ТIекхочийла долу линкаш

Несарахь депутаташа, массара а цхьабосса къобал а деш, хьалхарчу декъанна тIечIагIдина Депортацин Де тIекхочуш, шайн сацамца Сталин вазвар, цунна сийдарца васташ кхоллар, хIиттор махкахь доьхкуш.

Амма хир долуш ду шолгIа дийцарш а – тIебогIучу беттан шолгIачу дийнахь.

Оцу низамах догъайделла гIалгIай а болуш, дIабаьхьира махко а, цуьнан куьйгалло а 23-чу дийнан тезетан барамаш, гуламаш.

… Амма дийнан делккъехь тоьхна кIора санна, даьржира Сталин нажжазвинчу парламентан спикеран Евлоев Зеламхин рогIера дIахьедар. Къомо бохам дагалоцу де ГIадужу-беттан 30-чу дийне дехьа а даьккхина, ерриг а Оьрсийчоьно а санна, цуьнца цхьаьна деза денош вай а даздича хIун дара-те, хаьттина Евлоевс парламенте.

Евлоев: «Халкъан гуламе хатта лаьара суна, репрессеш лайначу къаьмнийн цIарх вай дехча хIун дара те федералан куьйгалле, ГIадужучу-беттан 30-чу дийне татта лаьа репрессийн де, аьлла. Ткъа Чиллан-беттан 23-гIа де а, Охан-беттан 8-гIа де а, Оьрсийчохь а санна, вай даз а деш дIанисдича…».

Стенна хилла и карчам де бен юкъа ца дулуш Евлоевн кхетамехь?

Хала ду ала. Москохарчу коммунистех озавелла хила а тарло. Цара дехна Оьрсийчоьнан прокуроре ГIалгIайчоьнан парламенто Сталин тIецакIавар мел догIу лелачу бакъонца таллар. ХIунда аьлча, Евлоев ца дехча а волуш, Оьрсийчохь цо дуьйцу де ишта а ду лайна репрессеш дагалоцу де.

Гарехь, луларчу Нохчийчоьнан администраторан Кадыровн лорах йига лаьа Евлоевна ГIалгIайчоь – теттина, вайнах махкахбаьккхина де дехьа а даьккхина, сакъийзамечу иэсах шайн къам а мукъа а даьккхина, Кремлна хьалха диканиг а хуьлуш, Оьрсийчоьнан Эскаран де а даздеш, дахийта.

Ткъа официалехь Нохчийчоь шена Кадыровс къасттийначу лорах ехира 23-чу дийнахь, Оьрсийчоьнан эскарна хастамаш а беш. Бакъду, халкъ-м ца Iаделира. Ала йиш яцарна, шаьш санначу цхьамма ма-кхайккхора, ков доьллучо иза доьллуш, сагIа лучо сагIа луш, къайлах-къулах баннер уллучо иза уллуш. Ткъа уггаре дукха дара адам ватсапехь, социалан машанашкахь депортацин де дагалоцуш а, мехкан куьйгаллах кхаьрдаш а.

Адамехьа юьхь-марш ерзош лаьттара Оьрсийчуьрчу цхьана политикаша, Iедалан дакъоша, кхо шо хьалха Кадыровс вайнахана лазаме йолчу историн агIо шен кепе ерзийна, карча ца йинехь.

Кадыровс бахарехь, нохчий, гIалгIай шайн бехк а болуш баьхна даймахках. Цо дийцарехь, Iедална дуьхьаллаьттина къоман доккха дакъа, къуйн обаргийн новкъа а даьлла, бала бина Сталинан Iедална, цо цундела депортаци йина. Нагахь санна, адам шен семантIехь сацо, хьалхавала шен да Ахьмад санна цхьа лидер хиллехь, къам а лартIа лелла хир дара, махках дохийна а хир дацара, бохуш дуьйцу цо кест-кеста. Хаамийн гIирсашка ладоьгIча го, Кадыровн и верси Кремлна а тайнийла.

ХIинца ГIалгIайчоьнан парламентан хьалханчас, цуьнга вист а ца хуьлуш ладоьгIучу Евкуровс, кхечу хьаькамаша и Тезетан де гуьйрене дIататта бохуш цIеххьана динчу къамело догдохийна массо а санна гIалгIайн.

Резабоцчийн цIарх санна ду интернетехула мехкан вахархочо Хаутиев Бахьавдина дина дIахьедар. Иза реза вац шайн парламентна а, цо къоман Тезетан де дехьататта деза аьлла динчу къамелна а.

Шайн-шайн бахьанашца, хьалхалерчу замано къаьмнашна беана баланаш халкъашка бийцбайта арабевлла хьийза таханлера политикаш, царна муьтIахь болу историкаш. Оцу некъо Iедалх хердо адам, кхардадо. Цундела нисло хьал хьаькамийн цхьа кхетам, цхьа даздарш, цхьа дахар а долуш, пачхьалкхарчу бахархойн шайн кхетам, шайн тезеташ, шайн дахар а долуш.

XS
SM
MD
LG