Оьрсийчоьнан Талламан комитетан Транспортан урхалла Москварчу Дорогомиловн кIоштан суьде яьлла дуьхьал вацахь а лацар доьхуш 2001-чу шарахь Зазадоккху-беттан 15-хь Внуковон авиалинийн Истанбулера Москва доьду некъахойн кема дадош дакъалаьцна Дени а, Ирисхан а АрсаевгIара.
162 некъахо а, экипажан 12 декъашхо а тIехь волу кема дIалоцуш дакъалецира ир бина аьчкан сара карахь болчу Арсаев Супьяна а, цуьнан шина кIанта а – 19-сса шо долчу Денис а, 16 шаре ваьллачу Ирисхана а.
Кхероран акт йинчара доьхург дара Нохчийчуьра оьрсийн эскарш арадахар. Арсаев Супьяна дIахьедира, Нохчийчохь тIамехь шен гергарнаш байина, ткъа ша заьIапхо вина аьлла.
Дадийна долу кема охьахаийра Мединехь (СаIудийн Iаьрбийн пачхьалкхехь). Кема дIалоцуш тIелетар динчара чов йинера экипажан декъаошхочунна а, кхаа некъахочунна а. Дадийначу кеманна штурм еш СаIудийн спецназхоша вийра Арсаев Супьян, кхин а ши адам – стюардесса а, туркойн некъахо а йийра ларамаза.
"МК" газето дийцарехь, Оьрсийчоьнан экстрадици ца яйтаелира дIалаьцна волчу Денина а, Ирисханна а, Оьрсийчоьнна а, СаIудийн Iаьрбийн пачхьалкхана а юкхахь оцу хьокъехь бина барт ца хиларна.
СаIудийн Пачхьалкхехь Арсаев Дени чувоьллира 6 шаранна, ткъа Ирсханна туьйхира 4 шо.
- Арсаев Супьян ваша вара Арсаев Асланбекан, 1998 – 1999 шерашкахь, Ичкерин Iедалехь шариIатан кхерамазаллин министр хиллачу.
- 1ADAT телеграм-канала бечу хаамца, Арсаев Асланбек дакъалоцуш вара стохка ГIуран-баттахь туркойн Корфез гIалахь реконструкци йинчул тIаьхьа Дудаев ЖовхIаран цIарах парк схьайоьллуш.
- Арсаев дийцира цул тIаьхьа, ша волчу гергара нах баьхкинера аьлла, Нохчийчохь йолчу режимана критика яр дитар доьхуш. 1ADAT-а дийцарехь, цуьнан гергарчаьргара хIусамийн а, латтан а кехаташ дIадаьхнера Iедалша, Арсаев цаьрга сацавайта, иза ца дахь Нохчийчохь "уьш баха буьтур бац" аьлла.