ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьаьгна буй те нохчий эскаре баха?


Оьрсийчоь -- Хьаьгна буй те нохчий эскаре баха?
Оьрсийчоь -- Хьаьгна буй те нохчий эскаре баха?

Оьрсийчохь керла хIоттийначу тIеман министро, кавказхой а эскаршка а боьхуш, низам а, къепе а чIагIьеш, хийцамаш бийр бу аьлла, дегайовхо йолуш бу цхьаболу бакъонашларьярхой.

Цхьаъ, шиъ шо хилла ца Iа, Нохчийчура а, Дагестанера а кегий нах Оьрсийчоьнан эскаре кхойкхуш боцу. И гIуллакх тергамза дуьсуш дац Оьрсийчоьнан юкъараллехь а.

Адамийн бакъонашларьярхочо Нухажиев Нурдис чIагIдарца тахана цхьаболчу политикаша а,политологаша а, эксперташа а юха а дийца даьккхина. Къилбаседа Кавказера кегийрхой эскаре цабигар.

Цо дийцарехь Оьрсийчохь Iаламат дукха бу кавказхой эскаршкахь ган ца лууш берш. «Пачхьалкхан тIеман дакъошкахь тоьуш салтий а боцуш,эскаре баха ца луурш хIора шарна а дебаш болуш.могуш кегийрхой Даймахкана декхар дIадала лууш хилча,суна хетарехь, иза къобалдан дезара, царна дуьхьала гIулч яккха езара.

Мухха а делахь а церан дог даккха ца дезара. Цу декъехь къастам боллуш жоп луш яц тIеман министаралла а.» Ишта дIахьедарца хааме ваьлла Нухажиев Нурди.

Цунна хетарехь къаьмнашлахь къестамаш а беш эскаре бехар пачхьалкхан кханенна вуно чIогIа кхераме хилам бу. «Цхьаболчу политикашна а, Iедалан гIуллакхъхошна а маршо елча-м,-боху Нухажиевс,-цара кавказхой эскаре-м муххале а боьхуьйтур бацара,цхьанхьа цхьа гетто санна меттиг а къастийна,готтехь бахкор бара».

Нухажиев Нурдис кхеторехь Оьрсийчоьнан эскаршлахь тергалло харцонаш, хьарамлонаш, къизаллаш нохчийн я суьйлийн, я кхечу кегийчу къаьмнийн векалш бахьнехь яц. Иза Оьрсийчоьнан цамгар ю-низам лар цадар, къепедацарш, буххера дуьйна оьзда цахилар, маларш мийлар, гIийлачуьнгахь гIело яллор, маьттаза мотт бийцар.

Нухажиевс билгалдоккху нохчашна а,кхечу кавказхошна а Даймохк безар перза а, эскарехь гIуллакх дар сийлахь хIума хилар, аганахь дуьйна, ненан шурица кийра а,кхетаме а дижош, цхьа нигат дар санна деза хилар. Бакъонашларьярхочо далочу тоьшаллашца Кавказера кегийрхойн,исторехь а гуш ма-хиллара, тIеман хьелашкахь хаза нехан санна бIаьхьой хилла чекхбевлла даима а. Иза дуьненна а хууш бакъдерг ду боху Нухажиевс.

Ткъа могIарерчу вайнехан хьажамах аьлча ,уьш дуьхьал бац шайн кIенташка эскаршкахь гIуллакх дайта. Амма боху цара, цхьа низам а, къепе а йолуш, буьйранча буьйранча а, салти салти а волуш, цхьа гIера а йоцуш меттиг-тIеман дакъа дуй тхо дуьхьала дац. Иштачех ву Шидаев Шавал а. Нохчий эскаре бигарх цо боху.

«Хьалха санна,аса а,ахьа а гIуллакх дина эскар хилча-м ас тахна а вохуьйтур вара. Иза стаг кхиарехь а, мотт Iамарехь а, наха хIун леладо хаарехь чIогIа пайдехьа ма дара гIуллакх дар эскарехь. Хьалха цига вахнаг къовла а лой, дегI доккхий, межа-хIума чIагIлой цIа ма вогIура. Тахана эскарехь дерг къаьхьа де ма ду. ХIинца Шойгу веъна. Цо эскарехь низам а хIоттийна, хIума хуьлий ас-м вохуьйтур ву. И дийр долуш дуккха а нохчий бу-кх хьуна».

Шайн бераш эскарехь ган луурш вайнахалахь кIезиг бац. Цу декъехь цхьаболчара бIаьрла ойланаш юзу керла хIоттийначу тIеман министарца Шойгуца. Ма-даррра аьлча уьш дегайовха бу цо цо харцонаш, хьарамлонаш эша а йина, шен урхаллехь гIарччIа аьлла низам дIахIоттор ду аьлла. Вайнехан и дегайовхо мел бух болуш ю замано гойтур ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG