ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Суьдхо Шелара а ца хиллехь…


Титиев Оюбан дов теллина даьлла, кхелан сацам ларбан дуьсу хIинца

Адамийн бакъонаш ларъечу "Мемориал" центран Соьлжа-ГIаларчу декъан куьйгалхочун Титиев Оюбан девнехь ладегIарш дерзийна Шеларчу кхело дIадахначу кIиранах.

РогIехь ду агIонашка дош алийтар, тIебогIучу Зазадоккху-беттан 11-чохь, цул тIаьхьа шен сацам кхайкхор бу кхело. Дагадоуьйту Титиев бехктакхаман кодексан 228-гIа артикл талхорна (алссам наркотикаш лелорна) бехкевеш хилар а, и бехк кхело цунна тIехь битахь, набахтехь даккха иттех шо тухург хилар а. Зулам даккхийчех ларало, амнистина буха догIуш а дац, туху хан, сацам кхайкхийна баьлча, лахъян мегаш а дац.

Титиевс ша а, цуьнан адвокаташа а диллина чIагIдийриг цхьаъ ду – дов тоьшаллаш а доцуш айдина, наркотикаш полицино бухакхийсина. Делахь а, дац кхело оцу могIарара дареш тергалдеш а.

Ца эцна кхело тидаме махкарчу "баккхийчу хьаькамаша" Титиевн хьокъехь низамца гарадовлу дIахьедарш деш лаьттина хилар а, масала, бакъоларъярхой "халкъан мостагIий бу", цаьрца дерг "Салам Iалайкум, аьлла, чекхдаккха деза" Кадыров Рамзана бахар.

Оццу маьIнехь дара Титиевн кхел йоьдучу юкъанна парламентан спикеро Даудов Мохьмада баьхнарг а: "цхьацца "комитеташкахь", "центршкахь" болхбеш болу бакъоларъярхой" бу социалан машанашкахь Кадыров Рамзанан аккаунташ дIакъуьйлуьйтурш.

И тайпа дIахьедарш дан хьаькамаш буьйлалушшехь лецира Титиев Оюб. Цуьнан тидам бира Оьрсийчуьрчу а, дуьненаюкъарчу а бакъоларъярхойн гонаша.

Титиевна дуьхьал баьхна дуккха бара тешаш. Амма уьш берраш а санна полисхой бара 70 гергга стаг. Дукхахболчу тешашна ца хаьара шаьш кхеле муха, хIун ала деза. Беламе вара, масала, коьрта теш Басханов Сулиман. Цо шена "вайна Титиев кIомал узуш, хIунда аьлча, цунах наркотикан хьожу йогIура", аьлла, тоьшалла дира кхелехь. Мехкан телехьожийло а гайтира и сюжет.

Тамаше дара Басхановс кхелехь лелийнарг. Халла дора къамел, хьацаро лоьцура, халла лаьттара когаш тIехь, тIаьххьара а юхавелира, шега къамел ца дало, гай лозу, аьлла. Адвокаташа дийхира кхеле Басханов лоьрех чекхваккхар, иза ша ву наркотиках хаьдда, халчохь, аьлла. Ла ца дуьйгIира кхело.

Тоьшаллин коьчалашлахь ю наркотик чохь йолчу тоьрмигах хьарчийна яра, аьлла, полицино девне кхачийна скотч. Цунна тIехь Титиевн чоьш ду, чIагIдо талламчаша. Амма Титиевс а, цуьнан агIоно а бахарехь, и скотч полисхоша шаьш Оюб лаьцначу деношкахь ницкъаша хьарчийна цуьнан бетах, юха схьа а яьккхина, тоьшалле йиллина, иштта дисина цу тIехь чоьш. И эпизод леррина зер дийхира адвокаташа, амма тIе ма дитира кхело.

Стохка Титиев лоцуш шегара доккха гIалат далийтинера полицино. Куьрчаларчу тIай тIехь цкъа саца а вина, "наркотик а карийна", дIавуьгуш шайгара процессуалан шгIалат даьллийла хиича, полисхоша изза сурт юхаловзийна – шозза сацош, шозза машен чохь "наркотик карош". Амма тIахьо иштаниг хилла а дац бохучу позице елира полици. Адвокаташа доьхура Шеларчу кхеле Титиевс телефонехула динчу къамелийн биллинг яккхар – цо гойтур ду полицино Титиев лоцу сцена шозза ловзийнийла, бохура. Ла ца дуьйгIира кхело.

Титиев вацара ша мукъаваккха тарло аьлла хеташ. Шега могашалла хаьттинчуьнга цо олура, шен цергаш яц дика (кхем лелабо цо), "тоьлла протез йийр ю Чернокозовохь, цигахь дика лоьраш бу". Чернокозоворчу набахтехь хан токхуш ву Iедало чувоьллина "Кавказский Узел" газетан корреспондент Гериев Жалавди. Оццу набахтехь текхира шена тоьхна хан политика Кутаев Руслана а. Наркотикаш яра шинна а дуьхьаъяьхнарш.

Тоьлла дац дов листарца хьелаш "Мемориалан" кхечу белхахошца лелийначу харцонашкахь а. Титиев лаьцначу муьрехь нисделира Несарахь оццу Центран офис ягор а, Дагестанерчу коьрта мемориалхочунна Дациев Сираждинна къиза еттар а. Дац теллина зуламаш я Несарахь а, я ХIинжа-ГIалахь а.

Титиева Оюб бехказа хьийзаво, мукъаваккха баьхна Оьрсийчоьне Европерчу а, Iамеркарчу а, кхечу континенташкарчу а хьукматаша, политикаша. Амма царна ур-атталла жоьпаш а делла Москварчу хьаькамаша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG