ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Резавоцург милла а дIалакъавало кхузахь"


Шелан кхелехь чекхдевлла нохчийн бакъоларъярхочух долу ладегIарш, сацам кхайкхор бу кестта

Къамелаш доккхачу декъанна адвокаташа дира. Ткъа прокурорна Байтаевана-м тоьира 15 минот а. Шен миноташкахь цо хьахийра Оьрсийчохь наркомани шуьйра яьржина хилар а, нароканех атта "террорхой" балуш хилар а. Кхеле валийначух лаьцна, бух боцуш ду Титиевс дов доцчу бахьанех кхоьллина бахар, цунна дуьхьалаьттинчу тешаша гайтира иза бехке вуйла, элира прокуроро.

Адвокатийн дош

Прокурора Ахматовс девнах лаьцна хIумма а ца элира, деккъа дIа хан йийхира Титиевна – 4 шо набахтехь даккхийтар, 100 эзар соьманна гIуда а токхуьйтуш.

Амма кхел йоьдучу берриг а 8 баттахь санна, къамелна тIера хилира адвокаташ. Дубровина Маринас ма-дарра дийцира Титиев лоцуш а, лацале а леллачух лаьцна. Дагалецира бакъоларъярхочо "Мемориалехь" бина болх. Дагалецира цунна а, цуьнан накъосташна а кхерамаш туьйсуш хилла хиларх.

Титиев муха, муьлхачу хьелашкахь лецира, муьлш бара машенахь вогIу иза сацийнарш, цара стенга вигира, юьхьанца лаьцча, Куьршалой-Эвлан къоштан полицехь иза хьан левира, шозлагIа а стенна вигира "лаца" – оцу доллучун а сурт хIоттийра Дубровинас. Полисхоша Титиев лоцуш процессуалан гIалаташ дийлийтина шайгара, цундела моттаргIане, амма "нийса" лацар дIадаьхьна юха шозлагIа, чIагIдо цо, кхечу адвокаташа а санна.

Дов бух боцуш а карийна, дIакъовла дезаш дара, хIунда аьлча, гучудолу полисхоша воцчух наркоман винийла а, стагера яьхна боху хIуманаш цунах йоьзна йоцийла а, дина, далийна тоьшаллаш деса дуйла а, элира Дубровинас. Масал далош дийцира, Титиевгара шаьш "наркотик йоккхуш" полисхочо шен куьйга дохка деза каранаш а ца доьхкинера, аьлла.

Дубровинас иштта дагадаийтира адвокаташ лаьцначунна еххачу хенахь герга ца битинийла – Тельхигов Аслане, масала, юьхьдуьххьал аьшпаш биттира, Куьршалой-Эвлан полицин декъа кхачийна а вац Титиев бохуш.

"Тхан шеко яц Титиев адамийн бакъонаш ларъечу организацин белхахо хиларна лаьцна бохучух", аьлла, дерзийра кхелехь шен къамел Дубровинас.

Цо чIагIдарехь, кхелехь тешаша (дукхахберш – полисхой) шайна пайде доллу къамелаш дина, цара доцург тIекхоьллина Титиевна. Ур-атталла лаьцначун бу аьлла, цуьнан машен чуьра тоьрмиг боккхуш тошалла дан кхайкхина стаг а ву хьалха полицехь болх бина - "Морган" олу цунах шен гоно. Ткъа Титевна дуьхьал хIоттийна волу коьрта теш, Басханов, ша тайпа адам ду – шозза кхелехула хан тоьхна цунна, амма цкъа а ца Iийна набахтехь.

"Тхуна хетерехь, иза полицин "штатера теш" ву, боху Дубровинас. 44 полисхочун-тешан цIе яьккхира адвокато, цара харц тоьшаллаш дина кхелехь, аьлла.

Телатан тоьрмиг

Заикин Петр кхелан тидам тIеберзо гIиртира, чохь наркотик а йолуш, Титиевгара "баьккхинчу" тоьрмигна – коьрта тоьшалла. Экспертиза еш динчу йозано бахарехь, чуьчча боьллина кхо тIоьрмиг хилла нароктик чуйиллинарг. Иза полицино тенашца бихкина, балозца тIе мухIар а тухуш. Амма охьаяздинчу полицин тоьшаллашна юкъара хенан йохалла цхьа тоьрмиг байна.

"Тоьрмигашна юкъара баьккхинчу цхьана тоьрмигна тIехь скотч хилла. Амма тоьрмигаш зуьйш хIиттийначу кехаташа хьахош а яц иза. Ца хьахийна скотч талламчас Муратовс а. Иштта гарадовлу документаш, цо гойту полисхоша кийтарлонаш лелайойла. Оцу скотча тIехь диса тарлора наркотик Титиевн машен чу кхийсинчу стеган пIелгийн ларш. Бехктакхам доцчух хIоттор – иза зулам ду, цундела дIахьулдина хила а тарло и скотч", чIагIдо Заикина.

Цхьана стага яздечу куьйган маса кеп хуьлу?

Таллам дIахьош дуккхаза а талхийна низам. Кхеташ дац, муьлш бу документашна буха куьйгаш яздинарш.

Масала, Куьршалой-Эвлан кIоштан полицин буьйранчас, лейтенанта Агуевс диллина боху куьг аьттехьа а тера дац балха тIехь лелачу цуьнан факсимилех. "Агуевс шен куьйга тIе ца чIагIдина хIумма а. Оцу бахьанийца дов талламчига юхадала декхаре вара прокурор", боху Заикина.

Цецвоккхуш бесаза ду тергамна хIиттийначу видеокамершкара видеош ехча, Куьршалой-Эвларчу полицина гонахлаьттачу хьукматашкара деана жоьпаш – "Сбербанкера", "Россельхозбанкера", прокуратурера, кхин а массех меттера. Титиев лаьцначу хенахь - 2018-чу шеран Дечкен-беттан 9-чу дийнахь, 9 даьлча 15 сахьт даллалц йолчу юкъанна, шайн видеокамераш болхбеш яцара, аьлла массара а!

Шеларчу кIоштан кхелан цIенна уллехь лаьтта сурт
Шеларчу кIоштан кхелан цIенна уллехь лаьтта сурт

Талламо чIагдийриг а, Титиев Оюб бехке хиларх дерг а галморзахдоккху 40 сов тоьшалла далийра Заикина.

"Кхел парггIат болхбан маьрша хуьлийла дац"

Новиков Ильяс дагалецира Iедалхоша Титиев лацале а, лаьцча а деш хилла дIахьедарш. "Кадыров Рамзана масситтаза дина дIахьедар кхуйсучу кхерамийн могIара ца дахка йиш яц. Цундела бехира адвокаташа Титиевн дов кхечу махкахь листийта, амма ца магийра. Ишта дов дIахьош волу кхелахо маьрша хуьлийла дац кхузахь ", элира адвокато.

" Резавоцург милла а дIалакъавало кхузахь – кхин дацахь, кхеле лела ца хIуттучу кхачавало", чIагIдо Новиковс.

Наркотикех йоьзна бехктакхаман артикл Титиевна дуьхьалъяьккина, адвокатна хетарехь, "меттигера "Мемориалан" дакъа дIа а кхъовлуш, Оюб чуволлархьама, уггаре коьртаниг – сийсазвархьама. ХIунда аьлча, бакъоларъярхочун цIе дакъазъер ю, иза наркоман хиларх халкъ тешча".

"4 шарна набахте а хьажош, вайга боху, дIавакха и стаг шаьш ларамбечийн могIарара. Цуьнан доьзалехь кхиазхо а ву, амма ца боху прокуроро кхеле, туху хан яцъяхьара", билгалдаьккхира Новиковс.

Адвокато ишта аьлча, къамеле елира прокурор Байтаева. "Я кхаьчначу шераша а, я даржо а декхаре ца йо кхел таIзар кIаддан. Мелхо а, хеневаьлла стаг кхеташ хила веза ша дийриг мел кхераме ду".

Иштта элира прокуроро, Европарламенто Оьрсийчоь Титиев мукъаваккха декхаре ю аьлла дина дIахьедар хьахош. Байтаевана гарехь, Титиевн дов политикан тIегIане даккха гIерта Европа.

***

Дисинарг кхел дIахьочу зудчун-кхелахочун Зейнетдинован карахь ду. Цо адвокатийн къамелаш, ша Титиевс дийцинарш тергалдийр ду ала бац цхьа а бахьана.

Кхело тухур ю Титиевна прокуроро набахтехь такхийта ехна йоллу хан – 4 шо. 14 бутт чохь текхна цо ишта а, и хан чулаца декхаре ю таIзардаран система.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

Титиев Аюб лацарна а, набахте хьажорна а ша бехке дац боху Нохчийчуьрчу Iедало. Шу теший цунах?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG