ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Амриев Мурадах обарг вийриг мила ву?


Ерриг а Оьрсийчоьнан полицин информацин база цхьаъ хилча, Нохчийчоьнан полицино «харц паспорт лелоран» бехках хьалхаваьккхина хилча, иза стенна мега кхечу меттехь юха а лаца? Оцу хаттарна тIера долийра Маршо Радионо маьршачу латаршкахь дуьненан чемпионан волчу Амриев Мурадах кху муьрехь кхоллало къамел «Iазапна духьалояран комитетан» куьйгалхочуьнца Каляпин Игорца.

Амриев лаьцна, Беларусера Нохчийчу вигинчул тIаьхьа мукъавалийтира «бехках», кхело паспорта тIера гIалат дIанисдаре хьоьжуш Iа иза махкахь. Амма Пятигорске садаIа ваханчохь иза хаавелла меттигера полици кхо де хьалха яхна хилла лаца. Амриев ведда кIелхьараваьлла.

Мурад кхо кIира хьалха ваьккхина хила везаш вара леца кхайкхийначу нехан могIарара

Каляпин: «Дерриг кхеташ ду, Оьрсийчу веъанчу бахьанийца ца вахана дIа а. Цунна документаш оьшу, цуьнгахь цкъачунна долу паспорт Нохчийчуьрчу кхело а, балар-бисар чоьте оьцучу хьукмато а хан хьалха тIеяздина гIалат а долуш ду. Циггахь иза дIанисдан а деза.

Цундела цунна вада маьIна дац, истори юха а оццу лорах гIур ю. Иза юха а лоцур ву, Нохчийчу вуьгур ву.

Кхин ду, уьн-шарахь цунна дуьхьал, вина шо харц тIеяздина паспорт лелорна айдина хилла бехктакхаман дов дIакъевлина. Цундела Мурад кхо кIира хьалха ваьккхина хила везаш вара леца кхайкхийначу нехан могIарара. Иза данза ду хIинца а.

Кхузахь со ца кхеташ хIумма а дац. Дов цунна дуьхьал айдинарш, бехктакхаме озийнарш, лаца кхайкхийнарш Кадыровн полицера нах бара, полицин механизм шайн аьттонашка ерзийна беха нах.

Амриевс цхьа а зулам дина доцийла вай кхета, иза закъалте а лаьцна, цуьнан воккхахволу ваша Германера цIаверзийта гIерташ хьийзачу Дашаевс (Дашаев Мохьмад, Соьлж-ГIалин полицин куьйгалхо - М.Р.) лелош ду дерриг а.

Лацар, лехаме ваккхар, вихкина махка валор, дов айдан бакъо хилар – и йоллу полицин механизм Дашаевс долаерзийна Амриев Мурад закъалте лацархьама.

Керла кехаташ каракхаччалц – уьш Нохчийчохь схьадала деза – иза церан тутмакх ву. Ткъа дIаваха цкъачунна цуьнан йиш яц, цо цигахь кхеле дехар яздан деза, паспорт доьхуш, сацам ларбан беза, и дерриг а Нохчийчуьрчу кхелехь бен дойла а дац.

Дашаевс приватизаци йина, шен хьашташка ерзийна полицин механизм а, белхан бакъонаш а

Маршо Радио: Оьрсийчуьрчу полицин база цхьаъ яц, Нохчийчохь маьрша а вуьтуш, Пятигорскехь иза лаца гIортар хIун ду?​

Каляпин: «Харц паспорт лелорна» боху Амриевн и дов толлуш хиллачо дов дIакъевлина бахначу беттан 14-чу дийнахь. Ша гIуллакх сацорах долу кехат цо дахьийтина документаш тIечIагIдечу полицин хьукмате. Цо баккъал а шен болх чекхбаьккхина.

Регистрацин хьукмато де-буьйса далале дIахьажон дезаш дара Москох чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин информацин центре. Гарехь, данза дитина иза.

Ас кхеторехь, иза ца дайтина хьолан доладечу стага – ткъа тIе бIаьрг биллина Iаш Нохчийчохь цхьаъ бен вац – господин Дашаев. Цунна лаьа Амриев лоьхучу нехан тептарахь вуьсийла, лаьа махкара ца валийта - ткъа валахь, хIета а, вета а, лоцур ву. Пятигорскехь иза иштта нис а делла.

Низамца ца догIу лелориг. Дашаевс приватизаци йина, шен хьашташка ерзийна полицин механизм а, белхан бакъонаш а. Оцо йохайо Амриев Мурадан ваха-ван йолу бакъо.

Цундела ас стомара кехатца чоьхьарчу гIуллакхийн министре Колокольцевга дехна талла, мила, стенна дIайохуш хьийза Амриев Мурадера конституцино луш йолу ваха-ван бакъонаш.

Цкъачунна иза дехьаа-сехьа волучохь вац. Иза муьлхачу а полицин патруло лоцур ву, Нохчийчу дIахьажор ву, кехаташ ма-теллина. Цуьнга официалехь нохчийн, я цхьана а кхечу полицин цхьа а хаттар дацахь а.

«Карарчу хенахь иза кхерамехь вац

Маршо Радио: ХIинца кхерамзаллехь вуй Амриев?

Каляпин: «Карарчу хенахь иза кхерамехь вац. Дан ма-даггIара дина цо: шега хеттарш гучудевлча, полицин белхахо шена тIаьхьаваьлча, иза хьала а гIаьттина, юьстахваьлла – ас билгалдоккху, иза тхан белхахо волчохь хьошалгIахь вара – кхечу метте дехьаваьлла, иза ду-кх дерриг а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG