ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кутаев Руслан дIа ца хийци набахтера...


Еарийдийнахь Нохчийчоьнан Лаккхарчу кхело листина набахтехь кхобу Кутаев Руслан аттачу хьелашка ваккхарх йолу аппеляци. Ца магийра иза хенал хьалха набахтера аравалийтар.

Iуьйранна хила еза кхел делкъенга теттира. Сацам бинчул т1аьхьа кхелан ц1енна хьалха лаьттачу нахана т1евеара адвокат Заикин Петр. Цо бовзийтира кхелан сацам: Кутаев Руслан хеназа хьалха араволуьйтуш вац, цо масех де хьалха набахтин низам дохийна боху, аьлла.

Ша чIогIа цецваьккхина сацамо, элира адвокато .

Кутаев хIинццалц набахтехь низамо ма-доьхху хан токхуш ву баьхнера хьаькамаша, ткъа хIинца кхин дуьйцу.

Заикин: «Цо набахтера низам цкъа а дохийна дацара. Мелхо а, дикачу агIор иттаза билгалваьккхина иза набахтин куьйгалло. Ткъа хIинца низам дохорна бехкево».

Аппеляцин кхелехь Кутаев Руслан реза ца хилла дакъалаца. Цуьнан бахьанаш шен шеггара дийца йиш яц, элира адвокато Заикин Петра.

Адвокатна Заикин Петрна хIинца ала ца хаьа, кхидIа муьлхачу агIор бан беза Кутаевгахьа ша бен болх, иза дозу шен Кутаев Русланан лаамах, цуьнца дагаваьллий бен, шен дан хIума дац, элира цо.

Заикин: «Суна хетарехь, оьшу кхидIа а болх бан. Амма Русланан лаам ца хилча, сан иза дан бакъо яц. Цунна хетий, ша набахтера хенал хьалха аравала веза аьлла, тIаккха цу тIегIанехь болх бийр бу. Низамо бакъо ло иза дан. Русланан лаам суна цкъачунна хууш бац. Лаам хилахь - болх бийр бу».

Кхелан хIусамера арадевлча, Кутаев Русланан вешига Ширванига хаьттира Маршо Радионо, муха тIеоьцу бина сацам гергарчара, аьлла.

Кутаев: «Русланан дукха хан яц йисина. ГIуран-баттахь, Дала мукълахь, аравер ву. Цхьана агIор, ца лаьа, и сацам къовса. Цунах гIуллакх хир дац, олу цо. Оха сатуьйсу иза араваларе. Цхьа хIума ала а луур дара суна: набахтера куьйгалхой реза бу цунна. Иза царна а ву реза. Iер-вахар а, юург дика ю а боху Руслана. Иштта хьал ду-кх…».

Нохчийчохь а, дозаналла арахь а вевзаш волу политик Кутаев Руслан 2014 шарахь дIалецира Соьлж-ГIалахь нохчийн къам махкахдаккхар дагалоцуш концференци цо х1оттийначул т1аьхьа. 4 шо хан туьйхира кхело, бехкевира наркотикаш лелорна. Бакъонашларъяран «Мемориал» центро а. Дуккхаъчу кхечу наха а политикан тутмакх лору иза.

XS
SM
MD
LG