Малхбузерчу Мосулехь дуьненаюкъарчу коалицин кеманаш хIаваан тохар дина вийна “ДаIишан” тобанан шиъ Оьрсийчуьра буьйранча, хааме доккху znaij.us агIоно. Alsumaria канало хаамбарца, кеманаша тохар динера 3 ДаIишан тIемало чохь волчу машенна. Вийначех цхьа гIаскхи вара – Абу Хузайфа, шолгIаниг – Абу Тамара, нохчо вара. Иза вара ДаIишан леринчу тобанашна урхалла деш. Вийна кхоолгIаниг – аль-Матьюти, муьлхачу къомах вара ца дуьйцу цу хаамийн гIирсо.
Нохчийн буьйранча вийна боху Мосулехь
