ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вайнах махкабаьхначу денна – Гааге


Оьрсийчоь – Протестан акци Воронежехь, Зазадоккху-бутт 26, 2017.
please wait

No media source currently available

0:00 0:05:08 0:00
Линкана тIе

"Оьрсийчоьно ша нохчашна тIехь латточу геноцидах жоп дала деза Дуьненаюкъарчу Кхелехь"

Кхушарлера Дагалецаман Де (Чиллан-беттан 23-гIа) дуьненан трибунална хьалха дIадахьа леринчу вайнахалахь Европера нохчий хилла ца Iа - гуламе бахка дагахь бу Малхбалера а, Iамеркара а жигархой.

Нах гуламе боьхуш кхайкхам баржийра хьалхо цуьнан инициаторо, дуьненаюкъарчу "Машар а, Адаман Бакъо а" цIе йолчу цхьаьнакхетараллан лидеро Ибрагимов Сайд-Эмис.

Гаагехь Ибрагимов дагахь ву, дуккха а шерашкахь тоьшаллаш а гулдеш, ша вовшахтоьхна арз Дуненаюкъарчу Бехктакхаман Кхеле чудала. "Нохчашна тIехь Оьрсийчоьнан цIарх геноцид латтийначу тIеман а, политикан а куьйгаллина дуьхьал" цIе ю цо хIоттийначу тептаран.

Тибунална хьалха хIуттучу гуламе бахкар дехна жигархошка Европерчу нохчийн къоман ассамблеяно а. "Хатта тарло, геноцидах долу арз стенна оьшу вайн къам махкахдаьккхинчу дийнахь чудала. Оьрсийчоьнан эскарша 1944-чу шарахь, массо тайпа герз а карахь йина гIело а, кхузаманахь шина тIамца йина гIело а цхьабосса хала а, Iаткъаме а хилла нохчийн къоманна. Бакъдерг хаа луучунна тхоьгахь алссам тоьшаллаш а ду", - боху ассамблеяно.

Сталинан заманера депортаци дагалоцуш гуламаш, конференцеш, кхиболу барамаш хIитто, юкъахь сагIанаш даха дагахь ду шаьш олура кху деношкахь Маршо Радиоца зIенехь хиллачу вайнехан диаспорийн векалша – иттаннаш мехкашкара бара шайн Iалашонаш йовзийтинарш.

Дагалецаман Денна лерина Европерчу а, кхечу континенташкарчу а нохчийн жигархоша хIиттонболчу барамех лаьцна иштта дийцира Маршо Радиога Ичкерин Iедалан куьйгалхочо Закаев Ахьмада:

"Дуккха а гIаланашкахь гуламашца дагалоцур бу къоман бала. Амма коьртаниг Гаагерчу трибунал хьалха хIуттуш йолу митинг хир ю. Цигахь трибуналан Инарла прокуроре яздина геноцидах долу арз чулур ду. Оьрсийчоьнан тIеман, политикан урхалхой нохчашна духьал шина тIамца геноцид латторна жоьпе озор доьху материал ю иза.

Тахана арз чуделла, кханнехь Путин, схьа а лаьцна, чувуллур ву бохург а дац иза. Делахь а, дов Iедалан цIарх чудала деза, тIаккха иза дIадахьа дезаш хуьлу. ХIинццалц иштта, Iедалан цIарх дIахьедар дина а дац. Нохчийчохь Оьрсийчоьно дина зуламаш, рогI-рогIехь Iора а дохуш, уьш листа Гааге чу а луш некъ бийр бу вай.

Нохчийчохь депортацин де билгалдаккха, нахана гулбала, дайша а, шаьш а лайначу баланех лаьцна юкъараллехь дийца дихкина Путина а, Кадыровс а. Иза мохк маьршабацарца доьзна ду. Ткъа Нохчийчохь лелачу дехкарийн мах а хадор бу, тахана къоманна тIехь бала латтабечу нехан цIераш а йохур ю историно. Къам дохочу хенахь къиза хьийзинчу нехан могIаршкахь хир бу тахана къам балелаьцнарш а".

Нохчийчохь кест-кеста Ватсапехула бахархоша аьрзнаш до Iедалхошна. Бух болуш хуьлий уьш?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG