ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Суртдиллархо Чамаева Асет - шен сино бохург бен цадийриг


Муртазалиева Зараъ

Нохчийн суртдиллархо Чамаева Асет дуккха хестийна суртдиллархойн гайтамашкахь. Даймахкахь а, цул дехьа а. Оьрсийчоьнан а, ЮНЕСКО-н а суртдиллархойн цхьаьнакхетараллийн декъашхо ю иза. Дуккха а даьхна цо дуьненаюкъара совгIаташ. Парижерчу ЮНЕСКО-н коьртачу хIусамехь а лаьттина цуьнан суьртийн гайтам.

32 шо ду Чамаеван. Суьрташ дахка йолаелла 2007-чу шарахь. Юьстахара хьаьжча, хетало, шен некъ цо атта болийна, атта дIахьош а бу, олий. Амма дац иза бакъ – хала кхаьчна аьттонийн баххьашка.

Кхо шо долуш полиомиелито лаьцна Асет. Церебралан ан (ДЦП) доьлла цунах. Меттахь йиса, гIудалкхахь лела тIедоьжна. Амма ца къаръелла йоI, юьхьанца – йолаяла Iаьмна, тIаккха - ша-шех суртдиллархо йина. ХIинца иза серло, бIаьрла кхетам баржочу адамийн могIарахь ю.

"Кавказ.Реалиин" корреспонденто къамелдира Асетца, суртдиллархочо бовзийтира шен белхаш, Iалашонаш, дийцира, муха къарйо ша цамгар.

Асет Чамаева
Асет Чамаева

- Муха болийра ахь, Асет, суртдиллархочун некъ?

- Гонах мел долучо тоьттура со айса тахана дечунна тIе. Тайнигийн метта, суна дас-нанас, гергарчара кIоламаш, албомаш, фломастерш лора. Сайна дага мел догIу бералла ас дарбан цIеношкахь, санаторешкахь даьккхина. Со когахIоттаре сатуьйсуш, суна дарба лоьхуш, дас-нанас ерриг а Оьрсийчоь яьккхира.

Сатийсинарг кхочуш хилира – гIаьттира со заьIапхочун гIудалкхара, Iасанашца лела Iемира. Бакъду, молханаша а ца дира иза, ас айса дира – чIогIа ца дезара суна Iиллар.

Нанас олу, ас цкъа а ца бора леткъамаш, дерриг а айса дора. Иза соьца бераллехь дуьйна ду, ца лаьа суна сайн дакъазалла елхо, хьегна баланаш дагалеца – сан-м хан а яц леткъамашна яйъа!

Дерриг хаа лаьа, ца деза цахаарша сайна детта доза. Профессионал хила гIерта, сайна хиинарг кхечарна а хаийта гIерта – хаарш оьшуш мел волучунна.

Суьрташ дахкарца цамгар эшийра ас, тIеман шерашкахь оцо йоккхура со гIайгIанех хьалха. Юьхьанца, айса-сайна олий, дохкура суьрташ, тIаьхьо профессионал хила лиира. Нохчийчохь суртдиллархочунна деша цхьаъ бен йоцчу институтан факултете яха юьйлира со, амма цига хIуттуш дехначу ахчан барамо къахкийра, ца хилира сан лаам кхочуш.

Бакъду, бац соьца дагахьбаллам.

Чимаева Асет "Атта боцу некъ"
Чимаева Асет "Атта боцу некъ"

- Хьайна суьрташ дахка Iамийнарг Элмирзаев Саид-Эми ву олу ахь (Элмирзаев С.-Э. ву Краснодарехь суртдиллархойн доьшийла яккхина волу суртдиллархойн цхьаьнакхетараллин декъашхо, мозаикан, литографин, гравюран говзанча – ред.) Муха кхийтира иза хьох?

- Шатайпа дара тхан довзар. Иза суна гале шо хьалха сан суьрташка хьажна хиллера со евзаш волу цхьа стаг, оцу стага гайтаме хIитто сан суьрташ дийхира. Цхьа хан яьлча гайтаман дайша телефон туьйхира соьга, элира, хьалхара меттиг яьккхина сан суьрташа. Цул сов, бохура цхьана Францерчу фондо деша а, дарба лело а кхойкху со шайн пачхьалкхе. ЧIогIа хазахийтира суна, со дахаре ерзош кхаъ бара иза. Амма дукха хан ялале кхин цкъа а телефон туьйхира, элира, шаьш галдевлла, суна ца белла, сан санна Асет цIе йолчу кхечу йоIанна белла хьалхара меттиг.

ТIом бара хIетахь боьдуш, зIе ледара яра, цундела толлийла дацара хилларг. Халчу хIоьттинера со, суьрташ, басарш, массо а гIирс схьа а гулбина, цхьа сурт бен ца дуьтуш - иза деза дара суна – дерриг а дагийра ас.

Цул тIаьхьа шо делира. Цхьана дийнахь неI туьйхира тхан. Шо хьалха суьртийн гайтам дIабаьхьначу тобанах вара тхоьга веана стаг. Иза цецваьллера со цIахь карийча – Францехь стенна яц, бохура. Къамел дерзош, хаьттира, лаьий суна Элмирзаев Сайд-Эми вовза. Гайтамехь айса баьккхинчу "толамах" кхин хIума ца хууш йитира со, делахь а карийра сайна хьехархо.

Айса дийна дитина цхьа сурт а эцна, Сайд-Эми волчу яхара со. Дуьххьара цо хаьттинарг дара: мел хан ю ас сурт дилланза? Шарахь басарш хьадина а дац ас аьлча, цо довдира суна. Иштта йолаелира со говзанчина гонах хьийза. Сан хьехархо ву иза массо а маьIанехь – сурт дилла а, дахарх йола а Iамайо со цо.

Чимаева Асетан сурт
Чимаева Асетан сурт

Со ца тешара 22 шо кхаьчначу адамах суртдиллархо-профессионал хилало бохучух. Спортехь а, кхечу похIме гIуллакхехь а санна, беран шерашкара доло деза хIума Iамо, бохура суна сан кхетамо. Амма сан хьехархочо со харц ю олура. Дукха хьолехь суна хета, Сайд-Эми сох тешаро, сайга цо гуттар а къахьегийтаро йина сох суртдиллархо, олий.

Сайд-Эми волчу яханчул тIаьхьа шо даьлча ийцира со Оьрсийчоьнан суртдиллархойн цхьанакхетараллин декъа. Деладенна сахьташкахь суьрташ дохкуьйтура цо, дукха йоьлхура со, куьйгаш, когаш эгочу, цара дIа а ца лелочу хьоле хIуттура – иза хIинца дагадеача, теша а ца теша со-м!

Чамаева Асетан сурт
Чамаева Асетан сурт

- Бераш цамгарца къийсадала Iамадо ахь, юкъарчу проекташкахь дакъалоцу, хьоьхуш а ю хьо. И дерриг а муха дIалеладало хьоьга, Асет?

- 2013-чу шарахь заьIап берашна гIодечу дистанционан школе хIоьттира со. Суртдиллар хьоьхура кхин а цхьана меттехь, берашца цхьана белхаш а кечбой, уьш музейшка гайта хIиттабора, суьртийн къовсамашка бохура. ЧIогIа тара иза берашна, со балхара дIаяьллачул тIаьхьа а лелара уьш Iама ас суьрташ дохкучу цIентIе.

Цхьацца похIманашна лерина студи йиллира ГIалахь. Цигахь ас дакъалоцура юкъара проекташ кхочушъеш, волонтерашца цхьаьна Керлачу Шарна совгIаташ гулдора, уьш доькъура берашна. ХIинца ас мастер-классаш ло, интернаташка а, реабилитацин центршка а лелаш, я кхойкху бераш студе, дуьгу лаьмнашка, Iаламе арадоху. Боккха кхаъ хуьлу сайга оцу берийн дай-наноша баркалла аьлча, шайн берашна хиллачу томах лоций дийцича.

Ца хета суна айса заьIапхошна дийриг цхьа доккха хIума. Уьш берраш ю со, царех цхьаъ, сайга сайн дас-нанас, хьехархочо делларг ду ас цаьрга дIалург.

Интернетехула заьIап берийн проблемаш йовзуьйту ас, лаьа тхаьш, заьпахой, наха шайх дIа цакъестадойла, башхалла тхуна лела хала хиларца бен йоцийла, тхаьш уьш саннарш дуйла дIахаийта.

- Бала кхочий Нохчийчуьрчу бахархойн суьртийн? Гайтамаш хIиттабой махкахь?

- Хуьлу дера Нохчийчохь-м гайтамаш, амма эр ду ас, бакъволчу суртдиллархочунна хьалакхиа аьтто ца бо цара. Махкарчу нехан самукъадоккху, царна керла хIума довзуьйту барам бу гайтам. Вай, ма-дарра аьлча, гена ду исбаьхьаллин маьIна дуьззина кхето. Шина тIамах чекхдевлла, иза хила а тарло бахьана. Исбаьхьалла гучохь дац адам, кхин гIайгIанаш бу цаьрца.

- ДуьнентIерчу сутдиллархойн белхаш тергалбой ахь?

- Бовза хьожу со. Дукха хьолехь интернетехула го. Исбаьхьалла болар эцна хьийза тахана: чолхечу концепцашца доьзна суьрташ лардо критикаша, ткъа суртдиллархоша тIех дукха дохку шайн беза-бевзачийн, лулахойн суьрташ. Кечбечу белхийн гуранаш банне а бац, керла хIума гайта гIерта суртдиллархой абсурде а кхочу наггахь.

Суьртан маьIна коьрта лоручу, гойтушдерг башха кхаьстош а доцчу концептуалан исбаьхьаллехьа яц со – суна иза тIех екъа хета. Хуьлу цхьаболчу концептуалистийн маьIнах сихха кхеташ суьрташ, тов суна уьш. Делахь и кхузаман мотт бу – концептуализм, суна герга классика ю. Оцу таханлерчу суртдиллархойн белхаш суна сайн бIаьргашца ца гуш буьсу, цундела хила а мега ишта – интернето суна тIе ца кхачабо оцу суьртийн ницкъ, авторо синкхетамна бен тIеIаткъам хаа ца ло суна. Иза хир ду-кх концептуалист сох цахилар.

Чамаева Асетан сурт
Чамаева Асетан сурт

- Суртдиллархойх уггаре веза мила ву хьуна? Хьенан белхаша дог тIедерзадо хьан?

- Шира адам сайх хеталур делахь а, бах ас, суна классика дукха еза. Таханлерчу суртдиллархошлахь а бу сан бIаьрг белораш – Iаламгайтархо Андрияка Сергей, портретийн говзанча Шилов Александр. Вайн махкахойн суьртех суна тов Яхиханов Рустама дохкурш – къаьсттина цуьнан "Иэсан некъаш къаьстачохь" цIе йолу суьртийн цикл.

Тоьлла суртдиллархо ву аьлла хета суна экспрессионист Юшаев Замир а. Дозанал арахьарчу говзанчех ас тергалво суртдиллархо-акварелист Ли Алан, хазахета цо "МухIарийн доланча" (The Lord of the Rings – Властелин колец) трилогина, "мIаьргонаш а лоьцуш", дехкина суьрташ. Иштта тов суна Хэнкс Стиван белхаш а.

Чамаева Асетан сурт
Чамаева Асетан сурт

- Асет, тIейогIучу хене ехкина Iалашонаш юй хьан?

- Iалашонашший? Ю дера! Бакъду, мел тоьар ду похIма, дегIан ницкъ хаац. Цхьана агIор, суо-сайна чу а йоьлла, ца соццуш болхбан лаьа. Вукху агIор, шен Iина чуийзайо юкъараллерчу балхо, куьг а ластийна, Iад дIа ца битало айса тергоне эцна заьIапхой. Делахь а, суна коьртаниг ду сайн къоман исторехь мелла а гунйолу лар йитар, дийна йолуш нахана иза гойла ца хилахь а, со йоцчу хенахь гур ю нахана и лар.

Чамаева Асет, суртдиллархо
Чамаева Асет, суртдиллархо

КIира хьалха лаьмнашка яханера со. Болх бан, даима а санна. Машенахь тIехбовлуш цхьа нах севцира суна уллехь. Дийца даьккхира суртдиллар, къамел дахаран хорша дирзира, хетта буьйлира, мел ахча кхочу суна сайн балхах.

И де тIехIотталц ас ойла а ца йинера сайна суртдилларо дохьучу рицкъанах лаьцна. Соьца къамелеваьлларг тешар а вацара, лаьмнаш дахкаро суна ахча данне а ца дохьу ас аьлча (юкъ-кара мехах диллар доцург). Гарехь, наггахь бен хуьлуш доцчу адамех ю со – шайн синоша бохург бен цадечех.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG