ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров тоьлла Оьрсийчохь хьиджаб къовсуш иккхинчу къовсамехь


Нохчийчоьнан парламенто еарийдийнахь дешаран низам а хуьйцуш, магийна школашкахь хьиджаб лело а, дино ма-хьоьхху духар доха а. И хаам баржийна парламентан сайтехула.

Дешаран, Iилманан, синбахаман комитетан куьйгалхочо Хазбулатов Бекхана аьлла, «къоман Iадат, динан башхаллаш йохош хуьлийла дац кхетош-кхиоран хьесапаш». Цо бахарехь, керла бакъо яц «Оьрсийчохь дешар» низаман 38-ФЗ артиклца шалхайолуш.

Хьиджабах доьзна низам кечдан долийна Нохчийчоьнан парламенто Оьрсийчоьнан дешаран министран Васильева Ольгинний, мехкан куьйгалхочун Кадыров Рамзананний школашкахь корта бусалба хьесапехь къовларх лаьцна къовсам иккхича.

Васильева дуьхьал яра динан атрибутика школашкахь лелийта, ткъа Кадыровс иза бехкейира, иза шена хетарг толон гIерта, аьлла.

Нохчийчоьнан парламентан спикеро Даудов Мохьмада дагадаийтира низам тIеоьцучу кхеташонехь Кадыров школашкахь бусалба духар лелорна тIетовш вуйла.

XS
SM
MD
LG