ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Паччахь-м дика вара, цуьнан го бу-кх вон..."


Цул тIаьхьа гIарьяьлла цу ламанхочу а, и вехачу юьртан а цIерш. Цунна а,цуьнан доьзална а тIеман барзакъ дуьйхинчу наха кхерамаш а тиссина,хIаваэ герз деттар биста кхаччалц. Официалан кхайкхо эшна а доцуш, Джалалдинов Рамазан, цо ша дийцарехь, тIебазбеллий лаьттачу кхерамах ведда цIераваьлла а лелла цхьана ханна.

Цо шена цIаверза некъ лоьхуш, Iедалдай къинтIера бохуш, къамелаш а хазийна телевизионехь. Бакъду, цуо арз-леткъам бина шо кхача герга делахь а,цо ша даре а деш, шен гIуллакх тешаме ца хета Джалалдинов Рамазанна. Кхузара иза хIуттуш вац эвла а вирзина,кхиболу шен юьртахой санна,сапаргIат Iа а,ваха а.

Цу хьокъехь цо совнаха а дIахьедар дина Нохчийчуьра бахархой жоьпе ийзор,царна тIеIаткъам бар дийцаре деш хIинцца Москвахь дIаехьначу пресс-конференцехь. Цига кхачар муха нисделлехь а цу гуламан хьаша-декъашхо хилла Кенхи юьртара ламанхо Рамазан а,»Гражданское содействии» комитетан кортехь йолу бакъонашларьярхо Ганнушкина Светлана а, «Новая газета « журналист Милашина Елена а кхиберш а.

И конференци дIа а йолаялале Джалалдиновс аьлла:» Сайна баланаш бу ас балхориш… Суна цхьа бехке ван а ца лаьа,я цхьанне вон болх хуьлийла а ца лаьа».

Долуш дерг аьлча цхьаболчара Джалалдинов,цкъа цхьаъ дуьйцуш, юха кхин дуьйцуш, коьртана дика воцуш лору.

Кхечарна хетарехь иза,Iедална тIехь хьоькх-томмагIа кхоллийта,цунах тешам байа цхьамма,дан дезарг а,ала дезарг а хьоьхуш, леррина «куьг лаьцна» лелош, вайнаха хIуьппIаьлдиг олу,адамийн сибтехь тайниг ю.

Цхьабакъду, Джалалдинов Рамазан дуьйцург дахарера бакъ сурт лоруш берш а бац кIезиг. Кху чохь Iедалан гIуллакхъхоша ,маьхькIамхоша,низамхоша лелош дерг гуш дацахьара Джалалдиновс мел дуьйцург харц лерина IадIам хала дацара боху ишта хьажам болчара. Царех ву Новр кIоштера вахархо Ката а.

Ката: «Валлай и Джалалдиновга боцу бехк кхийдабо аьлча со теша-м теша. Стенна аьлча кху кIошташкахь,ярташкахь лелош дерг,нахана беш болу ницкъ суна а,нахана а гуш ма ду. КIадбоцчу бахьаненна а машен дIайоккху.ток,газ дIахадайо.

ХIинцца 12-чу дийнахь бахка а баьхкина чоь юьззина бераш долчу сан лулахочун токан телаш дIа а хедийна, дIабахи. Эхь дац иза. Цуьнан таро ю я яц стенна ца хьовсу, шаьш нийсо лелайо бохуш кхайкхош а хилча? Кхузара харцонаш гуш йолу дела и стаг а бехк боцуш хьийзавой те аьлла хета-кх суна».

Махкара бакъ сурт, хьулам бина хIума доцуш,ма-дарра бахархошкара хьал-де,уьш мел зовкх хьоьгуш бу урхаллехь берш дуьхе ца кхуьуьйту а моьтту цхьаболчарна.Цундела дебаш лору цара кхузахь кхачамбацарш а,галморзахаллаш а.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG