ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

90-чу шерашкахь Нохчийчохь коммуналан белхаш динчунна алапа схьадала реза ца хилла


Соьлжа-ГIалара президентан гIишло 1997-чу шарахь

Пятигорскера кассацин кхел дуьхьал хилла Дадаев Руслана Нохчийчоьнан гIишлош йоттаран а, ЖКХ-н а министраллина дуьхьал алапа схьадалар тIедожош кховдийна арз къобалдан. Арзхочо коммуналан белхаш бина оьрсийн-нохчийн шина тIамна юкъарчу хенахь, амма шарахь сов шена лур ду баьхна алапа дIа ца делла цунна.

Бахархойн гIуллакхан материалашца а догIуш, Дадаевс слесарь-сантехник болх бина 1995-чу шеран мангал-баттера 1999-чу шеран товбеца-батте кхачалц Соьлжа-ГIалин Заводскойн кIоштан ЖЭУ-7 урхаллехь. Цунна тоьшалла до Дадаевн белхан-тептаро. 1998-чу шеран зазадоккху-баттера дуьйна ша балхара дIаваьккхинчу дийне кхачалц алапа ца кхочура цунна – 15 эзар бу схьа ца деллачу ахчийн барам. Инфляци тидаме а оьцуш, арзхочо нохчийн министраллина тIедожийнера 350 эзар сом алапа далар, 150 эзар сом моралан зен хиларна компенсаци а, иштта юридикан гIуллакхашна ахча дайъар а.

Нохчийчоьнан гIишлош йоттаран а, ЖКХ-н а министралло дIахьедира арз даларан хан чекхяьлла хиларх. Дадаевс дийцира, шен хенахь латкъам бан цунна новкъарло йора еххачу хеначохь иза цомгуш хиларна, амма Соьлжа-ГIалин Ленинан кхел, Нохчийчоьнан Лаккхара кхел, Пятигорскера кассацин кхел а реза ца хилира арз къобалдан.

  • 1996-чу шеран Марсхьокху-баттахь Оьрсийн Федерацина а, Нохчийн Республика Ичкерина а юккъехь Хасавюртара барт бира. ЧРИ-н тIеман ницкъийн штабан куьйгалхочо Масхадов Аслана а, Оьрсийчоьнан кхерамазаллин Кхеташонан секретара Лебедь Александра оцу бертана кIелахь куьйг яздира. Оцу кехатна тIе куьйг яздича Нохчийчуьра дуьххьара тIом официалехь чекхбелира. 1997-чу шеран дечкен-баттахь Ичкерин президентан харжамаш хилирацигахь туьйлира Масхадов Аслан.
  • Мангал-бутт бовш Краснодар-мехкан кхело бакъдира кхо шо долу Загудаев Султан верна жоьпалла Оьрсийчоьнан эскаршна тIехь хилар – Серноводское эвлахь 1999-чу шарахь, Нохчийчохь шолгIа тIом болуш, тохарш дечу хенахь дийнера бер. Загудаева Натальина компенсаци хIоттийра веллачу кIантах – 20 эзар сом. Кхаа шарахь сов кхелаца къийсаеллачу зен хиллачо "цадашар а, сийсазалла а ю иза" элира. Цуьнан адвокатана, мелхо а, боккха толам хета иза.
  • ГIебарта-Балкхаройчоьнан Прохладненскан кхело ца магийна 20 минотехь йолу видео, оцу тIехь гойтуш бу оьрсийн салтий Нохчийчохь хьалхара тIом болчу хенахь. Кхеле арз а кховдош кхеле ваьллера кIоштера прокурор.
  • Нальчикерчу гIалин кхелехь реза ца хилира Геграев Далхатна 2002-чу шарахь Нохчийчохь тIеман чов ярна 10 эзар сом дала. Цул сов МВД-н пенсхочо тIедожийнера ГIебарта-Балкхаройчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллина, Росгвардин урхаллина а, Хьалх-МартантIерчу №6779 тIеман декъана а шена ахча сацдарна 1,8 миллион сом далар.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG