ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Черкизовский" базаран хиллачу долахочо политикан тховкIело ехна Черногорехь


Исмаилов Тельман

Москван малхбалехь хиллачу "Черкизовский" базаран долахо хиллачу бизнесхочо Исмаилов Тельмана политикан тховкIело ехна Черногорехь (Монтенегро). Цунах лаьцна хаам бо Настоящее Время телеканала, меттигерчу Vijesti газетана тIе а тевжаш.

Исмаилов дIалацарх лаьцна хиира ГIадужу-беттан 1-чу дийнахь. Свобода Радионо яздарехь, иза лаьцна Оьрсийчоьнан дехарца.

Исмаилов махкахо ву Оьрсийчоьнан а, Черногорин а. Хьалхо иза дуьненаюкъарчу лахаме веллера. Москварчу Басманан кхело, дуьхьал а воцуш, лаца сацам бинера бизнесхо 2017-чу шарахь.

Оьрсийчоьнан Талламан комитета бехке веш ву Исмалов, 2016-чу шарахь Подмосквьехь ши совдегар Савкин Владимир а, Брылев Юрий а вейтарна а, ткъа иштта 2004-чу шарахь йишлакхархо Руссо Авраам лачкъорна а.

2019-чу шарахь Швейцарехь бизнехочунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долийнера. Цигахь Исмаилов Тельмана экономикан 3 зулам дина аьлла шеко йолуш ду Iедалш, шайна юкъахь кредитана эцначу ахчанца бозбуунчаллаш лелор а долуш.

Исмаиловна тоха мегаш ду 3-5 шо набахтехь даккха. Цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долийра Цюрихан прокуратуро Оьрсийчутрчу "БМ-банкан" векалша латкъам бинчул тIаьхьа.

Исмаилов уггар хьал долчу нахах цхьаъ вара Оьрсийчохь. 2012-чу шарахь Forbes журнала цуьнан бахаман мах хадийра 800 миллион доллар. Иза вара АСТ олу бизнес-тоба кхоллархо. Оцу тобанан долахь яра Оьрсийчохь уггар яккхийчерах йолу "Черкизовский" базар а, Москван юккъехь Арбат урамехь йолу "Прага" ресторан а, отелаш а, зорбан гIирсаш а. Туркойчуьрчу Анталехь Исмаиловн долахь яра цхьа миллирд ах миллирд мах болу "Мардан Палас" отель, яздо Свобода Радионо.

Хьажа комменташка

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG