ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чолхе чевнаш йина Оьрсийчоьнан эскархой байина дIабаьхна кадыровхоша Бородянкехь - СМИ


Кадыровхой Украинехь, гайтаман сурт
Кадыровхой Украинехь, гайтаман сурт

Украине чугIоьртинчу юьххьехь кадыровхоша бойуш дIабохура Киевн кIоштарчу Бородянка эвларчу лазартне балош хилла чолхе чевнаш йина Оьрсийчоьнан эскархой. Цунах лаьцна Daily Beast ресурсе хаам бина, Ирпень гIалин кхеташонан депутато Гурин Артема, яздо Кавказ.Реалиино. Бородянкера дIа эха сахьтехь некъ болу, Украинан тIелеттачу хьалхарчу кIиранашкахь гоне ерзийна яра Ирпень.

Гуринан дешнаш тIечIагIдеш кхечу хьасташкара тоьшаллаш дац, ткъа ша депутат тIетовжу Бородянкерчу бахархойн дийцаршна, цо бахарехь, цаьрца къамелаш хилла цуьнан Охан-беттан юьххьехь, Оьрсийчоьнан эскаро Киевна гергара нах беха меттигаш дIатийсинчул тIаьхьа (депутат оцу эвлашкахь хиларх тоьшаллаш ду цуьнан инстаграмерчу аккаунтехь хIиттийначу публикацешца).

"Вон чевнаш йина Оьрсийчоьнан салтий цигахь хиллачу йоккхачу лазартне балабора, ткъа яккхий чевнаш йинчарна тоьпаш тухура. Кадыровхой боцчара кхин цхьаммо а дина дац и", - даладо украинхойн дешнаш Охан-беттан 30-чохь Daily Beast ресурсан материалехь.

Стигалкъекъа-беттан 1-чохь британхойн Daily Mail таблоидо и информаци юха зорбане яьккхинера, тIаьхьо Гуринан дIахьедар иштта гучуделира украинхойн ТСН телеканалан сайтехь – иштта кхечу хьасташкахь тIечIагIдина доцуш, цхьана а кепара тоьшаллаш доцуш.

  • Хьалхо Украинан кхерамзаллин сервисо зорбане дехира, шайна карадаьхкина нохчийн маттахь дина къамелаш, хетарехь, Росгвардин эскархочо шен хIусамненаца дина долу. ХIетахь цо дIахьедира шайн коьртачу Iалашонех – тIеман майданара дIасауьду оьрсийн эскархой сецор ю аьлла.
  • Кадыровхойх "заградоьтрядех" санна пайдаоьцуш хила тардаларх дIахьедира иштта Кавках.Реалиица хиллачу къамелехь шайн лаамехь вовшахкхетта, Украинехьа тIемаш бечу Дудаев ДжовхIаран цIарахчу нохчийн батальонан хьалханчас Осмаев Адама а.
  • Конфликтна шина а агIонан дIахьедарш талла аьтто бац саццанза дIахьош тIемаш хиларна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG