2000-чу шеран чиллан-баттахь БухIан-Юртахь нах байъарна бехктакхаман гIуллакх доло дуьхьало йеш Соьлжа-ГIалин Старопромысловскан кIоштан кхело бина сацам юхаэцна Нохчийчоьнан Лаккхарчу кхело. 20 шо ду юртана тIе а летта, 60 гергга меттигера вахархо вийнарг мила ву оьрсийн низамхойн органаша билгал ца доккхуш.
Нохчийчухула йолчу Талламан комитетан талламан Урхаллан вуно ладаме гIуллакхаш талларан кхолгIачу декъан талламхочо Гайрбековс бина гIуллакх доло дуьхьал хулуш сацам. И къевсина меттигерчу бахархоша – Хайдаев Iабдулхьасана а, Мусостова Айсета а.
Нохчийчоьнан Лаккхарчу кхелехь прокуратурано дийхира, бина сацам хийцамаш боцуш бита, хIунда аьлча, "зуламаш дина аьлла кхаьчна хаам кхоччуш теллина, тIаккха талламхочо бина процессуалан сацам низамца богIуш бу".
Амма Лаккхарчу кхело билгалдаьккхина: "дуккха а нах байъинчара герз лелорца кхерамаш а туьйсуш, юртан бахархой Iадорхьама нах бойъуш, церан кехаташ, даьхний, бахам лечкъош, цIийнах, юртбахаман объектех цIерш туьйсуш хьийзина уьш. Амма цара лелийна зуламаш "ХIума лачкъор", "Леррина бахам талхор", "Талор дар", "Кехаташ лечкъор" бохучу артиклашца луьстуш хилла, амма оцу бух тIехь чуделлачу аьрзашна тIехула гIуллакх доло дуьхьал хилла талламхо, бехкзуламан гIуллакх талларан хан чекхйаьлла аьлла – цуьнан сацам низамехь бац".
ТIаьххьаре а талламхочо кховдийначу латкъамна дуьхьало йина, Хайдаевн, Мусостовин а аьрзнаш Соьлжа-ГIалин Старопромыслан кIоштан кхеле хьажийна керлачу талларе.
- Бахархойн паспорташка хьуьйсуш, талламаш болийра шина эзарлагIчу шеран Чиллан-беттан 5-чу дийнахь Санкт-Петербургера а, Рязанан кIоштара а баьхкинчу ОМОН-ан ницкъаша Нохчийчуьрчу БухIан-Юьртахь. Оцу хиламийн тешаша дуьйцура, спецоперацехь дакъалоцуш эскаран гIуллакх кхочушдечуьра схьабалийна къона салтий хилла ца Iаш, гIеметтахIиттина нах а бара бохуш. Контракташца баьхкина хила тарлора уьш, я мегара чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан лерина тобанаш хила а. Зуламийн тешаша а, Iазап лайначу бахархоша а дийцарехь, маьршачу нахана тIехь къемат латтийнарш баккхийнаш бара. Ткъа къона салтий, доккхачу декъанна, голаьцна латтош бара.
- Верриг а БухIан-Юьртахь бийъиначийн терахь тайп-тайпана дуьйцу: 56-на тIера 82 стаге кхачалц. 2007-чу шеран товбеца-беттан 26-хь Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело теллира "Мусаев а, кхиберш а Оьрсийчоьнна дуьхьал" аьлла цIе йолу, БухIан-Юьртахь маьршачу нахана тоьпаш йиттинчарна дуьхьал айдина гIуллакх.
- Оьрсийн эскархоша 2000-чу шарахь БухIан-Юртахь йинчу операцехь шайн гергарнаш байъина аьлла Европерчу адамийн бакъонехула йолчу кхеле аьрзнаш деллачу Нохчийчуьрчу бахархошна 285 эзар евро компенсаци кхачийна. Кхел дIаяхьарна дайъина ахча а меттахIотто деза Оьрсийчоьно.