ТIекхочийла долу линкаш

Цхьаболчу бахархоша коьртачех коьртаниг лору, стохкалера шо лелхаш ницкъала герзаш а доцуш, хIаваъ этIош,хьеречу гIовганца тIехула хьийзачу кеманех лечкъа а ца дезаш, мохк тIамах маьрша а болуш дIадалар .

Кхузара и санна хьажам болчарна гергахь чекхдаьлла шо кхиаме дIадирзина. Кхечарна хетарехь «тIом ца хилчахьана кхидергга-м лан хала дацара» боху тIаьIна,гIийла ойла а кхобуьйтуш махкахошка дIадирзина 2016 шо кхиаме лара ца догIу,мелхо а нехан кхетаме цу шаро синтеме, кханенах бIобулуш хьааме, бовха сатийсам беъна цахиларна эшаме лара догIу.

Тамаше хеталург ду 20I6 шо тIом цахиларна кхиаме дIадаьлла лоручара а дикане сатийсарца билгалбохура,шайна яханчу хенахь буьсийла лаьа цхьа могIа кхачамбацарш: болх-некъ цахилар,Iаткъаме ладегIам деббехь бен цу шарахь лахбелла цахилар… Ишта ойла кхуллу соьлжа-гIалин кIоштерчу Хасиев Болатан къамело а. ДIадаьллачу шаро шеца дIадехьна хуьлийла лаьа цунна вайнехан Iар-дахарера товш мел доцург а,вон мел дерг а.

Болат: « ДIадаьлла шо дика дIадирзина. Цуьнца дIадахна хуьлда массо кхачамбацар а, балане мел дерг а. Болх –некъ а болуш, нахана бан белхаш а болуш,шен хеннахь алапаш дIа а кхочуьйтуш, кхин цхьа тайпа сингаттам а боцуш хилча гуттар а дика хир дара. ХIара тIедеънарг шо гIолехь хир дацара те аьлла дог а доху..»

Соьлжа гIалин кIоштерчу ЧIаьнта юьртарчу вахархочунна Висханна хетарехь кIезиг бахьанаш ду 2016 –чу кхиаме дIадирзина ала. Цо дийцарехь цунна а, нахана а боккха кхаъ хир бара бакълена а махкахойн самалхадоккхуш,синтеме иза дирзинехь.

Висхан: «Ас дIадахана шо даггара кхиаме лорур дара болх-некъ а белхьара,ваха ван маьрша а делхьара, дехьа-сехьа волуш полисхой гIуллакх долуш а доцуш а,коча гIерташ а бацахьара… Полицин белхоша посташкахь сецош,шаьш низам талхош... Кхиаме муха лору хIиннца кху деношкахь схьаеъна цхьа бIе сов шина тIамехь беллачеран даьIахкийн-чархаш. Хийла да ву-кх,инзаре цецвийларца, хеттаршкахь вуьйлуш.

Мацах –мацах лецна дIабигна,доьза байина. ХIинццалц уьш мичахь латтийна? Ткъа шарахь гучу ца бохуш уьш стенна латтийна? Ницкъ беш беллачеран гергарчеран садууш,сагатдеш оццул хан стенна ялийтина? Iедалехь болчеран бала стенна ца кхаьчна уьш тоххарехь цIа кхачо? И цхьалхо яккха ца мегара тохара?

Цхьа беI сов стаг хIинццалц мичахь латтийна ца хаьа бохург онда,ирча хIума-м ду и-м хаьа суна. Цундела сунна ца хетта чекхдаьлла шо кхиме. Да дер-кх эшаме ду-кх..»

Чекхдаьллачу шеран хьокъехь бистхиллачех дукхахболчара ,вовшийн дог-ойланах кхиъча санна, юх-юха а тидаме оьцура,охьадагардора 2016 –гIа шо кхиаме лоруьйтуш доцу бахьанаш: ницкъаллин структураша бух болуш а боцуш а, пачхьалкхан низам тергал дIа а ца деш, беш болу тIеIаткъам а,цуьнца доьзна нехан ладегIам дебахь бен лах цабалар а,муьлххачу а вахархочуьнца,хIуъу а бахьна а кхоьллина а,низамхоша хIуъу а хилийта тарлуш хилар а,мел цуьнан бехк бацахь а, милла а, шайна луъург, набахте кхачор биста кхаччалц.

Махкахошна гуттар Iаткъаме долург ду шо-шаре мел долу а, Iар-дахаран массо декъехь бохург санна,адамашна детташ долу зил-дозанаш,садоIийла дукъдеш, шордеш дIахьуш хилар. Делахь а тахана мел Iийжаме,лазаме хьал делахь а, адамаша кханенах йоьзна кхобу ойланаш, дикане сатийсарх юьзна ю.

Хьомсара “Маршо Радион”доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьатаса: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG