ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Сан дог лозу оцу кепехь нахала мел воккхучух"


Соьлжа-ГIала, Коьрта маьждигна хьалхара майда
please wait

No media source currently available

0:00 0:04:22 0:00
Линкана тIе

Романова Софья

Iедална дуьхьал вист мел хилларг телегойтийлехула гезваккхаро аьтто ло баккхийчу хьаькамашна даржашкахь биса, боху нохчаша. Амма царна ца тов оцу кепехь "низам латтор"

Нахана хьалха адамашка "къурд" бахийта марзъелла регион ю Нохчийчоь, аьлча а, цигара хьаькамаш. ТIе телекамера а хьажайой, "паччахь" а, цуьнан го а къинтIера бахар долийна ду массех шо. Дуккха а гайтина мехкан телевизионо и тайпа сюжеташ.

"Къурд" алийта дуьххьара Кадыровна тIебигинчаралахь яра, балхахь шен алапа чусацийча, ватсапехула доггах дош аьлла йолу теркахо Инаева Iайшат – 2015-чу шеран ГIуран-баттахь дара иза.

Цунна тIаьххье валийра теле-кхеле инстаграмехь Кадыровна критика ярна Эвтарара Дикаев Адам.

КхидIа – тIаьхьий-хьалхий, иттаннаш телесюжеташ, кортош охкийна, ша-ша кхетамца галваьллера (галъяллера), шена-шена къинтIера довлахьара бохуш боьлху кегийнах, зударий, къаной...

Нохчийчоьнан доза хададо тIаьххьара а Кадыров Рамзанна "къурд" бохучийн географино. Генарчу Красноярскера схьа, видео чухула, 2016-чу шарахь меттигерчу депутато Сенченко Константина Кадыровга къинхетам бийхира шена – цунах цо "Оьрсийчоьнан юьхьIаьржо" аьллера ша "сихвеллачохь". Кадыровс шен инстграмехула гайтира шега къинтеравалар доьху Сенченко.

Кадыровн масало дикка когаш хецна хIинца. Деношкахь Дагестанан "Э" Центрна хьалха, аьлча а, экстремизмна дуьхьало латточу хьукматан белхахошка шена къинтIерабовлар дехна интернетехь "сов" жигаралла гайтинчу жимчу стага Мугутиев Илеса. Цо ша бахарехь, ницкъхошна дуьхьал цо "сихвеллачохь аьлла цадогIург".

Iедал къинтIера доху практика мел пайде ю, низамца йогIий иза? И хаттар "Кавказ.Реалино" делира Нохчийчуьрчу бахархошка. Ойланаш кеп-кепара хазийра респонденташа. Делахь а юкъара дара цхьа жоп: "къурд" бахийтар товш кеп яцахь а, къиза елахь а, Iедална пайде ю, цо цунна аьтто ло адам шен кога кIел кхаба.

"Вайн нахана бен-башха дац, хьан муха ойла йийр ю шайх лаьцна. Уггаре хьалха кхоьру шайх юьрт, халкъ кхардарна. Телевизионехула ша нахала ша ца ваккхийта, шега "къурд" ца бахийта, дерриг а дан кийча ву нохчо", боху Хьалха-Мартанарчу студенто Iимрана.

Iимранна хетарехь, харцо ю нах телегойтийлехула юьхьIаьржахIиттор. Амма… Масал даладо жимчу стага. Москох дукха хан йоццуш цхьана нохчочо, Хасиев Турпал хиллера иза, метро чохь ша мерза хи мелла гIутакх кхоьссинера вагон чохь вогIучу цхьана оьрсийчунна тIе. Ютубехула яьржира цуьнгара даьлла "хьуьнар" гойту видео.

Кадыровс сихонца Соьлжа-ГIала шена тIевийхира и кIант - хан ялале "къурд" олуш вара Нохчийчоьнан пачхьалкхан телегойтийлехула. Кеп диканиг яцахь а, Хасиевна доггIург дIакхачийра Кадыровс, аьлла хета студентна Iимранна.

Эхьах, бехках, аьндолчу вонах ларло нохчо. Оцо аьтто бо къоманна къам хилла даха. Амма нохчочун оцу амалх шена мукъ бина Iедало, аьлла хета тхоьца къамел диначех дукхахболучарна.

Оцу кепо дика болх бо. Шегара цъхьаъ даьлча, нахала воккху хьал Iедало хIоттийча, адамо шен гергарчех ойла йо уггаре хьалха, цундела лар а ло шегара цхьаъ даларх. "Ахь шайна динарг, аьлларг Iедалхоша хьан гергарчаргара доькху, уьш лелабо лоций, бовдабой. Оцо лаахь а, ца лаахь а садетта, Iедалера юьйлу харцонаш лан декхарево хьо", элира "Кавказ.Реалиига" Соьлжа-ГIалин вахархочо Ислама.

Яц "къурд" бохуьйту кеп пайде. Хилча, бехкала бахана нах стенна гойту телевизионехула юха-юха, керла-керла. Шайл хьалха цу чу баьхнарш ца го царна, адам цунах кхоьруш хилча, бийр барий иштанаш? Дукха яьржина лелча, эффект юху муьлххачу а кепан", аьлла хета Шеларчу Хьасанна.

"Iедал къинтIерадаккха телевизионе вигинчух къахета суна даима а. Сан дог лозу оцу кепехь нахала мел воккхучух. Телевизионо гойтучу оцу мисканийн меттехь хила ца лаьа цхьанненна а. Оцу кепо Iедалх адам оза-м долуьйту, делахь а, ца лаьара-кх и санна йолу телесюжеташ дуьне ма-дду дIасайохийла, къизалла ма ю иза", элира Соьлж-ГIаларчу яхархочо Хедас.

Титиев Аюб лацарна а, набахте хьажорна а ша бехке дац боху Нохчийчуьрчу Iедало. Шу теший цунах?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG