ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Акха жIаьлеш даьржина Соьлж-ГIалахь


Соьлж-ГIала -- Кху тайпа меттигаш дукха еза акха жIаьлешна.
Соьлж-ГIала -- Кху тайпа меттигаш дукха еза акха жIаьлешна.

Акха доьвла жIалех бала хьоьгуш ю тахана Соьлжа-гIала. Иттанаш ардангашка вовшах а деттаделла лела уьш нехаш дIакхуьссу меттигаш дIа а лаьцна, цигахь каппаш а тоьхна деха. Iедалш цкъачуьнна сиха дац и бала дIабаккха.

Цхьана юкъана, дIалахьдина дIадоьвлера Соьлжа-гIалара акхадоьвла жIалеш. Оьрсийн эскархоша а, нохчийн милцоша а , иттех шо хьалха, герз а детташ дойуш хIума дора царна. Шелахь, ишколехь доьшучу цхьана берашна тIе а летта, кайиттинчулла тIаьхьа, и къизалла ян дийзира низамхойн. Гарехь , хIинца а, цара иштта каетталца Iаш ду Iедалш.

Тахана, Соьлжа-гIала, доккха а деш дуьйцу Iедалша, иза шен цIеналлийца доза доцуш ю бохуш. ГIала юккъахь, иштта дан а ду, сигаьркийн юьхьиг вахькхосса а кхоам болуш, амма, жимма йистаху ваьлча, ша ма хиллара аьлча-м бакъ хира дац, цIеналла хила ма еззара яц. Нехаш дIакхуьссучу гIутакхашна хьалхахь хуьлу, даиманна жIалеш.

Ткъех а, ткъе иттех а йолу церан и ардангаш, оцу гIутакхаш чу а довлий, цу чуьра мел йолу нехаш кегош, яа томехь ерг юуш, йиснарш гонахь дIасакхуьссуш лела. Микрорайонехь, масла, 60-чу ишколан 10 метар хьалхахь лаьтташ ю и нехаш дIакхуссу меттиг. Цигахула дIай-схьай лелачу бераша, цхьаболчара хьоьсту, кхиберш кхоьруш юха буьйлу, ян гуобоккху.

Бахархоша, хийлуза арз дина Iедалан хьукматашка, амма, жIалеш дебар бен кхин хIума хийцалуш дац, боху Маршо радиога дийцира Забу цIе йолчу меттигерачу яхархочо.

Забо: «ЖIалеш дукха ду кхузахь. Дац, цхьаъ-шиъ. Итт-ткъа а жIала вовшах а кхетий лела. Хаза неха санна буьрса а ду. Тахана къанъеллачу суна тIаьхьа а довла, берашна-м хIете –вете а довлу. Маьхьарий хьоькху бераш. Цхьана кIантана тIахьеддера со, жIалех кхъаьхкина ихза, кхеравелла веддачу хенахь.

Оцу нехаш кхуссучу меттехь къаьхь де ду. Ишколе бера дахийта йиша яц. Нехаш цаьрга дIакхоссийта а йиша яц. ХIара боккха бала бу. Хьалха-м жIалеш дIа а дохура, хIинца ша жа санна жIалеш ду кхузахь».
Цхьана юкъан, урамехь а, цIийна хьалхахь а нехаш чохь йолу тIоьрмигаш вахькхисса долийнера. Бахархоша теллича, нехаш дIакхуьссучу метте дIадаха а ца хIуттий, бераш, уьш цунна генахь вахьбоьхкура. Нахана иза гича, церан дайшца-наношца доьвнаш дийлина меттиг а ю.

Бераш, кхоьруш хилар чоьте а ца оьцуш, хIинца а дIахьовсадо уьш чуьрчу баккхийчара. ЖIалеш доьхьала доду тIоьрмиг карахь болчу хьанна а.Цуьнах кхералой уьду бераш. Шаьш, ишколе доьлхуш кхера а кхоьруш доьлху боху 2 классерачу дешархочо Иманис.

Имани: «Тхан школан уллехь ю и нехаш дIакхуссу меттиг. Кхоьруш дIайоьду со а, кхиндолу бераш а. И нехаш дIакхосса яхча, уьш дIадаххалца лаьтта со цигахь».
Коммунала хьаштийн кIоштан хьуктаме, хIун дан дагахь ду шу оцу жIалешна, аьлла хаьттича, цигара белхахочо иштта жоп делира.

Коммунала хьаштийн кIоштан хьукматан белхахо: «И хаттар массанхьа айдеш ду. Инстаграм чохь а айдина иза. Даржа-м даьржиниа уьш. Массо а берана тIедетталуш а ду уьш. И нехаш дIакхуссу яшкаш кега йо цара. Бале-м доьвла уьш».

Акхадоьвла жIалеш, цIахь лелочарелла хьекъале хуьлу. Царна шайна тIевогIучу муьлхачу стеган Iалашо хаа. Амма, шайх стаг кхералахь, цунна доьхьала а хIутту уьш, кацаш а етташ. Уллерачу оцу ишколера цхьайолчу классашкахь, къастина кегийчу берашна Iамош ду хIинца, жIалех ца кхера.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG