ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Массарел "ирсечу" гIалахь - уггаре боьха хи


Кху деношкаь Фейсбукан декъашхочо Умаев Iаданис эксперимент йинера хица. Петарахь охьадогIу хи шишан чу а доьттина, гIора а дайтина, мала дагахь, дастадалийтинера.

Цунна бухахь гулъеллачу букъарша чIогIа цецваьккхина, социалан машанерчу шен агIонтIе сурт диллина цо. Цу тIехь го, хих схьаяьлла кIайн, бамба санна, нех.

Ша иза гIарадаккхара стенна даьккхира, дуьцу цо.

Умаев: «Юьхьанца-м цIахь дика хи доцуш Iийра вай. Цу чохь хьесий а, кхийолу хIуманаш а хуьлура. Ткъа хIинца гIала а ю меттахIоттийна, оцу хица дерг меттадалийна дац-кх. Ас тидам бинера цуьнан, олуш дацара-кх. Ас айса бинчу талламан сурт даьккхина-кх, даржхошна хуур дацара теша аьлла».

Шена хаьа, боху Адаев Iаданис, кхоччуш хин таллам бина ца хилча, иза дика дац алар нийса доцийла. Амма экспертиза ца йича а гуш ду, боху цо, тахана Соьлж-ГIалахь кран бухара молу хи дика доцийла.

Умаев: «Анализ йойтур яра, амма сан аьтто бац иза дан. Хи чохь долу шиша ахь ластийча, цу чуьра букъар гуш хуьлу. Иза хьаъалц а Iай, охьа а йохуьйтий, тIаккха молу».

Тахана Нохчийчохь хи хьайна деззарг эца а мала а йиш ю хьеннан а. Духкуш ду ур-аттала бешачу ша-ломан хи а. 19 литрх 200 сом доккху. Нохчийн шовданаш а ду шишанаш чохь духкуш. Ша царах а ца теша боху Умаев Iаданис.

Умаев: «Шишанаш чохь духкучу хинна а эксперимент ян хьожур ву со. Суна хезна иза а кран кIелхьара хи ду бохуш. Цамгарш ма ю уьш цIенна, иштта хи мийлича».

Хин проблема хенахь дIаялахь тамаша бу Нохчийчохь, аьлла хета юкъараллахочунна Успанов Юнина. ХIунда аьлча, бухара биргIанаш а ца хуьйцуш, сихонца царна тIехь юхаметтахIоттийна ю Соьлж-ГIала.

Итт шо хьалха «Грозводоканалера» белхахочо Маршо Радиога хаам бира, гIалина бухара хийца езачу хинан биргIанийн йохалла 6 эзар чакхарма ю аьлла. Уьш мацца а хуьйцург хирю, ткъа тахана, Iедалша, нахе дIевше хи а ца муьйлуьтуш, шовданаш декъа дезара, элира Успанов Юнис.

Успанов: «Ши тIом а дIабаьлла вайн цIахь. Канализацин а, хин а система хийца еза вайн гIалахь. Уьш тоялур а яц, я атта хийцалур а яц. Шовданаш ма ду вайн шортта. Iедалша и хи шишанаш чу а дуттуш, нахана декъа дезара, и биргIанаш хийцалц. Вайн бераша а, баккхийчара а молуш ма ду иза».

Хица доьзначух тамаше дерг кхин цхьа хIума а ду. Хин юккъерачу бараман мах, иштта гIуллакх дIадоьдахь, бензинан мехе кхочур бу. Масала, уггаре а дика дац аьлла лоручу «Шовда» цIе йолчу хин ах литр шишан мах 10 сом бу, ткъа 92-гIчу бензинан литран 33-36 сом мах бу.

ХIумма а дораха дац хишна юкъахь ехачу Нохчийчохь духку хи. Оцу доллучунна тIе мухIар тухуш, кху деношкахь "Роспотребназора" ша бина таллам гIарабаьккхина. Хи дика доцчу регионийн цIерш а яьхна. Нохчийчоь, хIумма а да воккхавер воцчу хьалхарчу меттехь ю.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG