ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

COVID-19 ун даьлларш алсамбевлла Оьрсийчохь юха а


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Оьрсийчохь COVID-19 яржарх лаьцна тIаьххьарчу дийнахь-буса дина зераш довзийтина шоьтан дийнахь пандемица къийсам латточу Оперативан штабо, аннекси йина ГIирма а юкъалоцуш. Керла ун даьллачрш бу 57 эзар сов, белларш - 681.

Штамм "омикрон" къаьстина Оьрсийчоьнан 63 регионехь. Керла "дельта" вирус кхеттарш бу 52 процент, "омикрон" а, кхинйолу яккхий шттамаш а яьржина 48 процент бахархошлахь.

Цхьна 24 сахьтехь Москвахь 14 094 керла пациент къаьстина, Петербургерхь 8 451, Подмосковьехь — 6 400.

Йоллу пачхьалкхехь дарбан хIусамашкахь охьабехкина тIаьххьарчу дийнахь-буса 10 эзар гергга (9 902) пациент. Де хьалха хиллачул 8,5 процент алсам бу уьш.

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь велла коронавирусан уьнах 42 дархо, керла цомгашчарна тIекхетта кхин а 2 636 стаг.

Официалан зерашца, Ставрополан кIоштахь велла 14 стаг, Краснодаран махкахь исс, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Адыгейхь а, Къилбаседа ХIирийчохь а виъ-виъ, ГIалгIайчохь а, Дагестанехь а, Нохчийчохь а шишша кхелхина, ГIалмакхойчохь — цхьаъ.

Пандеми яьржичхьана велла Къилбаседа Кавказехь COVID-19 вирусах 31 007 пациент.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG