ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIаттамхошна Кхел йина Соьлж-ГIалахь


Нохчийчоь -- ГIаттамхойн суьрташ дагош бу Кадыров Рамзанан агIончаш Соьлж-ГIалахь, 26ГIа10
Нохчийчоь -- ГIаттамхойн суьрташ дагош бу Кадыров Рамзанан агIончаш Соьлж-ГIалахь, 26ГIа10

Тайп-тайпанчу политикан боламаша а, бакъонашларьярхоша а, бен-бечу тIегIан тергамхоша а, дуккхаза а билгалдаьккхина ма–хиллара, Нохчийчохь шолгIа тIом марсабаьллачу муьрехь, федералан ницкъашна герзаца дуьхьало йинарш беккъа цхьа вайнах а, Iаьрбийн мехкашкара баьхкина векалш а хилла ца Iийна. Цу шолгIачу тIамана юьстах ца бисина Къилбаседа Кавказерчу цхьацца кIошташкара бахархой а. Цунна тоьшалла дина нохчийн Лакхарчу суьдо ша хIинцца хаьттинчу девнехь.


Кху шолгIачу тIеман жигара декъашхой хиларна а, оьрсийн эскархой байарна а бехкала эгош, чохь яккха 13-14 шераш хенаш кхайкхийнарш бу Ставропол- кIоштан, Кхарачой-Черказийн махкара бахархой : Япов Хьамидулла а, Эбзеев Кемал а, Атуов Рашид а. Царна набахтехь такха оццул хенаш тохаран бахьана ду шийтта шо хьалха ШуьйтIан кIоштахь Улус-Керт эвлан лаьмнашкахь Хаттаб коьртехь волчу тIемалошца цхьаьна цара, кIелонгара тIелатар а дина,
Псковера 80 сов эскархой-десантникаш хIаллакбеш дакъалацар.

Суьдхоша таIзар деш тIетовжар динчу талламан комитето гулдинчу тоьшаллашца, жимма а шеко кхоллаяла а бахьана доцуш, бакъдерг ду, хенаш тоьхнарш бехке хилар.

Соьлж-гIалахь дIадерзийна и дов доцуш, талламан комитетан белхахоша тIемалойн хьокъехь нохчийн Лакхарчу суьде чуделла кхин цхьа дов а. Кхела хьалха хIоттош шиъ куьгбехкениг а волуш : Джумагишиев Iабдулгилани а, Абайдуллаев ИсмаIал а. Царна дуьхьала бехк-токхаман гIуллакх а долийна, дIадаьхьначу зераша ма-гайттара, уьшшиъ, Даутов Салтан баьчча а волуш, Шелковск кIоштахь, Сары-Су цIе йолчуюьртарчу джамIатан тобанехь хилла ву 1999 шеран юьххьехь дуьйна.

Талламхоша чIагIдарехь, цу шеран гурахь уьшшиъ юкъахьхиллачу тIемалойн тобано, оьрсийн эскархойн тIеман декъана цIеххьашха тIелатар а дина, вийна 15 Iедалан герзахо. 28-нна чевнаш йина. Иштта уьшшиъ бехке во кхин а цхьамогIа ницкъала зулам-талораш дарна а. Талламхоша билгалдоккху, шийтта шо хьалха цаьрца цхьаьна хилла масех церан накъост карарчу хенахь а Iедало лохуш хилар.

Официало дечу дIахьедарех гIортор а йина аьлча, набахте хьежош болу гIаттамхой а, церан агIончаш а кIезиг бацахь а, махкахь Iедало къинхетам бинарш а хуьлучух тера ду алссам. Мехкан куьйгалхочо кху беттан 12-чу дийнахь нохчийн парламентехь динчу дIахьедарца, чекхдаьллачу 2011-чу шарахь Нохчийчохь Iедало гечдина, бехках хьалхавитина 20 тIемало а, церан агIонча а.

Цо хIинца дуьххьала доцуш, юха а тIечIагIдина, лаьмнашкахь лечкъаш леларг 40-50 стаг бен цахилар. "Депутаташа а, нахаца цхьаьна а бетталуш, къамелаш дан деза. Иманехь дерг, оьзданиг марздан деза, мохк цIинло, декъал хуьлу агIо лело еза. Вай дерриг а дан деза герз карахь хьаннашкахула бевдда леларш цIа берзо а, къомана зенаш дечуьра уьш совцо а. Кхин цхьаьллиг цхьаъ жима стаг царех дIа ца кхетийтар вайна тIехь ду». Иштта дIахьедар дина, телевизионехь гайта а гойтуш, Кадыров Рамзана шен депутаташца хиллачу цхьаьнакхетарехь.

Махкахь хIоккхул бен висина вац тIемало, бохуш, кхайкхош цхьа терахьаш а долуш, цул а массехазза а лакхара ду кху тIаьххьарчу шерашкахь байъинчу а, лецначу а гIаттамхойн хьокъехь официало Iорадоху терахьаш. Деккъа цхьана чекхдаьллачу шарахь вийнарг ву 56, ткъа лаьцнарг а, шайн лаамехь герзаш охьадехкинарш а 200 гергга. Ша къаьстина аьлча, лурчах вийна бохуш, Нохчийчохь кхайкхош верг вара 87 тIемало.
XS
SM
MD
LG