ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Депардьён кино яккха йолийна Нохчийчохь


Нохчийн шорта актераш юкъахь а болуш, Депардье коьрта турпалхо а волуш, кино яьккха йолош ю Нохчийчохь. Цкъа а ца хилчу агIор, ингалс маттахь васташ ловзо дезар ду массеран а. И болх хазахеташ тIеэцна нохчийн актераш.

12-13 нохчийн актер хира ву, Депардье Жерар юккъахь а волчу кино .ккъахь. Иза, схьахетарехь, драма хила мегаш ю. Дукха хан йоцуш, режиссер волу Мартинес Филипп Нохчийчу а веана, меттигерачу актерашна юккъахь, шен бIегIийла берш хаьржинера.

Царна юккъахь ву, махкахь воьвзуш волу театран актер а, суртдиллархо а Исраилов Хож-Баудди. Цо дийцира Маршо радиога, оцу фильмах а , актерехъ а , цуьнан чулацамах а.

Исраилов Хож-Баудди: «Ден дог» аьлла цIе а йолуш, Депардье Жерар юккъахь а волуш йоккхуш кино ю. Чулацамехь, цуьнана кIант Францера Москоха вогIу. Цигахь, цхьана тобанах а кхетий, иза вера нисло. Шен кIант лаха Москоха вогIу Депардьен турпалхо. Дуукха а оьзда нохчийн нах а боьвза цунна. Вай кхаа театрера актераш а бу цу кино чохь хира болуш. 15, я 12 валахь а ву».

Нохчаша кIантах ваьллачу стагана гIо дар коьрта агIонне диллина хиллехь а, Москохахь, цу юккъахь нохчий бу бохуш васташ ловзо оьрсийн актераш хIитто гIерташ хилла, амма, режиссеран шена лиъна, нохчийн артисташца болх бан, бохуш кхин дIа а дийцира Исраилов Хож-Бауддис.

Исраилов Хож-Баудди: «Кино Нохчийочхь а йоккхура ю, Москохахь а ю. Режиссер гIараваьлла францера верг ву-Мартинес Филипп. Цо дуккха а кинош яьхна, гIарабоьла актераш а болуш. Кастинге ша веънера иза. Цо бахара, нохчийн меттана шен оьрсий бара Москохахь билгалбаьхна, амма, нохчийн актераш гIоле хетта цунна. Вай актераш васт чIогIа ловза йо бохура цо. Вай актераш чIогIа хаз бу бохура цо».

Нохчийн актераш, ингалс маттахь ловзора ю шайн васташ. Къамел, къаьсташ хила ца деза, и мотт ненан болчарах, аьлла, хIинца мел волу нохчийн актер а ву иза Iамош. ХIокху шарахь шен кхоллараллийн 40 шо кхочучу Исраилов Хож-Бауддинна а тIедоьжна иза.

Ша дукхачу хьолехь, театран актер волчу Исраилов Хож-Бауддин, дукха хена дуьйна лууш дара, кино чохь васт ловзо. ХIина шена Дала беллачу оцу аьттонах вокхвеш ву иза.

Исраилов Хож-Баудди: «Ишшта аьтто суна цкъа а хилла яц. Театрехь балхахь ву со, амма, кино чохь цкъа а ца ловзийна ас васт. Суна хазахеташ дерг ду, и францийн актер а , режиссер а веана, со юккъелацар. Суна дозалла хета иза. Вай нохчийн актерш а боьвзара бу. Мартинес бохура, шена гIо оьшу тхоьгара. Аш дика гайтахь, ша кхечу кинош а бохура бу шу, элира цо. Со башха хаза вацахь а, сан типаж чIогIа дика ю элира цо».

ХIокху аьхкенна яьккхина яла езаш ю «Ден дог» цIе йолу и фильм. Иза яьккха дагадеанчу Депардье Жерара, дош делла, доьххьара цуьнан премьера Нохчийчохь хира ю аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG