ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ЧIогIа доьналла долуш адам ду иза". Титиев чохьваллочу набахтехь хилла бакъоларъярхой


Чижова Любовь

Устрада-ГIаларчу №3 набахтехь таIзар ловш волчу бакъоларъярхочун Титиев Оюбан бакъо ю ши кIира даьлча ша хенал хьалха маьршаваккхар деха. Оцу хьокъехь хаамбира цуьнан адвокато Заикин Петра. Зазадоккху-беттан 18-чохь наркотикаш лелорна диъ шо хан кхайхийра цунна Шеларчу гIалин кхело.

Деношкахь Соьлжа-ГIаларчу "Мемориалан" декъан куьйгалхо волчохь хилла цуьнан коллегаш-бакъоларъярхой. Цара дийцарехь, Титиевгара хьал вон дац, могашалла а ю тоьур долуш. Маршо Радиога цунах лаьцна дийцира "Мемориалан" куьйгалхочо Орлов Олега.

– Тхо тхаьш тIе ца дитарна кхерара, амма ца хилира набахтерчунна тIекхача проблема. Низамо ма-хьеххара, цуьнан геграчаьргахула оха дийхира тхаьш Оюбна тIедитар, чуелира паспортийн копеш, магийра тхуна чудаха. ДIакхечира, чудитира, дуьхьало ца йира.

ХIун хьал ду цуьнгахь? Дог-ойланца муха ву?

Тхуна го, маршонах ваьлла дикка хан хиларе терра, иза хийцалуш ву

– Шалхадаккха догIу цо ша бохурггий, тхан бIаьргашна гурггий. Оюба даима а олу "дерриг дика ду". ЧIогIа доьналла долуш адам ду иза, малвала ца магадо шена, ша доьналлах воьхна воцийла гойту даима а. Тхуна го, маршонах ваьлла дикка хан хиларе терра, иза хийцалуш ву (цхьа шо ах шо гергга ду чохь воллу). Цу тIе, эха шарахь иза изоляторерчу чоьнехь ша цхьаъ валлийна. Цундела боху ас, ша иза къонахаллина тIегIертахь а, гуш ду цуьнан дегIера хьал, …цунна атта дац набхти чохь а яхь ларъеш ваха. Дарба оьшучохь ю могашалла. Делахь а, ша хенал хьалха мукъаваккхаре сатуьйсу Оюба, оха хьехош йолу, низамо цунна кхачош йолу бакъо ю иза. Хуьлу я ца хуьлу тхан аьлларг, хено гойтур ду. Боху цо-м, дерриг дика ду, дац набахтино кхачош долчу хьелашна ала хIума. Амма гуш ду оцу хьоло цунна эшам беш лаьттийла.

Тутмакхашка болх бойтучу набахтехь ма вуй иза. Болх беллий цунна?

– Ца белла цунна болх. Оюба дийцарехь, 70% чохьбохкурш бу болх беш. Набахтел арахьа къахьега буьгу уьш. Ас кхеторехь, яц набахтин кертахь белхбан меттигаш. ГIишлошъечу буьгу, кибирчигаш ечу буьгу, кхечу белхашка буьгу уьш. Ткъа бухабисинчу 30% наханна ца хуьлу бан болх. Ца вуьгу оцу белхашка Оюб. Хуур ду-кх, кхидIа хIун хуьлу.

Чохь кхобучара аьрзнаш дой администрацина дуьхьал? Оюбца муха бу цигарнаш?

Леткъаш вац Оюб – иза, билгал а доккхуш, хаийтар доьхура цо

– ХIан-хIа, резавоцуш хIума дац шен бохура. Иза, билгал а доккхуш, хаийтар доьхура цо. Массаьрца санна бу цуьнца набахтин белхахой, шакъастош вац, озабезамаш а ца бо, гIело а ца йо. Юьхьанца, чудоьлхуш , кIеззиг - арадовлучу хенахь а кIеззиг, къамел дира оха набахтин куьйгалхочуьнца. Тхуна иза вон адам ца хийтира, Оюбна вониг хилийта лууш а вацара, тIебогIучу гергарчаьрца шога а вацара, низаман гурашкахь болхбеш ву аьлла хийтира тхуна иза.

Кхечу тутмакхашца къамелаш дойла хилирий шун?

– ХIан-хIа. Яц тхан и бакъо. Делахь а, гонах хIиттийна гIенташ а, лецнарш ган баьхкина церан гергарнаш а бара кертахь. Иза цигахь даима а хуьлу хьал дуйла кхийтира тхо. Гергарчарна атта ду тIекхача, мукъаденошкахь ца баьхкичхьана, кхечу муьлххачу а дийнахь йиш ю нехан шайн стаг ган. Тутмакхаш уггаре аттачу хьелашкахь кхобучу кепан ма юй набахти. Ткъа тхо, Оюбан доттагIий, кхачало цунна тIе, хьалххе дехар чуделчхьана.

Шен доьзал гойла хиллий Оюбан?

– ХIаъ. Маситтаза а гина цунна шен ваша, йиша. Нохчийчохь даха дисина йиший, ваший ду цуьнан уггаре гегарниг. Зуда а, бераш а дIадахана махкара.

Хенал хьалха набахтера араваккхалур ву аьлла хетий хьуна Оюб?

Цхьа а вон хIума дац набахтехь Оюбера даьлла

– Комментареш ян дукха хIума дац сан. Ала йиш ерг ду цхьаъ: низамо бакъо ло цунна. Хенал хьалха аравала ца маго цуьнгара даьлла дац цхьа а сакхт. Цундела торуш ду мукъаваккха. Цу тIе, кхелахочо, ша сацам дIабоьшуш, довзийтира, муьлхачу хьелаша шена таро ло Оюбна атта набахти кхачо а, бехкалла малдан а. Вай-м кхеташ ма дуй, дац Оюбера даьлла вон, дерриг а тIекхоьллина ма дуй. Кхелахочо аьлларг тидаме эцча, маршо яла магадо цунна низамо.

……………………

1918-чу шеран юьххьехь лецира Оюб. Талламо чIагIдарехь, кIомал карийра цуьнан машена чохь. Титиевс, полисхоша бухакхоьссина шена наркотик, боху. Бакъоларъярхочун коллегаш тешна бу цунна боцу бехк тIебаьхьина хиларх.

Титиевн адвокатна Заикин Петрна хетарехь, догдаха таро ю Оюб набахтера хенал хьалха мукъаваккхаре:

– Низамо лучу бакъонга хьажча, хила йиш йолуш ду иза. Массех хьал ду лардан дезаш: хенал хьалха мукъавоккху мур тIекхаччалц хила ца деза низамца талхош цуьнгара даьлла хIума. Дика хир дара тхан а, тхуна кхача боьгIначу оппонентийн а ойла цхьаьнаеъча.

Аш чуделла иза хенал хьалха араваккхар доьху кехаташ, я чудала дагахь ду шу?

– ХIан-хIа, хьалхе ду. Стигалкъекъа-беттан 9-гIа де тIе ца кхачна, маьIна дац цкъачунна, хIунда аьлча, и де тIекхаьчча ю Оюбан дехардан бакъо.

– Хьуна хууш, муха бу Оюбца набахтин хьакамаш? Хенал хьалха иза мукъаваккха ца магош хIума-м дац цуьнгара даьлла? Цуьнгара и сакхт даккха гIертарш буй-те?

– ХIан-хIа, цуьнгара хIума даккха гIерташ цхьа а вац цигахь. Ас къамелдина Оюбца, массаьрца санна, цхьабосса, бу шеца набахтин белхахой, боху цо. Суна ала лаьа, кху ситуацехь таIзардаран система низамехьа лела, Нохчийчуьрчу массо а набахтешкахь ду и хьал. Ша изоляторехь кхобучу хенахь а олура Оюба, пачхьалкхо кхачийна таIзар кхочушдечу белхахоша ца дохадо низам. Цундела хилла бац тхан цаьрца цакхетамаш, элира Заикина.

Титиев Оюбан дов политикаца доьзна ду олу бакъоларъярхошна. Цуьнан адвокаташа билгалдехира, 2017-чу шеран ГIуран-баттахь, Нохчийчоьнан парламентан спикер Даудов Мохьмад Титиевна лийча, волийна Титиев хьийзо, олий. Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан Instagram бакъоларъярхоша дIакъовлийтина, элира хIетахь спикеро. Титиевна гIортор еш, цуьнгахьа дуккха а кхайкхамаш, протестан дIахьедарш даржийра бевзаш болчу наха, дуьненаюкъарчу а, Оьрсийчуьрчу а политикаша, хьукматаша, бакъоларъярхоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG