ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чергазийн геноцид Украино къобалдан тарло. Оьрсийчоьно стенна ца до?


Чергазойн геноцидана лерина Гуьржийчуьра Анаклиахь хIоттийна хIоллам. Кавказан тIамехь белларш дагалоьцуш дIахьо акци

Украинхойн депутато Гончаренко Алексейс Лакхарчу Раде проект кховдийна 1763-1864-чу шерашкахь Кавказан тIом боьдуш чергазийн къомана тIехь геноцид яр къобалдар доьхуш. Нагахь санна, реза хилахь, Украина шолгIа пачхьалкх хир ю, бIеннашкахь эзарнаш чергазий байарна официалехь жоьпалла Оьрсийчоьнан империна тIедиллинчех. Кавказ.Реалиино дуьйцу, муха дийцаредира чергазийн хаттар дуьнено - муха тергал ца дира иза Оьрсийчохь.

Официалехь Кавказан тIом болабелла шо Оьрсийчоьно лоруш ду 1817 шо, инарлин Ермолов Алексейн планаца а догIуш, паччахьан эскаро ламанхошна жигара тIелатарш долийча. Оцу хьокъехь кхин хетарг а ду – тIом болабелла 1763-чу шарахь Жимачу Кабардахь Оьрсийчоьно Моздок гIап яр дIадолийча.

Оьрсийн историкан Берже Адольфан зерашца, 1864-чу шо карадогIуш Оьрсийчоьнан эскаро бина тIемаш бахьана долуш шайн даймахкахь бисса таро хилира 10 процент гергга, йа вуьшта аьлча, 80 эзар чергазочун. Виссина 400 эзар стаг вийра, кхин а ахмиллион – махках ваьккхира. Мюнхенерчу чергазойн Iилманан-талламан институтан лараршца, Туркойчу дехьабохучу заманчохь дийна вара 260 эзар стаг – царех дийна виссира 180 эзар. ТIемашкахь кхелхина ца а Iаш – оьрсийн эскарийн тактикан маьIна дара иштта ламанхой хих бахар а, церан дIадийна латтанаш дагор а.

МухIажарш дIакхалхор
МухIажарш дIакхалхор

Карарчу хенахь чергазийн геноцид къобалдинарг цхьа Гуьржийчоь ю. И хаттар дийцаредан долийра Къилба ХIирийчохь тIом бирзинчул тIаьхьа, къамелашкахь меттигерчу эксперташа дакъалаьцна ца Iаш, кхечу мехкашкарчара а лецира – масала, Американ The Jamestown Foundation талламхойн организацино. Оьрсийчоьнан Iедалхошна вас йира оцу хьоло, Москвано Абхази а, Къилба ХIирийчоь а йозуш йоцу пачхьалкхаш ю аьлла, тIелацарна дуьхьала дина хIума ду элира цара. 2020-чу шарахь Оьрсийчоьнан Коьртачу прокуратурано Американ фонд магош яцчу юкъараллийн тептаре яьккхира.

2011-чу шеран Стигалкъекъа-баттахь Гуьржийчоьнан парламенто официалехь дIакхайкхийра, XIX-чу бIешерашкахь Оьрсийчоьнан империно чергазошна тIехь йинарг геноцидан акт ю аьлла. Гуьржийн Iаьржа хIордана гергарчу Анаклия гIалахь 2012-чу шарахь чергазойн геноцидехь хIаллакхиллачарна лерина хIоллам хIоттийра. ХIора шарахь Стигалкъекъа-баттахь цунна гонах тезетан барамаш дIахьо меттигерчу чергазойн юкъаралло.

Карарчу заманчохь чергазойн бохамах лаьцна кест-кеста дуьйцу кхечу пачхьалкхашкахь а цхьаьна. Масала, 2020-чу шарахь Туркойчоьнан президенто ЭрдогIан Реджепа дагалецира депортацин иэс: "Тхайн вежарийн чергазийн лазам боькъу оха, юха а Делера къинхетам боьху беллачарна".

Кху шарахь чергазийн геноцидах лаьцна дийцарш керлачу тIегIане девлла. Кавказан тIамехь эгнарш дагалоьцу де герга кхочучу хенахь Брюсселерчу Европарламентехь йистхуьлучу журналисто Тлисова Фатимас XIX-чу бIешерашкахь паччахьан эскаро чергазошна тIехь лелийна геноцид дуьстира Оьрсийчоьнан эскарша Нохчийчохь динчуьнца а, тахана Украинехь «спецопераци» ю бохуш, лелочуьнца а.

Тбилисерчу пачхьалкхан университетан профессорна Чухуа Мерабана хетарехь, Оьорсийчоьно уггар а хьалха къобал дан деза чергазойн къоман геноцид. Тамашена хета цунна, паччахьан Оьрсийчоьнан зуламаш кху заманарчу Оьрсийчоьнан Iедалхоша емалцадар.

Жоьпалла тIера даккха гIертар

90-чу шерийн юьххьехь чергазойн геноцид тIеийцира ГIебарта-Балкхаройчохь а, Адыгейхь а. 1992-чу шеран Чиллан-баттахь ГIебарта-Балкхаройчоьнан ССР-н Лакхарчу кхеташоно дIахьедира, дозанал арахьа бехачу чергазошна пачхьалкхан бахархойн шалха бакъо дIаяла езаш хиларх, царна реабилитаци ян а, репатриаци ян а программаш кечъян езарх, эккхийначу къоман статус чергазошна яла дезарх, Стигалкъекъа-беттан 21-ра де мукъа де дIакхайкхон эшарх а.

ХIетахь Оьрсийчоьнан хьалхарчу президенто Ельцин Бориса тIекхиаме дIахьедар дира, Кавказан тIеман хиламийн зуламаш бакъдеш, куьйгалло цуьнца догIуш долчу кепехь мах хадон безаш хиларх хоуьйтуш. Амма 1994-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 18-чохь Кавказан къаьмнашка ша вистхьулуш, геноцидах жоьпалла кхечу пачхьалкхашна а цхьаьна тIедилла гIоьртира иза.

"Кавказехьа бечу къийсамехь Оьрсийчоьнан империн а, Британин а, Францин а, ГIажарийчоьнан а, Туркойчоьнан а интересаш цхьанаийнера. И йоллу пачхьалкхашна тIехь ду, лаьмнашкарчу къаьмнаша хьегначух цхьа дакъа жоьпалла", - дIахьедира Ельцина.

Тезетан барамаш бихкина кхо шо а ду – тIаьххьара Украинера тIом бахьанехь ду элира хьаькамаша

Тоххара геноцидан хаттар президентан тIегIанехь дуьйцуш хиллехь а, хIинцалерачу Iедалхоша цунах лаьцна хьахош а дац. 2013-чу шарахь Оьрсийчуьра чергазойн юкъараллаша кхайкхамбира Оьрсийчоьнан Iедалхошка, иштта президенте Путин Владимире а, шайн къоман геноцид къобалде аьлла. Сочихь Олимпикан ловзаршна кечлучу заманчохь оцу кепехь юкъаралхойн бистхилар Iедало тIеийцира демарш санна – дехарна хIетахь жоп ца делира.

Официалехь геноцид къобалдан дезарх жигархоша хIора шарахь дуьйцу белла чергазой дагалоьцуш хIитточу акцешкахь – тезетан барамаш Кавказан регионашкахь дIабаьхьира 2021, 2020, 2019-чу шерашкахь а, дахначу шерашкахь а. Амма ГIебарта-Балкхаройчохь барамаш хIиттор дихкина кхо шо а ду – хьалха формалехь хьовзийна бахьана ковидан дозанаш хиллехь а, хIинца Украинера тIом бахьана даладо хьаькамаша. Жигархошка дIахьедина цара, пачхьалкхан куьйгалло лелочунна "муьтIахь хилар дIагайта" деза аьлла.

Дуьхьало йинехь а, республикехь дуьйладалар хилира – дакъа лецира цигахь 500 гергга стага. Барам дIабахьа новкъарло ян гIоьртира полисхой, цхьахволчу декъашхочунна административан протокол хIоттийра Iедалшкара бакъо йоцуш акцига кхайкхамаш барна. ТIаьхьо кхело гIуллакх полицига юхахьажийра, цхьацца процессуалан низамаш талхийна аьлла.

Савва Михаил
Савва Михаил

Украинхойн политолога Савва Михаила Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь билгалдаьккхира, дуьххьара дац чергазойн геноцид Киев официалехь къобалдан гIерта 2014-чу шарахь и хаттар дийцаредар тIедожийра «Радикалан партин» лидеро Ляшко Олега.

Саввас бахарехь, шен историхь хилла бохаман агIонаш имперскан идеологи бахьана долуш къобалъян дуьхьал тийсало Оьрсийчоь, эксперт тешна ву, и идеологи хIинца а дийна хиларх.

"Геноцид къобалдаран коьрта эффект ю – политикан-дипломатин. Нагахь санна, хьалха хиллачу пачхьалкхо, аьлча а, Оьрсийчоьнан империно, геноцид йинехь, цунна тIаьхьа йогIу Оьрсийчоьнан Федераци а цунна бехкеян атта ду. Мел а хила тарло кхузахь дахаран хьелийн тIаьхьало а. Масала, дозанаш юхадерзон бакъо ялар йа компенсаци ялар. Оьрсийчоь дуьхьал ю, хIунда аьлча, шен символашна бухьахь Украинана дуьхьал агресси йолийначу кхузаманан Оьрсийчоьнан идеологи империн ю. ХIокху идеологехь шеконаш хуьлийла дац империна пайда хиларх, къаьсттина хьалхалерачу Оьрсийчоьнан империна", - билгалдоккху Саввас.

Дукккха а цIий Iаьнна латта ду хIара чергазошна, уьш ца хьежало кхузахь «Путиннан шахьаре».

Гуьржийн «Ронделин Фондан» (Тбилиси) Iилманан белхахочунна, историкана, политологана Квахадзе Александрна хета, Къилбаседа Кавказехь XIX-чу бIешерашкахь хиллачу тIамехь чергазой уггар а бала хьегна къам ду аьлла. Цо бахарехь, чергазой беха кхузаманан мехкаш - ГIебарта-Балкхаройчоь, Кхарачой-Чергазийчоь, Адыгей – дIадахначун «кегий гIайреш» ю, ткъа Москван сагатдо, Оьрсийчохь болчу чергазошна яккхийчу, мел а жигара йолчу чергазойн дозанал арахьарчу пачхьалкхашкарчу юкъараллашкара гIо-накъосталла хиларо.

"Оьрсийчоьнна битаме маьIна долуш ю Iаьржачу хIорданан регион, цигара лаьхкира тIом бирзича чергазой. Кхузахь хIоттийра Сочинана Олимпиада, кхузахь йина «Путинан шахьар» олу гIишло а. Дукккха а цIий Iаьнна латта ду хIара чергазошна, уьш [паргIат] ца хьежало «Путиннан шахьаре» кхузахь", - боху Квахадзес..

Политологана хета, чергазойн хаттарна пебеттар а, оцу чергазийн гIуллакхца Османан имперехь боьзнарш цабашарца санна базбар а гуш ду аьлла. Оцу кепара леларо, цунна хетарехь, Оьрсийчохь чергазойн геноцид къобалдийр ду олийла дац.

  • "Дозанал арахьа бехачу махкахойн хьокъехь Оьрсийчоьнан пачхьалкхан политикех" лаьттачу низамехь хийцамаш барх кховдийначу документа тIехь конституцин низамаш дохор билгалдаьккхина Оьрсийчоьнан куьйгалло – хьалха царна арз динера чергазойн жигархоша. Нагахь санна, хийцамаш бар тIеэцахь, махкахой тIелацаран коьрта тIедожор хир ду оьрсийн мотт хууш хилар.
  • Биллина кхайкхам бина Путине юкъараллин «Пэрыт», «Адыгэ Хасэ» организацеша а, адыгийн юкъараллийн вовшахтохараллийн координацин кхеташоно а, ГIебарта-Балкхаройчоьнан регионалан бакъонашларъяран центро, "Жьэгу", "ЖылэБзэ", политикан репрессеш бахьана долуш хIаллакхиллачийн ассоциацийн Оьрсийчоьнан векалаллаша а, гIебартойн къоман къанойн Кхеташоно а. "Депутатан Затулинан инициатива тIеэцахь, диаспора дIахадийна хир ю шен даймахках а, шен махкахойх а. Иза катастрофа ю", - аьлла хета ГIебарта-Балкхаройчоьнан регионалан бакъонашларъяран центран куьйгалхочунна Хатажуков Валерийна.
  • Стохка бакъонашларъярхоша рапорт йовзийтира оьрсийн Iедалхошца йоьзна йоцчу организацино Шемарчу тIеман конфликтех лаьцна кечйина, цуьнан цхьа дакъа лерина дара чергазойн мухIажаршна. Цу тIехь дуьйцу Оьрсийчуьрчу шайн даймахка юхабирзинчул тIаьхьа цара лайначу халонех а, иштта дIатарлуш а, дIауьйш а цара лайначу проблемех а.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG