Нохчийчохь Хьалха-Мартанарчу хьуьнхахь лехамийн барамаш дIахьош ши тIемало вийна, аьлла хаам баржийна "Интерфаксо", Къилбседа Кавказерчу назамхойн хьостанашна тIе а тевжаш.
"Интерфаксо" бечу хаамца, шиъ герз долу тIемало гина хилла Хьалха-Мартанарчу хьуьнхахь. Герз охьадилла аьлла омра дича, низамхошна тIе герз детта волавелла ши тIемало, кхелхина тIематасадаларехь.
Агенталло чIагIдарехь, ницкъхошлахь вийна я лазийна стаг вац.