ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чолхечу диабетах бала хьоьгучу Мусаева Заремина кхелехь вон хилла


"Оцу муьрехь иза лаьтта охьа йоьжнера, аьлча а, гай а, батт а лаьттахь а йолуш, лазаран тIетаIар дара иза, егош яра иза", - дуьйцу Мусаеван кIанта, бакъоларъярхочо Янгулбаев Абубакара

Соьлжа-ГIалин Ленинан кIоштан кхелехь яьккхина йолу аудио кхаьчна Настоящее время гIирсане. Товбеца-беттан 5-хь яьккхина ю иза Мусаева Заремин резонансе гIуллакхехула хиллачу ладегIаршкахь. Кху шеран дечкен-баттахь Нижний Новгородера, ма-дарра аьлча, ницкъахоша лачкъа а йина, Соьлжа-ГIала дIайигина хилла йолу федералан кхелахочун хIусамнана ю иза. Вуно чIогIа могушаллица проблемаш ю цуьнан – диабетан чолхе кеп. Мангал-беттан 5-хь кхелера ладегIаршкахь Заремина вон хиллера.

"Оцу муьрехь иза лаьтта охьа йоьжнера, аьлча а, гай а, батт а лаьттахь а йолуш, лазаран тIетаIар дара иза, егош яра иза", - дуьйцу Мусаеван кIанта, бакъоларъярхочо Янгулбаев Абубакара.

Сих-сиха хуьлу цунна оцу тайпа лазаран чолхедийларш. Мусаева Заремина молханаш ло, мехий детта, амма СИЗО чуьра дIа ца хоьцу цуьнан могушалла тидаме а лаьцна, цуьнан диабет, чолхе хьал а далахь а. Мусаева Зарема – федералан кхелахо лаьттина волчу Янгулбаев Сайдин зуда ю. Цуьнан кIентий Абубакар а, ИбрахIим а – бакъоларъярхой а, оппозицонераш а бу. Кадыровна йиллина критика ечу 1ADAT боламца боьзна хета ЯнгулбаевгIар нохчийн Iедална, боламан сайт Оьбрсийчохь дIакъевлина ю. 2021-чу шеран чакхенехь ЯнгулбаевгIара хаам бора, Нохчийчуьра иттанаш шайн гергар нах лечкъорах лаьцна. Кадыров Рамзана оцу доьзалх террорхой элира. Царна тIаьхьваьлла лела дош а делира.

"ЯнгулбаевгIар мичча бовдахь а, миччахь кхачахь а, оха тхайн агIор тхайга далург дийр ду уьш низамца дIалацархьама, амма цара дуьхьало яхь, уьш хIаллакбийр бу", - дIахьедира оцу хенахь Кадыровс.

Амма хIинца церан нанна тIаьхьбевлла хьийза. Янгулбаев Сайди, Абубакар, ИбрахIим дозанал арахьа бу. Кху шеран дечкен-баттахь Мусаева Зарема дIалацаро йоккха резонанс гIаттийра Нохчийчохь а, федералан тIегIанехь а. ГIуллакхна Кремлехь а, ур-атталла пачхьалкхан департаментехь а комментариш йира.

Дечкен беттан 20-чу буса Нохчийчоьнан Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин (МВД) белхахой Мусаева Заремин Нижний Новгородерчу петар чу лилхира. Iазапашна дуьхьало латточу комитето гIаръяккхинчу видео тIехь когаш берзина машенехьа юьгуш ю Мусаева. ТIе бедарш ца йохийтира, йа инсулин а схьа ца эцийтира цуьнга. Нохчийн Iедалхоша бахарехь, оцу кепара теше санна хеттарш дан йигинера иза. Амма дукха хан ялале кхелахо лаьттина волчун зудчунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх даьккхира. Дийцарехь, протокол хIотточу полисхочунна тIелетта иза, аьлла.

"Уьш дукха чIогIа кхета, бакъоларъяран а, оппозицин а гIуллакх дехка йиш ца хилар. Иштта дIахьедан а йиш яц церан, хIунда аьлча, Конституцина дуьхьал ду иза. ТIаккха ишттачу механизмашца тхуна тIе Iаткъам бо цара", - кхетада ницкъахошва лелориг Янгулбаев Абубакара.

Мусаева Зарема хIинца Соьлжа-ГIаларчу СИЗО-хь рогIерчу ладергIаршка хьоьжуш ю, марсхьокху-беттан бархIалгIачу денна хIиттийна уьш. Залехь керла суьдхо хир ю, хьалх хилларг дуьхьал хилира кхин дIа и гIуллакх листа. ГIуллакх чолхе доккху Мусаеван адвокаташа шайна тIехь тидам латто нах гучубевлла хиларо. Товбеца-беттан пхоьалгIачохь, ладегIарш хиллачу дийнахь, бевзаш боцу нах адвокаташна тIехь тидам латтош хиллера аэропортехь, кхелехь, кафе чохь. Цара арахецначу видео тIехь сих-сиха гучувуьйлу клеткан коч йоьхна стаг. Адвокаташа верриг вагарвинарг вохI, ур-атталла бархI стаг вара. ХIун кхерам бахьа Нохчийчохь ишттачу тIаьхьбовларо?

"Масех агIо ю. Дуьххьарниг: цхьа а кхерам ца бахьа, хIунда аьлча, иза хаамаш гулор ду, адвокаташ лелочух, уьш цхьанакхетачу нахах а. ШолгIаниг: психологин Iаткъам бар ду тхуна тIе. Кхинйолчу агIонех лаьцна ойланаш йан суна ца лаьа", - боху Мусаевн адвоката Караваев Александра.

Амма кхинйолчу агIонех ойла йойту Нохчийчохь дуккха а бакъоларъярхошна тIелетарш дина хиларо. Адвокаташа ФСБ-га арз хьажийна, цуьнан куьйгалхочун Бортников Александрана цIарца: цара дIахьедо, шайна тIехь низамехь боцуш арахьара тидам латтош хилар. Кехатехь билгалдоккху, гIуллакхан башхалла а, Нохчийчоьнан куьйгалло ЯнгулбаевгIарна кхерамаш тийсар а тидаме а эцча, адвокаташна хетарехь, церан дахарна а, могушаллина а боккха кхерам бу.

  • Кадыров Рамзана ца лечкъадо Мусаева Зарема дIалацаран бахьанаш – цо бахарехь, ЯнгулбаевгIеран доьзал оппозицин 1ADAT боламца боьзна бу. Дечкен-беттан 21-чу дийнера 24-че кхаччалц Нохчийн Республикан куьйгалхочо оцу темина лерина 10 текст а, видео а арахийцира шен телеграм-каналехь. Чиллан-беттан 1-хь пачхьалкхан думан депутата Делимханов Адама дIахьедира, "дийнахь, буьйсанна, ницкъ, хьал, тIаьхье ца кхоош" ЯнгулбаевгIарна тIаьхьбевлла хьийзар ву ша.
  • Цкъа дуьххара Мусаевана кхело 15 дей-буьйсий туьйхира чохь даккха, полисхо сийсазварна бехке а йина, цул тIехьа цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх диллира – дийцарехь, протокол хIотточу юкъанна полисхочунна тIекхетта аьлла, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана бахарехь, "цуьнан бIаьрг боккхуш лаьттара цо". Лачкъийна ши кIира даьлча бен дуьххьара Мусаева Заремина тIекхача аьтто ца белира адвокатан. Чохь латто сацам беш кхел йоьдучу юкъанна Мусаева кхетамчуьра яьлла яра.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG