ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIемалойн гергарнаш хьийзош, Израилх масал эца дагахь ву депутат Вахаев


Нохчийчоь - ТIемалойн ду аьлла дагийна цIенош. ГIура-бутт, 2014
Нохчийчоь - ТIемалойн ду аьлла дагийна цIенош. ГIура-бутт, 2014

ТIемалойн гергарчарна таIзар дарх лаьцна низам тIеэца мегаш ду Оьрсийчохь аьлла дIахьедар дина Пачхьалкхан думан депутат волчу Вахаев Магомеда. Цу хьокъехь Кадыров Рамзанца дагавала Iалашо йолуш ву иза. Вахаевс дийцарехь, цу тайпа нахана таIзар дар шуьйра лелош ду Израилехь.

Вахаев Магомед Пачхьалкхан Думан депутат ву. Оьрсийчоьнан лаккхарчу низамаш дохучу органехь кхерамазаллехула а, коррупцина дуьхьало ярехула а йолчу комитетан куьйгалхочун кагаметта ву иза.

Террорхой аьлла цо цIе тиллина болчу нехан гергарнаш махках бахар дог реза хиларца тIе а эцана, цу агIор болх бан дагахь ву депутат.

«Газета.ру» интернет-порталана еллачу интервьюхь Вахаев Магомеда элира Кадыровс динчу дIахьедаршца догIуш долу низам гучудала мегаш ду Оьрсийчохь аьлла.

Цкъачунна цхьана стага динчу зуламах гергарчара жоп луш, цо ма-аллара, террорхойн гергарнаш махках бохуш долу низам дац Оьрсийчохь. Цу хьокъехь Кадыровца дагаваьллачул тIаьхьа и тайпа низам кечдеш болх бан дагахь ву иза.

Вахаев шен интервьюхь дийцарехь, гергарнаш хIусамаш чура арабахар лелош ду кхечу пачхьалкхашкахь. Ша юьйцург кхиаме болх беш йолу «Израилан вариант" ю бохуш вара иза.

Израилера журналист, Кнессетан декъашхо хилла волу Тивияев Роберт Оьрсийчохь Дагестанехь ваьхна ву. Цо дийцарехь, жуьгташа террорхой лоруш болчу нехан хIусамаш йохош ю. Иза дале, хьалха кхелан сацам хила беза. Тивияевс дийцарехь, ма-моьтту атта а дац и тайпа сацам тIеэцийта.

Делахь а, дуьненаюкъаралло емал деш ду муьлхха а массо а стаг жоьпе веш муьлхха а пачхьалкхехь лелош дерг. Цунах лаьцна дийцира, масала, Еарин дийнахь Москох хиллачу конференцехь бакъонашларъярхоша. Иштта Хьюман Райтс Вотч организацино емал деш ду иза элира цу бакъонашрларъярхойн вовшахтохараллан векло Локшина Татьянас.

Локшина Татьяна: «Тхан организацино цхьа а шеко а йоцуш емал до Израилехь цу кепара лелош дерг. Цул сов, оха емал до муьлхха а массо а жоьпаллехь бан гIерташ лелош дерг. Дуьненаюкъарчу низамашца дуьстича иза хила магийта йиш йоцу хIума ду».

Бакъонашларъярхоша дагадаийтира тIемалойн цIенош дагор Нохчийчохь дуьххьара хуьлуш ца хилар. "Мемориалан" гIандас Черкасов Александр элира Оьрсийчоьнан низамашца догIуш доцург лела дойтийла дац Нохчийчохь аьлла.

Черкасов Александр: «Иза тидам тIеозош сурт хила а мега, амма иза эвсара хIума дац, зулам дар доцург. Соьлж-ГIала Хеврон ткъа Москох Байталкъуддус йоцун дела, вай Оьрсийчоьнан низамашца лела деза. Ткъа Оьрсийчоьнан низамашкахь цхьана стага динчух массара а жоп луш хилар а, массерна а таIзар дар а дац».

Москох конференцехь дакъалоцуш яра "Гражданское содействие" олучу комитетан куьйгалхо Ганнушкина Светлана. Цо дийцарехь, сурт кхоллало Оьрсийчоьнан Iедалша кху дуьнентIерчу уггаре а вочу масаллашна тIегIерташ долуш санна.

Ганнушкина Светлана: «Хаий шуна, кху дуьнентIехь дуккха а вон масаллаш ду. Суна хетарехь, вайн пачхьалкхо къийса ца оьшура массо а хIумантIехь тIаьххьара меттиг яккха гIерташ. Со даиман а цец йолу Iамерко хIара дора ОвхIан пачхьалкхехь бохуш дуьйцуш.

Дика ду. Церан лелар во хилла ОвхIанистанехь. Политикаш лелориг ду спортехь тIаьххьара меттиг яккха вай гIерташ долуш санна. Иза во масалла ду, суна хетарехь. Суна иза дика цахета, иза меччахь хиллехь а - Израилехь , я кхечанхьа".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG