ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Цхьатера ца го Нохчийчура хьал оьрсийн а, нохчийн а бакъонашларъярхошна


Франци -- "Committee against tortures" "Къизалашна дуьхьал комитет" цIе йолчу вовшахтохараллан куьйгалхо адамийн бакъонаш ларъярна цунна делла ПАСЕН совгIат а карахь, 23Манг2011
Франци -- "Committee against tortures" "Къизалашна дуьхьал комитет" цIе йолчу вовшахтохараллан куьйгалхо адамийн бакъонаш ларъярна цунна делла ПАСЕН совгIат а карахь, 23Манг2011

Къилбаседа Кавказехь адамийн бакъонашца долу хьал юха а дийцина Соьлжа-гIалахь дIаяхьанчу, Оьрсийчуьра юккъаралла кхиоран кхеташоно. Даиман а санна бехкечера цIераш а ца йохуш айдина дара адамийн бакъонашца доьзна долу хаттар. Аамма. "Къизалашна дуьхьал комитет" цIе йолчу вовшахтохараллан куьйгалхочо Каляпин Игора динчу къамело дохийра и тайна сурт.

Эстемирова Наталья йийна, карийна 4 шо кхача дукха хан кхача ца йиссинчу хенахь, Соьлжа-гIалахь тIаьхье-хьалхий дIаяхьна, КъилбаСеда Кавказера адамийн бакъонашца а, юккъараллийн-политикца а доьзна долу хьал дуьйцуш йолу лаккхара шиъ цхьанакхетар.

ХIоруза, шинна а кхеташонехь дакъалоцуш бара, гонахьара республикашкара векалш а, Москохара лаккхара хьакамаш а. Мотталура дара, цигахь, гIараяьллачу бакъонашларъярхочуьнна Эстемирова Натальин, цIе йокхкура ю, къиза йийна йолчу. АПмма, ишшат ца хилира. Белларш бийца гулбеллачух тера дацара уьш.

Оьрсийчуьра юккъаралла кхиоран кхеташоно Соьлжа-гIалахь дIахьош йолу форум а яра, шена яьккхий Iалашонаш хIиттина. Дукхачара, дийцарехь, Нохчийчохь адамийн бакъонашца долу хьал, уггаре а лекхачу тIегIан тIехь ду аьлла мах хадабина. Республика кхуьуш а ю, оцу тIегIан Iтехь яьккхи гIулчаш а ю йохуш, бохуш, бухахь долчу Iедалшна тамехь долу къамелаш дора.

Амма, оцу кхеташонехь, «къизалшна доьхьала комитет» цIе йолчу цхьанатохараллийн куьйгалхочо Каляпин Игорьс динчу къамело, дешнашца цхьаболчара кхуллуш долу хаза сурт харцийра. Цо аьллера, шайга тахана а, стаг вигина, лачкъийна, къизалша йина бохуш, адамаш аьрзанаш деш ду.

Ша Каляпинца къамел дойла ца хилира Маршо радионна, амма, цо куьйгалла дечу цхьанатохараллийн белхахочо Бабинец Сергейс, дийцира, таханлерачу дийнахь, Нохчийчохь адамийн бакъонашца долу гIуллакх муха лаьтташ ду.



Бабинец Игор
Бабинец Игор
Бабинец Сергей: «Адамийн йохочу бакъонех лаьцна аьлча, тIаьххьарчу хенахь, тхоьга массийта арз кхаьчна, тайпа-тайпана низамаш дохийна а, къизалш а йина аьлла. И къизалша яьлле, нах лачкъийна бара, герз а долуш, тIеман барзакъ доьхначу наха, тIехь цхьа а билгалонаш а йоцуш. Нах шай цIера а буьгура, урамашкара а.

И тIеман барзакъ доьхна хилла болу нах, полицийн белхахой хилар къаьстара. Цара низамехь а доцуш нах чохь латтабора, массийта сахьтан тIера, батте кхаччалца.ХIинчу тхоьгахь толлуш ду 5 арз, лар йоцуш нах барца доьзна долу. Цхьаболу нах, мичахь бу карабора, гергарчарна, ашй цхьацца уьйранашкахула, ян «Мемориалехула».

Бакъонашларъярхой а, Къилбаседа Кавказ а, къаьстина Нохчийчоь, цхьана догIуш хIума ца хичла, шуна Iаткъам беш хIума леладой кхузахь, аьлла деллачу хаттарна ишшта жоп делира, «Къизалшна доьхьала комитет» цIе йолчу цхьанатохараллийн белхахочо Бабинец Сергейс.

Бабинец Сергей: «Iаткъам дешнашца бен бац. Ницкъаца Iаткъам беш бац. Нагахь санна, Нохчийчоь хьахийча, ницкъ баран кхерам тхуна хIинцаллца кхаьчна бац, делан къинхетамца».

«Къизалшна доьхьала комитет» цIе йолу цхьанатохаралла, Нохчийчу кхъечира, махкахь тIаьхье-хьалхий, Эстемирова Наталья а, дукха хан яьлле судалаева Зарема а, Джабраилов Алика а дийначулла тIехь.

Меттигера бакъонашларъярхой, кхерамехь болун дела, сацама бинера, Оьрсийчохь бакъонашларъярхойх вовшахтоьхна тоба а кхоьллина, кесст-кесста белхахой хийца а хуьйцуш, цаьрга Нохчийчохь болх байта. Мттигерачу бакъонашларъярхошка, кхузахь и болх балура бацара, аьлла хета Бабинец Сергейна.

Бабинец Сергей: «Нохчийн бакъонашларъярхойх кхета мегар ду. Ваха а вехаш регионехь, адамийн бакъонашца боьзна болх бан а, чIогIа хала ду. Массарна а даг ма догIу, Эстемирова Натальина хилларг. Иза а яра кхузахь ехаш а, болх беш а. Цуьнана болх бахьнехь хилла а мега иза.

Кхузахь болх бан а, ваха а чIогIа кхераме ду. Дукхачарна кхеташ ду иза, цундела, кхераме долу гIуллакхаш, масла, нах лечкъорца а,долу гIуллакхаш, полиции а , ОМОН а юккъахь йолуш, ца дийца а гIерта, ян кIеззиг бен хьах ца до, шайна а, шай гергарчарна а кхерам кIезгбархьам.

Тхо кхета царах. Тхайн болу ницкъ оцу хIуманна тIебохуьйту оха. Ишшта долу кхераме гIуллакхаш, оха талла тхайна тIелоцу, кхузахь болх беш болчаран кхерам ца хилийта».

Хьалхалерачу барамашкахь адамаш лар йоцуш довш дац Нохчийчохь. Амма, тахан а, стаг вара, иза чуьра схьаваьллачу доьзална боккха бохам хилла Iаш дац. Иза, доккха эхь долуш хIума ду, кхуьуш йолчу, дуьненан туризм яьржоран йоххьехь лаьттачу Нохчийчоьнан. И скахташ гучудогIучу бакъонашларъярхошна гIо лаьца дика хира дара Iедалша шайна, аьлла хета царна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG