ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

РогIера тIеIаткъам ловш бу ГIалгIайчура нохчийн мухIажарш


Оьрсийчоь -- Нохчийн мухIажарш, Деч2000
Оьрсийчоь -- Нохчийн мухIажарш, Деч2000

ХIора шарахь цу тайпа Iаткъам шайна тIехь беш хиларна, боьлла ГIалгIайн махкахь болу нохчийн мухIажарш. Кхаарин дийнахь, Карабулак гIалахь йолчу «Промжилбаза» олучу кертахь, мухIажарш болчу куьпе а баьхкина, и меттиг мокъа яккха, аьлла, кхерамаш тийсина Iедалан векалша.


ХIора шарахь хуьлчу оцу кхерамах боьллачу мухIажарша, масаане хуьлу, цара бохург кхочуш дахь а, аьлла, шай бала буьйцуш, орца даьккхина. Маршо Радиога кхоллаеллачу ситуацех лаьцна дийцира «Промжилбазан» кертахь бехачу мухIажарийн куьпан комендант йолчу Захиева Маликас.

Захиева Малика: Тахана Iуьйрана итт даьлча хенахь Карабулак гIалара администрацера а, «участковый» а, берашна тIехьожуш болу полисхой а баьхкина, кхо де хан а елла тхуна, дIадахна.

Оцу кхаа дийнахь тхо дIа ца долхахь, кхеле а доьвлла, кхелан пурстопаш а балийна, аракхуьссур ду, аьлла, тхо цара. Кхузахь бисанарш бакхий нах а бу, тIехь дай боцуш болу доьзалш а бу.

Тхайн мохк ца безаш а, цIа даха ца лууш а дац тхо, дуьххьара даха меттиг ца хиларна Iаш ду. Тхан дехар ду-кх массаьрга а, тхуна терго яр. Кху кертахь 47 доьзал бу. ЦIа баха лууш 16 доьзал бен бац. ГIишло хилларш а бу кхузахь, иза ца хилларш а бу.

Нагахь санна Iедалш шаьш дийра ду аьлларг кхо де даьлча кхочуш дан хIоттахь, шай кхин дисина хIума дац, боху, Захиева Маликас, «Кавказ» цIе йолчу федералан некъа дуьхьалонан акци ян арадовлар а бен.

Захиева Малика: Тхан кхин дан хIума дац дисина. Уллехь кхузахь дIабоьдуш некъ бу Ростов-Баку олуш болу. Цу тIе охьа а хевшина Iийра ду тхо. Кхин хIун дийра ду оха? Ток а дIаяьккхина тхан. Берашна а, могаш боцучарна а чайнан стака дала аьтто бац хIинца.

ХIокху 12-13 шарахь, нохчийн мухIажарийн проблема кхочуш а ца еш, Iедалш иза йоцуш санна Iад 1аш ду, наггахь биснарш, махкара ара баха а гIерташ. И йиш йоьхна болу нах дукха а бацара бисина, церан проблемана букъ а ца тухуш, иза дIаяьккха хьажахьара уьш дика дара, аьлла, хета ГIалгIайн махкахь йолчу «Нохчийн къам кIелхьардаккхаран комитет» цIе йолчу бакъонашларъярхойн тобанан куьйгалхочунна Бадалов Русланна.

Бадалов Руслан: Стаган эвхьаза вала лиъча, бахьана каро лиъча, хала дац иза лаха. Олуш ду-кх, лаьттачу бIогIамна коча ваха а бахьана хир ду лаха лиъча, олий. Ишшта хьал ду оцу мухIажаршкахь. Церан статус яц. Ткъа иза ца хилча, церан цхьа а бакъо яц.

Шу дехаш йолу меттигаш тиша а ю, цIе яларна кхерам болуш а ю, бохург, ду царна даиман а дуьхьала Iуьттуш. И «герз» бакъонаш лараъярхошна а, мискачу нахана дуьхьал лелош дара цара.

Меттигаш ло, тIаккха! Дехьа баха, тIаккха! Яхийта кхузара, бахар, нийса дац. И харцо де-дийне мел долу а, шо-шаре мел долу а, схьадогIуш ду. Церан гIуллакх дан дезара, эвхьаза а, къинхетам боцуш а къамелаш а ца деш.

Нохчийчохь а кхин дан хIума долчух тера дац, ГIалгIайн республикехь бисинчу шайн махкахошна. Церан Iуналла дан дезарш, церан гергара нах бу олу цигарчу Iедалан векалша, цу нехан таро ю-яц, бохург, тидаме ца оьцуш. Ткъа оцу юкъана шортта петарш кара йо Соьлж-гIалахь артисташна а, йишлакхархошна а дIасаекъа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG