ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чехехь шен лачкъийна говр цIайерзорах дIахьедина Кадыровс


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Кху шеран заздоккху-баттахь Зазу цIе йолу Чехерчу божал чохь латтош хилла йолу шен говр украинхойн лерринчу сервисийн гIоьнца лачкъийна, ц1а йалийна ша, аьлла д1ахьедина Кадыров Рамзана.

Зазу цIа кхачарах йаздира Кадыров Рамзана шен телеграм-каналехь Соьлжа-ГIалахь цуьнца вовшахкхеташ йаьккхина видео а гойтуш. Говран билгалонаш – "седарчий" – видео т1ерачу говран хьаж т1ехь гуш долчу "седарчийн" билгалонех тера йу хьалхо зорбане даьхначу Зазун суьртан т1ерачех.

Кадыровс чIагIо йо, говр лачкъорна гунахь йу бохучу Украинан лерринчу сервисан белхахошна "цуьнан наха" лур ду аьлла ахча царна дIаделла дац, цара "шаьш шайна йуккъера хьал къасточу хенахь", "говра д1айигна" ша бохура.

Хьалхо стигалкъекъа-бетта 17-хь Зазу Оьрсийчу кхаьчна бохуш йаздира Ростоверчу 1Rnd зорбано: гIалин йистерчу турбазо дийцарехь, говр Нохчийчу дIайуьгуш цигахь буьйса йоккхуш сецнера.

Дагадоуьйту, стигалкъекъа-беттан 15-хь Зазу цIе йолу Чехерчу божал чохь латтош хилла йолу шен говр украинхойн лерринчу сервисийн гIоьнца лачкъийна ша, аьлла дIахьедира Кадыровс. Шен дешнашна тоьшаллаш цо ца далийра. Цу хенахь Кадыровс чIагIдира, говрах 18 эзар доллар охьадиллина ша аьлла – 16-шо долу говр лачкъочу хенахь оцу барамехь мах хадийра цунна Чехерчу полицино а. Амма зазадоккху-баттахь говр лачкъийна аьлла болчу хаамна реакци йеш Кадыровс дIахьедира, цуьнан мах мел кIезга а 10 млн доллар бу аьлла.

Кадыровн дIахьедарна терго йан реза ца хилира Чехера полици, тIетуьйхира цара, шаьш толлуш ду и лачкъоран гIуллакх аьлла. Кадыровн дIахьедаран хьокъехь Кавказ.Реалиино дахьийтинчу хаттарна Украинан Кхерамзаллина сервисо жоп ца делла.

Зазу - иза Кадыровн долара даьхнийн дакъа ду, ГIирмана Оьрсийчоьно аннекси йиначул тIаьхьа Iедало схьайаьккхина йу иза. Масала, говр Евробертан дозанера дIайига ца мега, ткъа говраш уьдуш болчу къийсамашкахь даьккхина ахча Кадыровн чоьташка даккха ца мега.

Чехийн Jezdci.cz сайто йаздарехь, Зазу лачкъо гIиртира 2022-чу шеран дечкен-баттахь а, Оьрсийчоь Украине чугIорта кIезга хан йиссале – хIетахь оьрсийн мотт буьйцу ши стаг гIоьртина хиллера говр Польше дIайига, амма божалан долахочо дуьхьало йина царна.

  • Зазу цIе йолчу говран баккъалла болчу мехах лаьцна хIумма а хууш дацара. 2015-чу шарахь Кадыровн говранийн Чехерчу тренеро Шавуев Арслангирейс дийцира Радио Свободе, божал чохь латтош нохчийн политикан пхи говр йу, шайлахь лачкъийна йолу Зазу а йолуш – цуьнан баккъалла болу мах Шавуевс ца элира, "вуно дукха ахча доьхура цунах", аьлла билгалдоккхуш. Цо бахарехь, кхинйолчу цуьнан говранийн мехаш 15 тIера 140 эзар евро кхачалц бу (таханалерачу курсаца, 15,8 а, 147,5 эзар а долларш).
  • Коррупцина дуьхьало латточу талламийн а, инициативийн а "Трансперенси Интернешнл – Россия" проекто дийцира, 2014-2018 шерашкахь Чехехь хиллачу говрийн идаршкахь Кадыровн говраша даьккхинарг 110,5 млн сом дара, Немцойн махкахь - 1 млн сов сом (2014-чу шеран Централан Банкан курсаца), амма Американ а, Европан а санкцеш бахьана долуш и ахчанаш Кадыров Рамзанна дIаделла дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG