ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн кепехь депортаци


Садовская Алена

Нах, хаттар-алар а доцуш, арабоху хIусамашкара

Куьршалой-Эвлахь бахархойн 37 ков-керт дIа а хьаькхна, уьш лаьттинче йохк-эцаран, сдаIаран комплекс йилла доллу Iедал. Юьртан юкъ ю юьйцург – Куьршалойн, Советийн, Кадыровн, Шатаевн, Шериповн урамаш.

Ала дашна, кхеташ доцчу бахьанийца бутт хьалха лаьцначу адамийн бакъонашларъечу "Мемориал" центран Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхочун Титиев Аюбан хIусам а ю дохо кхайкхийначу цIенойн могIарахь.

КIира хьалха хиина бахархошна шайн ков-кертийн меттехь керла объекташ ян доллийла Iедал. ДIадахначу оршоьтадийнахь, эвла юккъерчу маьждигна хьалха дIа а кхайкхина, довзийтина нахана дан дагалаьцнарг. Дийцарехь, "сацам кхочушбечу комиссин" куьйгалхо, мехкан финансийн министр Тагаев Султан а хилла гуламехь.

Бовзийтина сацам: цIенойх баьхначарна хенан йохалла керла хIусамаш лур ю, ткъа хIинца уьш декхаре бу сихха хIусамаш дIатаса.

Хьаьнга, стенга боьлху нах шайна Iедало цIенош даллалц? Иза дуьйцуш дац. Бахархошца бартбеш ца хIиттийна Iедало ур-атталла цхьа а кехат а. Ткъа арабовла дезара церан керташкара Чиллан-беттан 12-гIа де тIекхачале. Йохк-эцаран комплекс ян йолор ю аьлла Зазадоккху-беттан 1-чу дийнахь.

Хинйолу комплексан сурт гойла ду гIишлошъечу “ИНЭ-Интерсервис” компанин сайта тIехь.

Низам лелаш а дац?

Нийсонах дерг аьлча, Оьрсийчоьнан ХIусаман кодексан 32-чу артикло Iедал декхаредо ша пачхьалкхан, мехкан хьашташ кхочушдеш дIадохучу дакъойн, хIусамийн хьокъехь долахошца хьалххе дийцарш доло а, оцу хьокъехь нах реза боллуш проект кечъян а.

Мах, хIусамаш мукъайоху хан, кхидолу хьелаш дуьззина дийцаредан деза хIусамийн дайшца. Ницкъаша хIусам адамера яккха бакъо яц кхелан бен. Цу тIе, цIенойн мах караэцначу стеган, нагахь санна иза кхин ваха меттиг боцуш велахь, эха шарахь Iан бакъо ю ша дIатосуш долчу цIачохь. Иштта боху низамо.

Iедало дIадохучу цIенойх лучу ахчан барам богIуш хила беза баккъал а лелачу мехашца, компенсаци ян еза дIакхалхарца а, ханна чохь Iа хIусам лоцуш а йинчу харжашна.

Куьршалой-Эвлахь дац оцу маьIнехь дина хIумма а.

Нохчийчуьрчу Iедало дуьххьара бац нах, цIенош дIа а хьокхуш, чуьра арабохуш. Устрада-ГIала, Ойхара, Шела…

Шелахь нах цIенойх бехира лаамза. ХIусамаш йохош яьккхина видео гайтира "Кавказ.Реалиино" шен сайтехь, цул тIаьхьа иза яьккхинарш схьа а лехна, шен белха метте а гулбина, Ичкерица зIенехь бу бохуш, хьийзийра парламентан спикеро Даудов Мохьмада ("Лордо").

Шелахь цIенош ду дIахьокхуш
please wait

No media source currently available

0:00 0:00:50 0:00

"Иза духхьара а дац"

Шелахь дохийначу ков-кертийн дай леткъар бац, "латкъаман мах тIех боккха бу", элира “Кавказ.Реалиига” кхечу хIумашка дехьабаьхначех цхьаммо. Цо дийцарехь, меттиг сихха хийца дийзира цуьнан. Гергарчарна тIебоьссира доьзал.

Къамелдийриг лерина яц леткъа, иза "йоьлларг ду цIеххьана дахар хийцар". "Бахамах тхо хьалха а даьхна – депортаци йолуш а, тIом бирзинчул тIаьхьа а. Гергарчаьргара цIа дIадаьккхира, шун кхин цхьа цIа а ду, тIемаша кхерчех баьхначарна Iедалан дан хIума дац, аьлла. Тхьо-м доьлла цунах", - бохура зудчо.

ХIун документаш хIиттийра шу дехьадохуш, аьлла, “Кавказ.Реалиино” динчу хаттарна жоп ца карийра цунна. Ткъа къамеле ваьллачу кхечунна беламе карийра и хаттар: "Кехаташца дерг бIаьрг негIар а тохале кхочушдо Нохчийчохь, тхоьга а ца хоьттуш!".

Нах ницкъаша хIусамашкара бохор дуьххьара дац Нохчийчохь, элира бакъоларъярхочо, “Комитет гражданского содействия” цIе йолчу юкъараллан куьйгалхочо Ганнушкина Светланас.

"Дуккхаза а хилла иштаниг – ГIалгIайчохь мухIажирш шайна хIиттийначу четаршка дIатарбан болийчхьана дуьйна а. Эки-Юьртанна генайоццучу "Иман" олучу четарийн куьпахь хилира со 2002-гIа шо чекхдоллуш. Шийла хан яра иза, амма нах четаршкара арабаха болийра, оха Путине арз а дина, сацадайтира", - дуьйцу цо.

Цул тIаьхьа Нохчийчу комисси хьажийра. "Iаьн юккъехь со а, Памфилова Элла а, Алексеева Людмила а яхара цига. Тхуна гира дерриг а. Нохчийчуьрчу Iедало, нахах къа а ца хеташ, лелориг сацо гIертара ГIалгIайчоь! Тамаше хьал дара. Тхан кема Несара дIакхаьчча, цхьаьнхьа дIадигира тхо. "Шуна хаьий и нах четаршкара арабаха тхоьга бохург Нохчийчуьра хьаькамаш буйла? Тхо-м реза ду уьш кхидIа а кхузахь бита, бохура гIалгIайн куьйгалхоша", - дуьйцу цо.

"Ткъа дийриг иштта гора: нах шелах, кирлелочу машенаш тIе а буттий, боьлхушшехь, стенга буьгу а ца хоуьйтуш, буьгий, биссабора Нохчийчохь. Яцара царна кечйина меттигаш" – цецъюьйлу бакъоларъярхо.

"10 шо хьалха а дира и саннарг. Нах ГIалгIайчуьра ницкъаша дIабигира. Юьхьарца ханна кечйинчу меттигашка дIатарбира, тIаккха аракхийсира. Со хIетахь президентан адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташонан декъашхо яра.

Нах арабохуш хьийзачу Нохчийчуьрчу хьаькаме, жимчу стаге, тIе а яхана, ас боху: "Муха мега иза, ХIусаман кодекс ма ю лелаш, хIун ду аш дийриг? Цо, сан даржан тоьшалле а хьажна, со а ю-кх Iедалхо, кхета еза-кх шех аьлла хеташ, жоп ло суна: "Кхетий хьо доллучух а? И буьйр динарг Рамзан ма ву!" – дагалоьцу Ганнушкина Светланас.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

New Comments Available
XS
SM
MD
LG