Нохчийчуьрачу хьалхарчу тIамехь майралла, доьналла, цхьана эшшара адамаллагайтина нохчаша. Герз карахь ца хиллехь а,гIаддайначарна гIо-накъосталла деш шортта нохчийн зударий а хилла, даймахка беъначу т1амна дуьхаьлаьтташ. Царах цхьаъ ю 77 шо долу Роьшничуьра яхархо Базаева Пулан.
Бохаман юьхь-сибат аьлла цIе тилла мегар ду Нохчийчуьрчу хьалхарчу тIамехь даьккхинчу цхьана суьртана. Цу тIехь ю йоккха стаг, шен чета бер а диллина, иза кIелхьара даккха хьаьдда йоьдуш. Цуьнан юхь тIехь гуш бу доза доцу бала. Хаало иза шехъ йогуш йоцийла. Иза хIинцца дуьненчу даьллачу беран дахар хадарна кхоьру.
Хьалхарчу тIамехь леллачарна евза и зуда. Иза Базаева Пулан ю. Цуьнан карара бер 3-4 де долу кIант ву. ТIаьхьо къаьстина иза гIалгIа хилар. Пуланин хIинца 77 шо ду. Нохчийчохь хьалхара тIом болабелча, цIийндегара пурба а даьккхина, шен бархI бер къинтIера а даьккхина, даймохк ларбан араяьлла лелла иза.
ХIетахь цуьнан 55 шо дара. ХIинца иза Роьшничохь шен кертахь еха. Еарийндийнахь Пулан йолчу бахара «Нохчийн Историн Юккъараллан» декъашхой. Шен дахаран оцу киртигах хазахетарца дуьйцира цо Маршо Радиога.
Базаева: «ТIом болабелча сайн цIийндега аса пурба дийхира тIам тIе яхийта со аьлла. Цо пурба делча, со массо а хIуманна къинтIера ер яра аьллера ас цуьнга. Яло, гIо тIам тIе аьлла, вела а велла, кхо туьма делира цо суна. ЧIогIа эсала вара сан цIийнда. Дала гечдойла цунна! Со гIазоте йоьду тIаккха, аьлла, сайн чу а яхана, лийча а лийчина, ала дезарг а аьлла, дIаяхара со, кхин 1995 шарахь Роьшничохь конгресс хиллалц цIа а ца еара».
Хьалхарчу тIамехь дуккха а нохчийн зударша а, зудабераша а дакъалаьцна. Дукхахболучара лазийначарна дарбадора. ХIораммо шен дан таро ерг дора. Гуттар а герзаш тIедеттачу хенахь, Пулан а, кхиберш а, хирцинчу петаршна кIелхьара дийна а, лазийна а нах хьалабохуш хилла. Тайп-тукхум, къам а ца къестош, кIелхьарабаьхна цара уьш. Сурта тIера, шен четахь волу кIант а иштта кIелхьараваьккхина ша, дуьйцу Базаева Пулана.
Базаева: «Реском чIогIа егайора, чуетташ. ХIара дуьне дегийна чудоуьйтуш санна чуеттара. ЦIенош кIелахь шортта нах бара маьхьарш бетташ. Сан марахь долу бер дина 3-4 де бен дацара. Цуьнан нана гIелъелла яра, цомгуш хиларна. ГIатталуш а яцара иза. Оха уьш а, кхиберш а схьа а балабой, кIелхьарабохура».
Хийла оьрсийн а, нохчийн а, кхечу къаьмнийн а нах къеста ца беш, хьоьшура тIамо. Хийла стаг ша а, ша санна гIоьнна арабевллачех а теший, уьш тIом боцчу метте арабохура шаьш, бохуш шен дагалецамаш кхин дIа а дуьйцу Базаева Пулана.
Базаева: «Цхьа оьрсийн зуда яра чIогIа йоьлхуш. Ша ма йитахьара бохура цо, тхо нохчашца Iийна аьлла, дойур ду бохура. Цуьнан йоI а яра цо маьнги тIе тесначу хIуманна кIелйоьллина. Иза а, цуьнан йоI а кIелхьараяьккхира оха».
Тахана Базаева Пулана ца евзаш стаг хир вац Нохчийчуьрчу Iедалан дайшлахь, царех хьалхарчу тIамехь дакъалаьцначарна муххале а. Шена гIо-накъосталла дан гIерта цхьаберш, боху цо. Амма цхьана а адамера ша я ахча а, я кхидолу гIо а ца эцна, я оьцур а дац, ша мел динарг Делан а, къоман а дуьхьа дора, боху Пулана.