ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мила ву имам Цечоев вейта гIоьртинарг?


Несарарчу кхело набахте хьажийначу Аптаев Рустама ша зулам дан араваьккхинарг Делимханов Адам ву аьлла.
Бзаров Аслан

Талламо бахарехь, Нохчийчуьрчу вахархочунна 30 эзар доллар луш хилла цо гIалгIайн Iеламча вехь

ГIалгIайн салафийа-Iеламча Цечоев Iиса вен гIортарна бехкевина Соьлж-ГIалара Аптаев Рустам. РогIехь хаттар хIоьттина талламна хьалха: мила хила тарло Аптаев стаг вен араваьккхинарг?

Тидаме ца эцча ца бовлу низамхой кхелехь ша Аптаевс шега зулам дайтинарг Пачхьалкхан Думера Нохчийчоьнан депутат Делимханов Адам ву алар.

37 шо долу Аптаев лурчаха Несарна гергарчу Iали-Юьртахь, маьждигна гергахь лецира меттигерчу бахархоша. Кхело цунна бехкедина, уьйрашца бина барт а болуш, стаг вен гIортар, низам а дохош, герз лелор, 10 шо тоьхна набахтехь даккха, такха тIедожийна 100 эзар сом.

Сацам кхело кхайкхийна кху беттан 4-чу дийнахь. Цо бахарехь, Аптаевна тIедиллина хилла, Цечоев маьждиге веъча, шел тIаьхьа Iали-Юьрта кхача безачу накъосташка дIахаийтар. И гIуллакх дарна цунна 30 эзар доллар луш хилла.

Бакъду, Аптаевн гергарчара бакъ ца до иза имам вен араваьлла хилла бохург. Цара дийцарехь, иза Несара накъост дIаэцна вахана, ткъа фарзан хан тIекхочуш, ламазна чувирзина Iали-Юьртарчу маьждиге.

"Кавказ.Реалиига" адвокато Бураева Луизас дийцира, таллам боьдуш гIелойина Аптаевна, аьлла. Цунна хетарехь, шайн таллаза дуьсу девнаш Нохчийчуьрчу вахархочунна "тIеоьхкина" гIалгIайн низамхоша.

Зулам толлуш ду. Амма шеконехь ду зулам дайтинарш карор бу бохург.

Ала деза, Кадыровн гонна товш доцу даIваташ дечу Цечоевна дуьххьара еш яц кIело.

Кадыров Рамзана, салафийа яржош бу, бохуш, массийттаза емалбира луларчу махкара Iеламнах. Масала, 2016-чу шеран Чиллан-беттан 2-чу дийнахь Соьлж-ГIалахь вовшахтоьхначу суфийн гуламехь дIахьедира, ша ца магадо салафийашца къамелаш дан, аьлла. ГIалгIайчуьра имамаш Чумаков Хьамзат а, Цечоев Iиса а цкъа кхача тарло Нохчийчу даIват дан, амма шозлагIа кхачахь, церан "кортош тIералелхар бу", бохура Кадыровс.

Цечоевна а, Чумаковна а хьашт дац даIваташ Нохчийчу а баьхкина дан – цара иза парггIат до интернетехула. Вайнахалахь гоьваьлла, наха тергоне оьцуш Iеламча ву ший а. Амма Къилбаседа Кавказехь дин шен куьйга кIел латто гIертачу Кадыровна ца тов и тайпа нах.

Бакъду, ГIалгIайчохь а бу шина Iеламчина Нохчийчуьра Iедал тIелуьйш хазахетарш. Ша мехкан муфтий Хамхоев Iиса а тIехь – Несар-Коьртера Чумаковн маьждиг ницкъаша даккха гIоьртира иза цкъа. Вон юкъаметтигаш ю Чумаковца а, Цечоевца а БатIал-Хьажин вирдан а. Муфтина уьш ца тов шех бозуш бацарна, вукхарна ца деза шайн вирдера нах салафийан мазапе дIагIерташ.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG