIетайна берш а, цIа а бохий, кхузахь телехьожийлехь, царна тамехь долу къамелаш а дой, юханехь, къедачу а, паргIатчу а Европе юхбоьлху.

Хаало, деххачу шерашкахь, оцу хьолехь хан яьккхинчу нахана, хала ду, таханлерачу дийнахь Нохчийчохь долучуьнах дIае. Ткъа, кегийчу берашна-м, гуттара а хала ду, буьрсачу юккъараллехь, лела а даха а.

Амма, тIаккха а, шай орамех, матах ца хадархьам, Европера дукха а нохчий цIа оьху ханна. ХIора шо моссуза долу, и терахь лакхдолуш а ду церан. Махкахь некъашца дукха мешанаш ю, кхечу пачхьалкхийн номерш а йолуш. Дукхачу хьолехь уьш минивэн машенаш ю, шорта чу нах а, церан а хIумш а тарлуш йолу. Ягар ца йича а, гуш ду, Бельгерий, Голландерий, Францерий машенаш дукха хилар.

Мадина цIе йолу зуда, Францехь ехза II шо ду. Шен цIинда велча, диъ бера а эцна, шен марвешийн доьзалца дIаяхьара иза цига. ЙиолгIа аьхке ю иза, Нохчийчу шен мел долу бера а далош цIа йогIуш йолу. Шаьш Европехь сецаран бахьан хIун ду дийцира цо маршо радиога.

Мадина: « Тхо хIокху шина-0кхаа шарахь цIа догIуш у ду кхуза. Бераш доьшуш долун дела цигахь соьцуш а дут хо. Тхайн гергарчу нахах марзо а оьцуш, ишшта Iаш дут хо цигахь. ДIа ма гIо а ала луура дара суна нохчашка цига, цIа даьхкина долу тхо дика леладе а ала луура дара. Тхайн рицкъ мел ду, цигахь Iийра ду.ледар лелош а дац тхо цигахь, амма, цIахь доцург дош-м дац.

Нохчийчу цIа йогIуш хазахетачу Мадинас терго йо, кхузахь адамаш дукха хийцаделла хилар. Ваша-йиша, гергар нах, кхузахь бацахьарий, цуьнан гIийлачу озе ладоьгIча мьоттало, иза цкъа а цIа йогIура а яцара аьлла.

Мадина: « Нах чIогIа хийабелла аьлла хетта суна замано шен лар юьту нехан леларна тIехь. Марзо а, уьйранаш а хьалха санна ца хилар гуш ду. Шелделла адамаш вовшах. Цига дIабаха лаам болуш нах бу аьлла а хета суна. Тхо тIом болуш дIадахнера.ХIинца тIом а бац. ТIаккха а шай рицкъан тIе дIадоьлху адамаш».

Нохчийчуьра, тахана дукха адамаш Европе, къаьстина Германи пачхьалкхе дIаоьхуш хилар, гучудаьлла дукха хан йоцуш. Болчу хаамашца, цхьана БIачи-юьртара цхьана дийнахь шай цIа а, бахам а дIа а тесна, дIаяхна 300 стагах хIоьттина йолу тоба.

Ша верг Германи дIа а кхаьчна, цигахь уьш тIе а эцна, элира Маршо радиога, Соьлжа-гIалахь долчу «Мемориалан» декъехь. Тахана, дуьйцуш ду, машенах I20 эзар сом делча, цо вадвой Шенгенан низамаш лела доза хада а дой цига вуьгу бохуш.

Гуьйре тIейогIучу хенахь, гIеххь кIезгло, Даймахка хьажахIотта баьхкинчу Европерачу нохчийн терахь. Шай-шай баланашна тIе юхбоьрзу уьш, шаьш хан лехинчу тховкIелонна. Амма, иза, хан мел йолу, цIенна хьесапе йоьду. Ткъа, цигахь динчу а, хьалкхииничу берашна-м иза бакъдолу шай цIа хета.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG