ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Низам талхийний - яхийта кешнийн керта!


Бахархоша даре дарца, кху деношкахь Нохчийчохь ницкъаллин структураша марсабаьккхина дIахьош бу, машенаш схьа а йохуш, гIуданан лаьттийлашка дIаюьгу мур. Низамхоша лечкъа ца до цу кепара машенаш дIахIиттор Iедалхойн пурбанца деш хилар.

БIеннашкахь дIайохуш ю машенаш, низамо магадар цамагадар тергамза а дуьтуш. ДIаяхарал сов цхьа хан яллалц дIалуш а яц. Ткъа къаркъа а мелла совцийначу долахойн машенаш-м Iедалдайша, дуьненна а хазош, дIа а ма ло аьлла.

Машенаш санна алсам бацахь а полисхойн урхаллашкахь бахархой а бу совцийна латтош. Мелла я кIомал оьзна совцийнарш а бу, таблеткаш олу дIаьвше веттарчий молханаш бахьнехь чохь бохкурш а бу, къола дина а,харцахьа лелла а дIабигнарш а бу.

Уьш массо деш хIума а доцуш чохь ца кхаба,юкъараллина пайдехьа хилийта, некъ карийна Iедалехь болчарна.Ма-дарра аьлча уьш хIора денна а балха кхийла болийна. Масала карарчу хенахь цаьрга тIетаIIийна кешнаш цIандойтуш ду массо бохург санна кIошташкахь. Бахархошна гергахь бертаза къахьоьгуьйтуш мел берш къаркъа бахьнехь тIетеIош бу къинхьегамна,цундела, и нийса дуй даций бохучуьнан кхин ойла а ца еш, могIарерчу нахана и новкъа а ца хета.

«Ма мала кхин доккъана тIаьхьа маларг! Мала а мелла, нахана бале вала веза?! Мала а малий шен чохь Iункъар хIотта,со цагучуьнан ши бIаьрг болийла аьлла, ара а ца волуш! Дика-м ду цаьрга болх бойтуш!» Герггачу барамехь ишта къамелаш хазадо наха шайлахь.

Цхьана кIоштехь велларг дIаверзо мел оьшучу гIирс-коьчаллин дола а деш,галдаьлларг тодеш,кешнашкахь къепе латтош, Делан дуьхьа аьлла нигат а долуш, жоьпаллин болх беш ву соьца къамел деш волу Хаваж цIе йолу бусалба. Цо тоьшалла до полисхоша балочу лецначу наха кешнаш цIандарехь вуно дика болх бо бохуш.

Хаваж: «Тахана а балош бу кешнашка болх бан. Селхана дика катуьйхира цара. Летта валийнарг а хуьлу,мелла балийна а бу. Бехке болуш балийна бу хьуна. Цара шаьш даре ма до. Бехк а боцуш валийна ша бохург суна-м ца хаавелла. Цкъа сан дош ца дохош къа-м хьийгира цара. Ялхитта вара уьш.

Ишта-м тхойций дIа а хIиттина болх бира полисхоша а. Коьллаш,къух,буц дIа а йоккхуш хIинцца кху чохь санна дIа-м цIанйо кешнийн керт. Уьш ца бахкийтича бовлур-кх уьш! Дела реза хуьлда царна.»

Тамаше хеталург ду (кхузахь хIуъу а, низамаца мел бIоста нислахь а, дина карадойту дела хила а там бу иза), йина ян ма еззара кхел а йоцуш, бух болуш а, боцуш а, совцийна латточу нахе, бертахь а, бертаза а белхаш дайтар, нийса ду те я гома ду те аьлла дийцаре дара-м стена дуьйцу, отталла хаттаре доккхуш а цахилар. Бакъдерг дийцича и хаттар делларг кхузахь хIуттуш а вац жоп а дела шеен хьажам бовзийта.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG